ТӀавап

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

ТӀавап, ТӀаваф (Ӏаьр. طواف‎‎‎‎) — хьаьж доьхкучу хенахь, сахьтан цхьамзанна дуьхьал, Ӏадатан го баккхар ду. Хьалхара тӀавап до, Макка схьакхаьчча.

Даран къепе[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зияртхоша ворхӀазза сахьтан цхьамзанна дуьхьал го боккху. КаӀбатан го боккхучу хенахь, цуьнан «Ӏиракъан» а, «йеменан» а маьӀигаш йоллучохь, доӀанаш до. И чекхдаьлча, цара КаӀбатан уллохь АллахӀ-деле шайн къиношна гечдар а доьхуш, Къуръанан ши сурат доьшу: «Цатешарш» а, «ЦӀоналла» а.

Фотогалерей[нисйе бӀаьра | нисйе]