Чулацаман тӀегӀо

Вайн эра

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Вайн э́ра, в. э. (ке́рла э́ран альтернативан расшифровка) — юлийн а, григорийн а рузманашца 1 шарахь дуьйна вайн замане кхаччалц болу карара заманан мур.

ЦӀе динан кепехь дукха лелайо «Ӏийса пайхамар винчу денна тӀера».

Нулан шо ца леладо дуьненан а, динан а нотацешкахь — иза схьадогӀа Сийлахь Бедан заманара, VIII бӀешо долалуш (ноль оцу хенахь лелаш а йацара оьздангаллехь). Амма нулан шо леладо Астрономин шеран нумерацехь а, ISO 8601 стандартехь а.

Дукхаха болчу Ӏилманчийн ойланашца, VI бӀешарахь руман мозгӀаро Дионисий Жимачо Ӏийса пайхамар وصلة= вина шеран тӀера лоруш, масех шо галвелира иза[1][2].

Йоза даржор

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Шераш дагардарехь вайн эра лелор даьржира Сийлахь Бедан тӀера,731 шарахь дуьйна. ТӀаьхь-тӀаьхьа Малхбузен Европин берриг мехкаш оцу рузмане дехьабевлира. Малхбузехь тӀаьххьара, 1422 шеран 22 августехь, керлачу рузмане дехьайелира Португали (испанин эрера дуьйна).

Россехь Константинополан эрин тӀаьххьара де хилира 7208 шеран 31 декабрь; Пётр I-чун омарца тӀаьхьара де официалан лорура керла шераш дагардаран хьесапца — 1700 шеран 1 январь.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Doggett, L.E., (1992), «Calendars» Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine in Seidelmann, P.K., The Explanatory Supplement to the Astronomical Almanac, Sausalito CA: University Science Books, p. 579.
  2. Bromiley, Geoffrey W. The International Standard Bible Encyclopedia(ингалс.). — Wm. B. Eerdmans Publishing(ингалс.), 1995. — ISBN 0802837816.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]