Дарта

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха
Darta

Darta, Дарта (инглс. Golden Eagle), оьрс. Беркут) — Готтийро тIемаш а долуш, деха цIога а долуш йоккха аьрзу ю иза. И тайпа аьрзунаш ю дозанал арахьа Малхбузехьа Европехь а, Азехь а, Гималайна къилбаседехьа агIор а, Къилбаседехьарчу Iамерикехь. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь а ю дарта-аьрзунаш. Баннаш а дина тойна доккхачу хенахь ламанца хуьлу уьш. Цул тIаьхьа лаха аренашкахь а, хьаннашкахь, хин тогIешкахь массо а меттехь хуьлу. Наггахь бен гуш яц уьш.

  • Баннаш адам тIе ца кхочехь ламанан даккъашкахь, я лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Даимана шишша цхьана хуьла дарта - стен, боьршан. Дарта тойна даккха йолало 4-5 шо кхаьччи. Бен дакъаделлачу диттийн синтарех бо цо. ХIоьаш март-апрель баттахь до I-2. КIай хуьлу уьш, ал бос бетталуш цIиэ тIедарчий а долуш. Тойна 45 дийнахь доккху. 2 бутт баьлчи йовддург хуьлу кIорнеш. Даар котамаш, кхин долу олхазарш, пхьагалаш, цхьогалаш ду церан. Iай еллачу бежанийн дилх доу цара.
  • Вайн республикехь наггахь бен яц дарта. ЧIаьнтийн-Органе новкъахь шиъ тосаелла, Рошничохь цхьаъ, Эвтар юьртана лакххьа цхьаъ тосаелла. Теркал дехьа гIамаран аренашкахь шишша цхьана йолуш итт гина. Ламанан лакхенашкахь Таргим олучу меттехь шиъ тосаелла. Ламанца баннашкахь 10-12 тосаелла. Уьш кIезиг хиларна ларо езаш ю. Мегар дац и тайпа аьрзунаш йолчу метте дIовш дилла а гур богIа а.

Чулацам

[нисйé] Súrtaş

[нисйé] Ḣaźa. qin

[нисйé] Bilgaldaqqar

[нисйé] Ḣaźorigaş

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш