Дела, Паччахь ларвехьа!
Дела, Паччахь ларвехьа! | |
---|---|
Дела, паччахь ларвехьа! | |
Боже, Царя храни! | |
Автор слов | Василий Андреевич Жуковский |
Композитор | Львов Алексей |
Мохк | Российн импери |
ЧӀагӀйина | 1833 |
|
1. Толаман стигал къовкъа! (официалан яц) (1791—1816) |
2. Оьрсийн дуIа (1816—1833) |
3. Российн импери «Дела, паччахь ларвехьа!» (1833—1917) |
4. Белхалойн Марсельеза (1917—1918) |
5. Интернационал (1918—1944) |
6. ССРС пачхьалкхан шатлакхан илли (1944—1991) |
7. Патриотийн эшар (1990—2000) |
8. РФ пачхьалкхан шатлакхан илли (2000 шарахь дуьйна) |
«Дела, Паччахь ларвехьа!» (Оьрсийн къоман дуIа) — 1833 - 1917 шерашкара Российн империн пачхьалкхан шатлакхан илли[1], хийцина хьалха хилла шатлакхан илли «Молитва русских» («Оьрсийн дуIа»).
1833 шарахь Львов Алексей Фёдорович Николай I-чуьнца цхьаьна вахара Австри а, Прусси а, цигахь массанхьа а император тIеоьцура ингалсан маршан аьзнашца. Императора ладугIура мелодега монархийн дакъа кхачарна бен а доцуш, цIехьа вирзича тIедиллира Львовн, шен уггаре уулерачу музыкантан, керла шатлакхан илли даккхар. Керла шатлакхан илли (музыка Львовн, дешнаш Жуковскийн) дуьххьара лекхира 1833 шеран 18 декабрехь (кхечу хаамашца — 25 декабрехь) «Оьрсийн къоман дуIа» цIе йолуш. 1833 шеран 31 декабрехь хилира Российн Империн официалан шатлакхан илли, керлачу цIарца «Дела, паччахь ларвехьа!», лаьттира 1917 шеран Февралан революци хиллалц.
Шовзткъа шо хан юкъайоьлча 1958 шарахь «Тийна Дон» фильмехь бен ца хезна советийн Российн и шатлакхан илли. 1903 шарахь Умберто Джоржанос юкъатоьхна шатлакхан иллин музыка шен «Сибрех» операн. Чайковский Пётр Ильича лелийна мелоди «Боже, Царя храни!» («Дела, паччахь ларвехьа!») № 31 Славянийн марш кхолламехь, 1812 шеран Даздаран Увертюрехь, ткъа иштта Александра III-гIачун таж тиллар хьокъехь Даздаран маршехь.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Соловьёв Н. Ф. Гимн // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.