Android
Android | |
---|---|
![]() | |
![]() Белхан стол ОС Android 9 Pie | |
Кечдархо |
Google, Open Handset Alliance |
Осан доьзал | Linux |
ДӀайолалун код | свободное и открытое программное обеспечение, проприетарные драйверы |
Дуьххьара арахецар | 2008 шаран 23 сентябрехь |
ТӀаьххьара верси | 5.0 Lollipop — 2014 шаран 15 октябрехь |
Пакетийн менеджераш | Google Play, Яндекс.Store, Amazon Market |
Долу меттанаш | оьрсийн а, кхин а |
Йолу платформаш | 32-бит а 64-бит а: ARM, MIPS, x86 |
Ядрон тайпа | монолитан модификаци йина ядро Linux |
Лицензи |
Apache v2 — пространство пользователя, GPL v2 — ядрон патчаш Linux[1] |
ДӀайолалун кодан репозитори |
android.googlesource.com android-review.googlesource.com/admin/repos |
Веб-сайт | android.com |
![]() |
Android («Андро́ид») — телефонашна а, планшетин компьютершна а, электронан жайнашна а, терахьийн проигрывательшна а, телевизоршна а, нетбукашна а, смартбукашна а лерина операционан система. ТIаьхьалонна и система машенашна а ян лаам бу. И операционан система Linux олучу ядро тIехь а, Google компанин шен долара Java Virtual Machine виртуальни машенан тIехь а кхоьллина ю. Кхолла йолийна хилла Android Inc. компанис, амма тIаьхьо цаьргара и кхоллам схьаэцна Google компанис. Цул тIаьхьа цо кхоьллина Open Handset Alliance (OHA) альянс, хIинца Android-н накъосталла а, иза кхин дIа кхиаяран а белхаш беш йолу.
Android ОС аьтто ло Java-приложенеш кхолла, Google библиотекашна чухула урхалла деш йолу. Ткъа Android Native Development Kit-н гIоьнца библиотекаш а, приложенин компоненташ а партировать яло, нагахь санна уьш я Си а, я кхечу программа хӀотторан меттанашкахь кхоьллина елахь.
2014-чу шеран шолгIачу кварталехь йоьхкинчу смартфонийн 86% чу хIоттийна хилла Android операционан система[2].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Licenses (ингалс.). Android Open Source Project. Android. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 21 январехь. Теллина 2013 шеран 19 январехь.
- ↑ Android Captures Record 85% Share of Global Smartphone Shipments in Q2 2014 (en), http://www.strategyanalytics.com (30 July 2014). Хьаьжна 3 августехь 2014.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Android (ингалс.). — Официалан сайт. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 19 августехь.
- Android Developers (ингалс.). Google Groups.
- Google on Android (ингалс.). Google Developers. — Сайт разработчиков Android-приложений.
- Йаззамаш