Эрзашкара цициг — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж робот тIетоьхна: ca:Gat de la jungla
ж робот хийцина: ru:Камышовая кошка
МогӀа 37: МогӀа 37:
[[no:Jungelkatt]]
[[no:Jungelkatt]]
[[pl:Chaus]]
[[pl:Chaus]]
[[ru:Камышовый кот]]
[[ru:Камышовая кошка]]
[[simple:Jungle Cat]]
[[simple:Jungle Cat]]
[[sk:Mačka močiarna]]
[[sk:Mačka močiarna]]

Верси 2010, 13 декабрь, 20:52

Файл:Felis Chaus.jpg
Эрзашкара цициг

нох. Эрзашкара цициг (оьрс. Камышовый кот) олу. Акха цициг ду иза а. Когаш тӀехь жимма лекхо ду иза. ДегӀан дохалла 50-90 см. ЦӀога 20-30 см. Лергаш тӀехь чо бу ирах бахана. ДегӀа тӀехь морсо чо бу. Бос можо-мокха бу. ДегӀ лахара сирло ду, букъ мокха бу. Букъа тӀехула таьӀно мокха сизаш ду.

Уьш хуьлу меттиг: Къилбехьара Ази, Афганистан, Иран, Юккъера Ази, Гергара Малхбале, Африкан цхьана декъехь, Малхбале Закавказехь Копет-Дагахь, Мургабски оазисашкахь, Вахшу, Пянджу, Аму-Дарья,Сыр-Дарья лахенашкахь. Вайн республикерчу Шелковской районехь хуьлуш ду и тайпа цицигаш. Церан лелар буькъчу эрзашлахь, коьллин кондаршлахь бецийн, шочан тоьлгашкахь, хӀурдан йистошца, хин тогӀешкахь ду.

Ижо буьйсанна лоха цара. Дийнахь а лела уьш ижонна тебаш. Акха нӀаьнеш, котамаш, акха бедаш, гӀезаш, лекъаш кхин долу олхазарш доу цара. Олхазарийн тойнеш а дохадо, кӀорнеш а йоу. Боларахь лела иза долалой. Дечиг тӀе хьала а долу. Ша ор даккхар к1езиг хуьлу цуьнан. Цхьогалан, кхин долчу экхано д1атесна бен схьалоцу цо. Январь-март баттахь оре дог1у иза. К1орнеш апрелехь-июнехь йо. КӀорнеш 2-10 хуьлу.

Хьажа. кхин

Хьажоригаш