Бесбесарг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бесбесарг
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Cyanistes caeruleus Linnaeus, 1758
Синонимаш
  • Parus caeruleus
Ареал
сурт

     Тоба caeruleus

     Тоба teneriffae
Ларйен статус

Ма-дарра бесбесарг, йа баьццара бесбесарг, йа деккъа бесбесарг[1], йа сийна цӀирцӀирхьоза[2] (лат. Cyanistes caeruleus), — Европера, Малхбузен Азера, Къилбаседа-Малхбузен Африкера субтропикин, барамера, субарктикин асанашкахь къегина-можа месаш йолуш, шуьйра даьржина жима цӀирцӀирхьоза. Ӏаламехь деха, дукхаха дерг, гӀаш долу а, ийна а хьаннашкахь, алсама ножан а, кӀайчу докхан а. Дика доьлла культивацин ландшафтийн хьелашка, кӀезиг ца деха бошмашкахь, паркашкахь, сих-сиха ган тарло гуйнашна гергахь. Малхбузен Европехь дукха хуьлу гӀалахь дехарш а. Кхера а ца луш адам дикка герга тӀедуьту.

Дебачу шеран заманахь дуу деккъа дийнатийн докъар — сагалматаш а, гезгаш а. Гурахь а, Ӏай а дааран декъехь хуьлу хуш а, кхин ораматийн кхача а. Бен бо диттийн харанашкахь, лаамца тӀеоьцу адамо дина бенаш.

Систематика а, бухара кепаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къона олхазар

Ма-дарра бесбесарган Ӏилманан сурт хӀоттийна Линней Карла 1758 шеран шен Ӏаламан системин 10-гӀа арахецарехь[3]. Оццу хенахь кепана Ӏилманан цӀе тиллира Parus caeruleus — бесбесаргаш цӀирцӀирхьозанийн доьзалера ду, ткъа Cyanistes цӀарца билгалдоккхура морфологин хьесапашца тера цхьаьнатоьхна кепийн бухара тайпа. И классификаци хӀинца а лелайо цхьацца говзанчаша, царна йукъахь бу российнаш а. 2000-гӀа шерийн хьалхарчу декъехь америкин орнитологаша генетикин талламаш бира, цара гайтира бесбесаргийн а, доьзалан дисинчу декъан а мтДНК къастар, цуо бух биллира Cyanistes ша тайпа долуш иза къасторна[4].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Бёме Р. Л., Флинт В. Е. Пятиязычный словарь названий животных. Птицы. Латинский, русский, английский, немецкий, французский / Под общей редакцией акад. В. Е. Соколова. — М.: Рус. яз., «РУССО», 1994. — С. 367. — 2030 экз. — ISBN 5-200-00643-0.
  2. Лазоревка // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. C. Linnaeus. Systema naturae per regna tria naturae, secundum classes, ordines, genera, species, cum characteribus, differentiis, synonymis, locis. Tomus I. Editio decima, reformata. — Holmiae. (Laurentii Salvii), 1758. — С. 190.
  4. Frank B. Gill, Beth Slikas, Frederick H. Sheldon. Колонизация и диверсификация обыкновенной лазоревки (Parus caeruleus, группы teneriffae) на Канарских островах (en) = Phylogeny of titmice (Paridae): II. Species relationships based on sequences of the mitochondrial cytochrome-b gene // American Ornithological Society. — 2005. — Vol. 122, no. 1. — P. 121—143.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]