Азербайджанан истори

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Азербайджанан истори — ширачу заманара таханлера денош кхаччалц йолу Азербайджанан истореш. Азербайджанан махкахь нах охьахевшина палеолитан заманахь дуьйна (хьалхара адамаш лаьттина меттигаш карийна Азыхан хьехахь, Гобустанехь и кх. дӀа). I бӀешерера вайн эрера V бӀешо кхаччалц хӀинцалера Азербайджанан махкахь йара полиэтносан паччахьалла Кавказан Албани (387 шо кхаччалц Кура эркан аьрру берд тӀехь бен йацара), Куран аьтту бердан областаш (Арцах а, Утик а) йукъахь хилла Йоккха Эрмалойчоьн, ткъа къилба-малхбален регионаш йукъайолхара эрмалойн провинцин Пайтакаранна а, Атропатенина а. IV бӀешарахь дуьйна Эрмалойчоьнан пачхьалкхан дин хуьлу керсталла, тӀаккха эрмалой буьйлало керсталлин дин кхайкхо Кавказан Албанехь.

VIII бӀешарахь эрмалойчоьнан, Албанин, Атропатенин мехкаш йукъахь дара Ӏаьрбийн халифатан, регионе чудан доладелира ислам а, исламан оьздангалла а. Халифат йоьхначул тӀаьхьа кхузахь кхоллало цхьа могӀа феодалан пачхьалкхаш (Ширваншахийн, СаларигӀеран, СаджигӀеран, ШеддадгӀеран, РаввадгӀеран).

XI бӀешарахь и мохк Сельджукийн империн Ӏедалан кӀелайоьда, тюркийн тайпанаш кхалхар бахьнехь йолало регионан шира бахархойн тюркизаци (албанийн а, иранан а тайпанаш, эрмалой), цуо йолайо азербайджанийн этнос колладаларан процессан йуьхьиг[1], иза чекхйолу коьртаниг XV бӀешо чекхдолуш[1]. XII бӀешарахь Арранан мохк ИльдегизгӀеран пачхьалкхан йукъабоьду. XIII бӀешарахь монголаш тӀелата болало. ХӀинцалера Азербайджанан мохк ХулаггӀеран а, ТимаргӀеран Ӏедалан карабоьду, уьш гӀелйелча регионехь даьржа туркоманийн пачхьалкхийн Кхара-Коюнлун а, Акх-Коюнлун а Ӏедал даьржа. XVI бӀешо долалуш Чоьхьара Кавказ СефевидгӀеран пачхьалкхан йукъайоьду. 1747 шерера XIX бӀешо доладаллалц йара дуккха а этносех лаьтта ахмаьрша азербайджанийн ханаллаш. XIX бӀешо долалуш, цхьаьна хенахь ханаллаш дӀалаьцна мехкаш, дехьадовлу Российн импере. Схьатоьхна мехкаш доькъу губернешка а, уездашка а.

1918 шарахь импери йоьхначул тӀаьхьа Малхбален Чоьхьара Кавказан махкахь маршо кхайкхайо Азербайджанан Демократин Республика (1918 шо кхачале азербайджанийн, луларчу гуьржийн а, эрмалойн а санна (цара шеш лорура бӀешерашкара къоман ламасташ дӀакхоьхьурш), шайн паччахьалла ца хилла, Чоьхьара Кавказан бусалбачарна шеш бусалбачу дуьненан хӀоттаман дакъа, умма, хетара, [2][3]). 1918 шо кхачале «Азербайджан» йукъабоьдура коьртаниг Аракс эркан къилбехьара мехкаш, ткъа хӀинцалера Азербайджанан мехкан ладаме дакъа историн агӀора дӀалоцура коьртаниг Арран а, Ширван а областаша. 1920 шеран апрелехь кхуллу Азербайджанийн ССР, 1936 шарахь дуьйна йукъайоьду ССРСн. 1991 шарахь Азербайджанан Республико маршо а кхайкхайой ССРС йукъара арайолу.

ЦӀе схьайалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исторел хьалхара мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ашелан иэсан Гараджин хан ло 1 млн — 800 эз. сов шерера 500 эз. шо кхаччалц[4][5]. Азыхан хьех чохь карийна пренеандерталхочун лахара мочхала (азыхантроп), карийна йагийначу цӀеран ларраш, кхин а тӀулгаш карийна къовкъаран тачин гуонаха Ӏихкина, иза Ӏилманчаша лору кхерчан йуьхьанцара кеп. Хан — 600—700 эз. шо[6][7].

Шира истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хараба-Гилянера Атропатенин Дарийн(ингалс.) детин драхма. Азербайджанан историн музей (Бакох)

Таханлера Азербайджанан махкахь уггаре хьалхарчехь цхьа пачхьалкхан кхоллам хилла Скифийн паччахьалла — Ишкуза[8][9][10][11], иза лаьттина коьртаниг Аракс эркан къилбаседехьа, амма кхин а цунна къилбехьара латтанаш а йукъатоьхна хилла.

ХӀокху заманан Азербайджанан мехкан Аракс эркан къилбехьа лаьтта дакъа йукъадоьдуш хилла Мидин паччахьаллин[12], ткъа вайн эрал VI бӀе шо хьалха Чоьхьара Кавказ йукъайахара АхеменидгӀеран пачхьалкхан. АхеменидгӀеран импери Миди Атропатена (гӀаж. Мад-и-Атурпаткан, Атропатовн Миди йоьжначул тӀаьхьа, Македонера Искандар тӀелеттачул тӀаьхьа Мидин къилбаседа декъахь ала долийра Атропатена, цигахь шена паччахьалла йиллира тӀаьххьара ахеменидгӀеран Мидин сардало, Атропата (Атурпатак). Антикаллин авторша кхин цӀе а олу — Жима Миди. Географин агӀора Миди Атропатена лаьттина хӀинцалера Иранан Азербайджанан махкахь а, Азербайджанан Республикин къилба-малхбален кӀошташкахь Иранехь, доза дара Араксца[13].

Кавказан Албани[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кавказан Албанин мохк 387 шо кхачале, йукъара тӀеэцначу Ӏилманан ойланца

Таханлера Азербайджанан Республикин мехкан доккхаха долчу декъехь вайн эрал I эзар шо хьалха даьхна кавказан албанхой цӀарца девза тайпанаш. Оцу тайпанаша буьйцура дукха дерг лаьзгийн тобанан нехан-дегӀастанан меттанаш (хӀинцалера лаьзгийн шайн цӀе схьайаьлла легех — албанин бертан цхьаьна тайпанах[14]). Албанийн (гаргарейн) йозанан меттан когаметтаберг бу Кабалаки кӀоштан мотт, иза лору удинийн мотт. Ширажелтойн историк-географан Аррианан хаамашца, албанхой дуьххьара историн арене бовлу вайн эрал IV бӀешо хьалха. Ӏилманчашна хетарехь, уьш ахеменидгӀеран Мидин сардалан куьйгакӀела бара, ткъа АхеменидгӀеран пачхьалкх йоьжарца —Атропатенин паччахьийн. Схьагарехь, вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш Кура эркан къилбаседехьа кхоллало, пачхьалкхан кхолламан аматаш эца болабелла албанийн тайпанан барт[15]. К этому времени албаны уже имели отделённое от народа войско и тяжёлую конницу[16]. Страбона вайн эран I бӀешарахь буьйцу албанхой иштта:

« «Албанхойн алсама хьуьнара ду даьхний лелоран, лаьтта кхерстачарна герга; амма уьш акха бац, цундела башха тӀемлой бац. Уьш беха иберихошна а, Каспий-хӀордан а йукъахь; малхбалехьа церан мохк хӀордаца бу, ткъа малхбузехьа иберихошца. (...) Адамаш цигара къастало хазаллийца а, локхаллийца а, цуьнца цхьаьна уьш кура а, пис а боцуш бу. Церан лелош зорбатоьхна нахарташ дац, 100 сов ца девзаш, цара хийцарца махлелабо. Кхечу дахаран гӀуллакхашна уьш сагатдеш бац. Нисса барам а, терза а царна ца девза. ТӀеман а, пачхьалкхан хӀоттаман а, латталелоран а белхаш бала боцуш леладо. Амма тӀом бо цара гӀаш а, говрахь а, дайн а, деза а герзашца эрмалойх тера. (...) Албанхоша лелайо герз: цамзанаш, пхенан Ӏодмаш, гӀагӀнаш, даккхий деха турсаш, ткъа кхин а иберихоша санна акхаройн цӀоканан гӀемаш. (...) Церан паччахьаш а дика бу. Бакъдерг дийцича, церан хӀинца, массо а тайпанашна урхалла деш цхьа паччахь ву, хьалха шайн мотт болу тайпанан шайн паччахь хуьлура. Церан 26 мотт бу, вовшех иэн ца ло уьш. (...) Албанхойн къаналла чӀогӀа сийлахь йу, ден-ненан хилла ца Ӏаш, амма кхечеран а. Беллачарна бен гӀайгӀа йа уьш дагалецар лору боьхалла. Беллачаьрца дӀабуллу берриг церан бахам, цундела, ден бахамах бевлла, беха къиен»[17]. »

Ламанан Карабахера дов[нисйе бӀаьра | нисйе]

2020 шеран 27 сентябрехь Ламанан Карабахехь болабелира боккха тӀом, иза лаьттира оцу шеран 10 ноябрь кхаччалц, оцу хенахь Азербайджанан президенто а, Эрмалойчоьнан премьер-министро а, Российн президенто а Ламанан Карабахехь 2020 шеран 10 ноябрехь дуьйна тӀом сацор дӀахьедаран тӀехь куьг йаздира[18]. ТӀамтӀехь Азербайджанийн эскаран карайахара 5 гӀала (Джебраиль, Физули, Зангилан, ГӀубадли, Шуша), 4 посёлок а, 240 йуьрт а, тергоне эцна азербайджанийн-иранан доза[19]. ДӀайаьстина регионера йерриг экономикин а, транспортан а уьйранаш. Цул сов Кельбаджарийн кӀошт Азербайджанан куьйгакӀела дӀайала йеза 2020 шеран 15 ноябрь кхачале (тӀаьхьуо эрмалойн агӀоно дехар дарца Азербайджан реза хилла и хан дӀататта 25 ноябрь кхаччалц), АгӀдаман кӀошт — 2020 шеран 20 ноябрь кхачале, Лачин кӀошт — 2020 шеран 1 декабрь кхачале[20].

Кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху АИ тIетовжаран йоза йаздина дац
  2. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Azerbaijani state тIетовжаран йоза йаздина дац
  3. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Шнирельман,33 тIетовжаран йоза йаздина дац
  4. В Азербайджане открыт новый ашельский памятник. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 10 декабрехь
  5. Кулаков С. А., Зейналов А. А. Первый топорик (hachereau sur éclat, flake cleaver) в ашеле Кавказа // Stratum plus. Археология и культурная антропология, № 1 / 2014
  6. Археология России Архивйина 2009-05-03 — Wayback Machine
  7. Нижний палеолит (ок. 2,4 мил. — 130 тыс. до н. э.). Олдувай Архивйина 2017-04-20 — Wayback Machine
  8. [http://historic.ru/books/item/f00/s00/z0000016/st070.shtml Урарту и закавказье. Киммерийцы и скифы
  9. Боханов А. Горинов М. История России с древнейших времен до конца XX века
  10. И. Г. Алиев. О скифах и скифском царстве в Азербайджане. Переднеазиатский сборник. М. 1979, вып. III
  11. Ионе Г. И. Мингечаурская разновидность наконечников стрел «скифского» типа. Сб. «Материальная культура Азербайджана», 1953, вып. 3, с. 81-97
  12. Media | ancient region, Iran (инг.). Encyclopedia Britannica. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 31 январь.
  13. «Восток в древности» Глава XXIX ЗАКАВКАЗЬЕ И СОПРЕДЕЛЬНЫЕ СТРАНЫ В ПЕРИОД ЭЛЛИНИЗМА
  14. Азербайджанан истори — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  15. Paulys Real-Encyclopadie der Classishenen altertums nissenshaft. Erster Band. — Кеп:Stuttg., 1894. — S. 1303.
  16. http://historic.ru/books/item/f00/s00/z0000017/st059.shtml «Всемирная История» 1956 г.
  17. Страбон. География, XI, 4.
  18. Subscribe to read | Financial Times. www.ft.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 17 ноябрь.
  19. Таймлайн конфликта в Нагорном Карабахе: от эскалации до первой попытки перемирия. ТАСС. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 17 ноябрь.
  20. Заявление Президента Азербайджанской Республики, Премьер-министра Республики Армения и Президента Российской Федерации. Президент России. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 17 ноябрь.
Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «ИДМ» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]