Ӏаьрбийн МагӀрибан барт

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ӏаьрбийн МагӀрибан барт
Arab Maghreb Union (orthographic projection).svg
Дакъалла
Штаб-квартира
Организацин тайпа дуьненаюкъара правительствошна юкъара кхоллам[d]
Официалан меттанаш Ӏаьрбийн мотт
Куьйгалхой
Инарлин секретарь Хьабиб бен Йахьйа
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1988
umaghrebarabe.org
Commons-logo.svg Ӏаьрбийн МагӀрибан барт Викилармехь

Ӏаьрбийн МагӀрибан барт (фр. Union du Maghreb arabe, Ӏаьр. اتحاد المغرب العربي‎‎) — Алжазаира, Ливи, Мавритани, Марокко, Тунис. Къилбаседа Африкехь экономикин а, политикин а цхалла латторе хьажийна панӀаьрбийн кхоллам. Барт кхолларан ойла гучуелира Тунисо а, Марокко а маршо яьккхича 1958 шарахь. Иза кхолларан барт бира 1989 шарахь. Кхеташонан председатель рогӀехь хӀора мохк хуьлу.

ГӀуллакхалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

ӀМБ юкъахь ламастан къийсамийн баланаш бу. Масала, 1994 шарахь, Алжазаиро сацам бира ӀМБ председателалла Ливега дӀаяла. Иза бахьнехь дипломатин гӀоьртина хьал хилира Алжазаирин а, ӀМБ кхечу декъахошна а юкъахь, уггаре хьалха Мароккоца а, Ливица а, церан кортоша дакъа ца лоцура Алжазаирехь хуьлучу ӀМБ белхашкахь. Алжазаирин официалан белхалоша кхетийра шайн сацам, ӀМБ кхолларан акт нисса лелон эшарца, цуо бохура хӀора шарахь председателалла хийца. Алжазаира хилира ӀМБ председатель 1994 шарахь Тунисал тӀаьхьа, амма дӀа ца даладелира кхолламан акто боху хьолаш ца хиларна. ӀМБ председателалла дӀадаларан сацам кхайкхийначул тӀаьхьа, Ливин тхьамдас аль-КъаддӀафи МуӀаммара дӀахьедира, ӀМБ холодильник чуйилла хан тӀекхаьчна аьлла. Иза бахьнехь хӀутту ӀМБх долу Ливин меттигах долу хаттар. Къамел ду Ливин позицис бечу гӀуочу Ӏаткъамах ша председатель ӀМБ йолуш.