Головлёв, Алексей Алексеевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Головлёв Алексей Алексеевич
Вина терахь 1956 шеран 23 май({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (67 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала НГӀАССР, ССРС
Пачхьалкх
Ӏилманан кхоче географи
Белхан меттиг СПЭУ
Ӏилманан дарж географин Ӏилманийн доктор
Альма-матер НГӀПУ
МЛИИ
Ӏилманан куьйгалхо Чупахин В. М. (МЛИИ)
Воьвзу сана географ,
Кавказан Ӏаламан талламча,
Самарин мохкӀаморхо

Головлёв Алексе́й Алексе́евич (1956 23 майхь; ССРС, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Соьлжа-ГӀала) — советийн а, российн а географ. Географин Ӏилманийн доктор, доцент, Самарин пачхьалкхан экономикин университет экологин а, дахаран кхерамазаллин а кафедран профессор. Кавказан Ӏаламан талламча, Самаран мохкӀаморхо. Цхьа могӀа Ӏилманан-талламан монографин а, тайп-тайпана Ӏилманан арахецаршкахь дуккха йаззамийн а автор.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Советийн мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

1973 шарахь Головлёв Алексея чекхйаьккхира йуккъера йукъарадешаран ишкол Соьлжа-ГӀалахь, цул тӀаьхьа деша хӀоьттира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет биологин-химин факультетан географин декъе. Студент волуш, цунах 1974 шарахь хилира ССРС географин йукъараллин Нохч-ГӀалгӀайн декъан боккъала волу декъашхо.

1978 шарахь Головлёвс тӀехдика чекхйаьккхира НГӀПУ географин факультет, цул тӀаьхьа хьажийра географин а, историн а хьехархо балха НГӀАССРн Советийн кӀоштара Итон-Кхаьллан йуккъерачу ишколе, ткъа цул тӀаьхьа хьийхира Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Шинасуьйра-йукъарчу йуккъерачу ишколехь. Цул сов, 1979 - 1981 шерашкахь Головлёвс дийшира ССКП Соьлжа-ГӀалин гӀалин комитетера Марксизман-ленинизман университетан пропагандистийн факультетан Ӏилманан Ӏосаллин декъехь, цигахь цунна йелира лакхара политикин говзалла партин дешаран системехь.

1985 шарахь Головлёвс Нохч-ГӀалгӀайн областан туризман а, экскурсин а советан Соьлжа-ГӀалин новкъалеларийн а, экскурсийн а бюрохь чекхйехира экскурсилелоран курсаш. 1985 шеран февралехь иза хӀоттийра НГӀПУ экономикин географин кафедран ассистент. Оцу шеран сентябрехь Головлёв дехьаваьккхира оццу дарже физикин географин кафедре, ткъа 1988 шеран октябрехь ― НГӀПУ рационалан Ӏаламлелоран а, Ӏалам Ӏалашдаран а кафедре.

1980-гӀа шерашкахь Головлёвс кхин а дийшира дуьхьала а воцуш Москохан латтанисдаран инженерийн институтан аспирантурехь, 1987 шеран 27 мартехь «Нохч-ГӀалгӀачоьнан аридан боьрийн ландшафташ йуьртабахамех латтан ресурсех пайда эцаран перспективан зӀенаш» теман диссертаци чекхйаьккхира географин Ӏилманийн кандидатан Ӏилманан тӀегӀа йоккхуш (йелира 1987 шеран августехь). 1989 шеран ноябрехь иза хаьржира доцент дарже, ткъа 1991 шеран сентябрехь цунна йелира рационалан Ӏаламлелоран а, Ӏалам Ӏалашдаран а кафедрера Ӏилманийн доцент цӀе.

Советал тӀаьхьара мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

1994 шеран январехь Головлёв, НГӀПУ балхара дӀаваьлла, кхелхира Краснодаран махка, цигахь балха хӀоьттира Отраднин университете (пачхьалкхан йоцу лакхара дешаран меттиг) доцент дарже, оцу хенахь ректор вара НГӀПУ Ӏилманан белхан хилла проректор доцент Касаков А. И.. Чолхе хьал хиларна Головлёвн дийзира болх бан «вахтан» хьесапца, Соьлжа-ГӀалара самаре воьдуш, йуха вогӀуш, иштта Соьлжа-ГӀалара дӀакхалха дийзира цуьнан гергара нах а.

1996 шеран июлехь Головлёв Самарин пачхьалкхан экономикин университетан арахецаран ницкъаш дӀанисдаран кафедре доцент дарже ийцира (тӀаьхьа цунах йина экономикин а, социалан а географин кафедра). 2005 шарахь болх бира экономикин а, социалан а географин кафедрехь иза 2011 шарахь дӀайаккхалц.

2005 шеран 23 декабрехь Головлёвс географин Ӏилманийн докторан Ӏилманан тӀегӀа яккха «Нохчийн Республикин ломан ландшафташ а, царех пайда эцаран башхаллаш» цӀе йолу теман диссертаци чекхйаьккхира (йелира 2006 шеран 14 апрелехь). 2007 шеран апрелехь дуьйна профессоран даржехь болх бира Самарин пачхьалкхан экономикин университетан экономикин а, социалан а географин кафедрехь, 2012 шарахь ― къоман экономикин а, Ӏаламан ресурсийн а кафедрехь, ткъа 2012 шарахь дуьйна ― экологин а, дахаран гӀуллакхан кхерамазаллин а кафедрехь.

ХӀинца Головлёв жигара Ӏамош ву Жигулин лаьмнашца геологин йукъаралла йолу Лечийн лаьмнийн а, ломан Нохчийчоьн а Ӏаламаш.

Головлёв Алексейн коьрта библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Диссертацеш
Жайнаш
  • Почвы Чечено-Ингушетии (Грозный, 1991, 349 с.) — в соавторстве с Н. М. Головлёвой.
  • Природно-ресурсный потенциал горной Чечни: Проблемы хозяйственного освоения, восстановления и охраны ландшафтов (Ульяновск, 2007, 294 с., ISBN 978-5-91308-026-4)
  • Очерки о Чечне: Природа, население, новейшая история (Ульяновск, 2007, 295 с., ISBN 978-5-91308-014-1)
  • Историко-географический очерк станицы Грозненской: Страницы из прошлого репрессированной казачьей станицы (Ульяновск, 2009, 116 с., ISBN 978-5-904431-08-2)
  • Методические указания к написанию контрольных работ по дисциплине [Почвоведение] (Ульяновск, 2010, 120 с., ISBN 978-5-904431-33-4)
  • Н. С. Щербиновский как исследователь самарской природы (Ульяновск, 2010, 112 с., ISBN 978-5-904431-42-6)
Дешаран пособеш
  • Природа Самарской области: Краснокнижные растения и животные, их охрана, биологические ресурсы (Ульяновск, 2008, 251 с., ISBN 978-5-91308-073-8)
Дошамаш
  • Словарь понятий и терминов по физической географии, экологии и природопользованию (Ульяновск, 2011, 431 с., ISBN 978-5-904431-60-0)
Йаззамаш

Йаззамийн зорбатоьхна ишттачу журналашкахь: «Самарская Лука: проблемы региональной и глобальной экологии» (ИЭВБ РАН), «Вестник Самарского университета. Естественнонаучная серия» (СНИУ им. академика С. П. Королёва), «Историческая демография» (ИЯЛИ Коми НЦ УрО РАН), «Экологический мониторинг и биоразнообразие» (ТюмГУ), «Фиторазнообразие Восточной Европы» (ИЭВБ РАН), «Известия Самарского научного центра РАН» (СамНЦ РАН), «Вестник Тамбовского университета. Сери: Естественные и технические науки» (ТГУ им. Г. Р. Державина), «Поволжский экологический журнал» (ред. журн.), «Нефтяное хозяйство» (ред. журн.), «Русский орнитологический журнал» (ред. журн.), «Самарский научный вестник» (СГСПУ), «Региональное развитие» (СГЭУ), кхин а, тайп-тайпанчу Ӏилманан белхийн гуламашкахь.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]