Ахтаханов, Руслан Абуевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Ахтаханов Руслан Абуевич
Ахтаханов, Руслан Абуевич.jpg
Вина

14 мартехь 1953({{padleft:1953|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})

Вина меттиг:

ЧIуьлга-Юрт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Кхелхина

15 ноябрехь 2011({{padleft:2011|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (58 шо)

Кхелхина меттиг:

Москва, Росси

Корматалла:

поэт

Гражданалла:

СССР СССРРосси Росси

Да:

Абу

Бераш:

3 йоӀ, кӀант

Ахтаха́нов Русла́н Абу́евич (1953 шаран 14 март — 2011 шаран 15 ноябрь) — нохчийн поэт, Российн яздархой Союзан декъашхо, Артём Боровик цӀарах йолу премин лауреат, Вайн хенан гуманитарный академин проректор.

Руслан Ахтаханов вина 1953 шаран 14 мартехь Знаменское юртахь. Цо чекхъяккхира Москван кхачанан институт.

ЦӀа веанчул тӀехь цо болх бира кхачанан комбинатехь. Кхоно оцу комбинатан директор хилира иза. ПаргӀата волучу хенахь цо байташ язйора.

1990-гӀа шарашкахь Ахтахановс кхоьллира Москвахь шен кхачанан тӀетухургаш а, диабет цомгуш чарна оьшуш йолу хӀумнаш арахоьцуш фирма.

Цо кхоьллира Демократин хьалхатаӀаме парти. Оцу партис вовшахтуьхира лааме, дуьненан демократин пачхьалкх я лууш болу нохчийн юкъараллин гӀуллакхой. Доку Завгаев дарже кхаьчча парти оппозици елира. Аслан Масхадов ДПП цхьаболу гӀуллакхойн правительствехь цхьацца меттигаш елира.

Экономикан хаттарашна консультациш лору Джохар Дудаевна а, Аслан Масхадовна а. Латвехь Дудаеван махбаран векал вара.

Лачкъа а вина 47 де зинданехь деккхира цо. Лачкъин чул тӀехь поэзин алсама хан яйа волавелира иза.

2009 шарахь цунна делира Артём Боровик цӀе йолу хӀора шаран луш йолу премин лерина совгӀат «За твердую интернационалистскую позицию в жизни и творчестве». И совгӀат делира цуьна байтам гуламех «Горжусь Чечней, героев подаривших миру».

Руслан вевзуш вара Нохчийн Республика Российн юкъахь йисарна хила лууш хиларна. Цундела сепаратисташ цунна чӀогӀа реза бацар.

Вина 2011 шаран 15 ноябрехь буьйсанна юккъехь масийттуза тапча тоьхна.

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Цуьна бисина кхо йоӀ а, цхьа кӀант а.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]