Берекет, Адем

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Адем Берекет
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг[d]
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар[d]
Клуб Истамбул Буюкшехир Клуб
Вина терахь 1973 шеран 19 июль({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (50 шо)
Вина меттиг

Адем Берекет (турк. Adem Bereket; вича тиллина цӀе — Адам Асхабович Барахоев; 1973 шеран 19 июль, Куртат, Къилбаседа-ХӀирийн Автономин Советийн Социалистийн Республика[1]) — цкъа хьалха Российн, кхано Туркойн паргӀат кепар латархо, Российн чемпион, Европин а, дуьненан а, дуьненан Кубкан а, Олимпиадан а совгӀатхо.

Спортан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жима волуш Барахоев футболах а левзира, дзюдо лата а эмира, цул тӀаьхьа волавелира паргӀат кепар латар Ӏамадан. 10 шо кхаьчча дуьйна иза волавелира латар Ӏамадан. Цуьнан хьалхара тренер вара Куртат юртан физкультуран хьехархо Алаудин Алиевич Барахоев. Деа шарахь иза шен юртара БуритӀе оьхура тренировке. Цхьа хан ялча иза БуритӀе Ӏан дӀавахара. Цигахь цо латар Ӏаминера «Спартак» цӀе йолу спортан йукъараллехь. Цигахь цуьнан тренер вара Хасан Владимирович Апаев. Барахоев 3-за хилира Къилбаседа ХӀирийчоьн чемпион а, 2-за — Къилбера Российн чемпион а. 1990 шарахь иза Дмитрий Миндиашвилис кхайкхина Красноярске дӀавахара. 1993 шарахь Улан-Удэхь Барахоевс Российн Кубок йаьккхира. 1996 шарахь Тулехь иза Российн чемпион хилира финалехь Дагестанера Насыр Гаджиханов эша а вина. Оццу шарахь Тегеранехь цо дуьненан Кубкехь дети мидал йаьккхира.

Барахоеван хаьара Олимпиадехь латаран йиш шен хирйоций. Австралис а, Кипрас а, Казахстанас а, Турцис а терго йира Барахоеван. Адам Турце дӀавахара цигахь шен Олимпиадан кечам бан йиш хирйолудера. Цигахь цуьна цӀе хийца дизира. Цуьнан керла цӀе йу Адем Берекет («Беркат»).

2000 шарахь Сиднейхь хилла Олимпиадехь Берекетс 4-гӀа меттиг йаьккхира. Амма цхьа хан ялча Олимпиадан чемпион хилла волу немцоийн латархо Александр Лайпольд допинг леладар гучудаллера. Цундела цуьнгара мидал схьайаьккхира. Цул тӀаьхьа мидалш йухайекъча Берекетан борзан мидал кхечира.

2004 шарахь Берекетан Афинашкахь хилла Олимпиаде вахар ца хилира цуьнан белш лазайаран бахьнехь. Цунна операци йира. Операци дика чекхъелира. 2004 шарахь иза Турцин чемпион хилира. Лоьраш шега алар бахьнехь цо спорт йитира. Цу шарахь Турцин Олимпиадан комитетас цунна пачхьалкхан тоьлчарах спортхо ву аьлла совгӀат делира.

Спорт йитинчултӀехь Адам тренеран болх бан волавелира. Иза а, цуьнна хьалха хилла тренер Хасан Апаев а Турцин гулйина тоба Ӏамаян болабелира. 2005 шарахь Адам хӀоттийра Турцийн гулйина паргӀат кепар латаран тобан коьрта тренер. 2007 шарахь Турцин гулйина тоба (1989 шо дуьйна тоьллча кхаа тобанан йукъа ца йахана йолу) дуьненан чемпионатехь 2-за меттиг йаьккхира, Российн гулйина тобан бе шел хьалха ца йолитуш. 2007 шарахь Адам хилира ФИЛА гулйина тобанан тренер. Адаман лаьара Олимпиадан чемпион кечван. Цунна къийсамашкахь гира Рамазан Ирбайханов, Хасавюртера нохчий. Цо Ирбайханов Турце кхайкхира. Цигахь и шиъ цхьана болх бан волавелира. Ирбайхановс Турцехь Шахин («леча») керла фамили ийцир. 13 баттахь Берекетца цхьана болхбича Шахин хилира Европин а, дуьненан а, Олимпиадан а чемпион. 2008 шарахь Адаман йелира «Турцийн Сийлахь тренеран» цӀе. Цуьнца керла контракт йира 2-гӀа Олимпиадан циклан — иза туркойн спортехь хьалххе хилла ду. 2008 шеран ноябрехь Адам лерира дуьненан тоьлла тренер. 2011 шарахь цо йитира Турцин гулйина тобанан тренеран меттиг.

Иштта Берекетас кечвина Селим Яшар. Яшар ву дуьненан чемпионатийн совгӀатхо а, 2016 шарахь Рио-де-Жанейро хилла Олимпиадин дети совгӀатхо а серебряным призером летних Олимпийских игр 2016 года в Рио-де-Жанейро, где в финале уступил россиянину Абдулрашиду Садулаеву.

Доьзалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цуьнан доьзаллехь 11 бера дара: 5 кӀант а, 6 йоӀ а. Барахоев вара шен доьзаллехь 10-гӀа бера. Адаман 3 шо кхаьчча цуьнан да велира. Барахоевс чекхйаьккхира Красноярскан пачхьалкхан университетан физкультуран факультет.

Спортан кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Россиегхьа[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1996 шеран дуьненан Кубок — 2
  • 1996 шеран Российн чемпионат — 1

Турцегхьа[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1999 шеран дуьненан чемпионат — 3;
  • 2000 шеран Европин чемпионат — 2;
  • 2000 шеран аьхкенан Олимпиада — 3;
  • 2003 шеран Европин чемпионат — 15;

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Ялхароева М. Лучший тренер мира по вольной борьбе // Дош / под ред. И. М. Шовхалов — 2009. — вып. 2 (24).

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]