Ӏаламан йисттехь

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏаламан йисттехь
инг. Farscape
Жанр фантастика / хиламаш
Кхоьллинарг Рокни О’Бэннон[d]
Сценарихо Дэвид Кемпер
Джастин Монжо
Рокне О'Бэннон
Режиссёр Роуан Вудс
Тони Тилс
Эндрю Праус
Рольшкахь Бен Браудер
Клаудия Блэк
Энтони Симко
Лани Джон Тупу
Джонатан Харди
Гиги Эджли
Уэйн Пиграм
Вирджиния Хей
Пол Годдард
Дэвид Франклин
Композитор Гай Гросс
Бриди Нил
Крис Нил
Пачхьалкх Австралин байракхАвстрали
Мотт Ингалсан мотт[2]
Сезонаш 5
Сереш 88 (Серийн_могӀам)
Кхоллар
Серин йохалла 50 мин. (1 шо)
44 мин. (2-4 шо)
Трансляци
Телеканал Sci Fi Channel
Экранаш тӀехь 1999 шеран 19 мартехь (АЦШ) — 2003 шеран 10 мартехь
Хронологи
Лархо На краю Вселенной: Битва за мир[d][1]
Хьажоргаш
web.archive.org/web/2002…
IMDb ID 0187636

«Ӏаламан йисттехь» (инг. Farscape) — австралин-америкин фантастикин телевизионан сериал. Телесериал йаьккхина Австралехь The Jim Henson Company а, Hallmark Entertainment а телекомпанеш дакъа лоцуш, Sci Fi Channel телеканалан заказца. Зиеран сери экранашна тӀейаьлла 1999 шеран 19 мартехь.

Пхеа шарахь йаккха лерина сериал, деа шарахь бен ца йаьккхира. ТӀаьхьо сопродюсерна Хенсон Брайанна бакъо йелира Farscape кхин дӀа кхаа сахьтан мини-сериал кепара «Ӏаламан йисттехь: Дуьне къуьйсу тӀом» йаккха.

1999 шеран 30 октябрехь телесериал гайта йолийра Россехь ТНТ телеканал тӀехь. Эфире делира телесериалан кхо шо. 2005 шарахь Российн Hallmark цӀе йолу кабелан телеканало, иштта гайтира «Ӏаламан йисттехь: Дуьне къовсаран тӀом» фильм.

2007 шарахь кхайкхийра сериал онлайн-формате йухайарах[3]. 2019 шарахь Amazon Prime Video арахийцира карлайаьккхина Farscape, цуьнца цхьаьна «Ӏаламан йисттехь: Дуьне къовсаран тӀом»[4].

Йаккхаран истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1990-гӀа шераш чекхдовлуш маппеташ-тайнагаш йеш йолу, «The Jim Henson Company» компанис, хазчу басаршца шайн «The Jim Henson Company», «Jim Henson’s Creature Shop» хьуьнар гайтархьама шоу кхолла гӀорта сацам бира. Ткъа цул тӀаьхьа, кхоьллина материал лелош, телесериал лело, иза хила йезара цхьа башха хӀума. Проектехь «Космосехь тӀехьахехкар» цӀе йолчу сериалах жоп луш бара О'Бэннон Рокни а, Хенсон Брайан а[5].

ЖамӀехь цара цхьаьнатуьйхира «ТӀедеина къам» а, «Хин бухалара Одиссея» а йаьккхина О’Бэннон Рокнин ницкъаш. Царна хӀоттийна Ӏалашо йара Ӏилманан-фантастикин сериалашкахь хьовсархошна оьшу а хазахетарг а схьаэцар, масала, «Седарчийн некъана» а, «Вавилон-5-на а», тӀаккха иза схьа а эцна, ма-дарра долу харш чуьра сюжет хьовзийна, хьовсархошна хьалха гиначух дуьззина къаьсташ керлачу агӀор хьажо. Билгалчу барамера «Ӏилманан-фантастикаллех», йаьлла дан дагӀертиг хилира, тӀаккха дуьненна «Ӏаламан йисттехь» сериал гира».

Сериалан хӀора дакъа ду тоам боллуш хиламца, йерриг сериалан шуьйра сюжетан аса меттигаш йолуш. Берриг аьлча санна актерийн хӀоттам — Австралера а, Керла Зеландера бу, америкахо Браудер Бен дӀаваьккхичахьа. Сериалан персонажаша дукха хьолехь сих-сиха леладо ингалсийн довдаран сленгаш меттана, масала, «frell», «dren», «hezmana»[6].

Сюжет[нисйе бӀаьра | нисйе]

Астронавт а, Ӏилманча а Джон Крайтон зуьйш вара башха космосан аппарат, гӀертара дуьненан орбитехь Ӏилманан теори тӀечӀагӀйан. Иза лело гӀертара Дуьненан гравитацин ницкъ сихдийриг меттана лело гӀертара. Аьтто балахь экспериментах хьалхара гӀулч хуьлура седарчашна йукъахь леларан.

Амма эксперимент йеш гӀуллакх нийса ца дахара — цӀеххьана гучуйелира гравитацин тулгӀе, цунах хиллачу нӀаьна летта меттиго дӀакхаьллира модуль. Цунна чуйоьжна, иза дӀахьаьдира шортенехула а, заманехула а, кхечира Паналлин дехьа йуьххьехь, уггаре чӀогӀачу седарчашна йукъара тӀаме нисвелира, тӀом беш бара кхечу планетийн расашна йукъара бевдда тутмакхаш а, хин тӀадам санна адамех тера болу дера себацианашна а йукъахь, цара шайха «машарбийриш» олура».

Оцу хене валлалц Крайтонна хӀумма а ца хаара дийна набахтех лаьцна, цӀеххьана царех, тутмакхашца йедда, цхьанна чохь нисвелира иза. Дийна космосан кема Мойя борт тӀаьхь тайп-тайпана халкъаца дедда лела. Ткъа цӀоганна тӀехь къиза космосан тӀемлой бу, шайх шалхо лелош машарбийриш а олуш.

Крайтона тайп-тайпанийна космосан расанийн барт бан беза, уьш делан кхелаца нисбелла «цхьаьна кеманна чу», оцу гӀеранах дика команда йан йеза, кеманан экипаж — левиафана Мойя йан йеза.

Мойян йу шортта хикеманан тӀера майданаш а, бӀенаш залаш а. Цуьнан цхьаъ бен йоцу дуьхьало — иза сихдийриг ду, болх бо серлонан сихаллел чехка. Цуо Мойян тӀехьарчайо седарчийн чан, иза бӀаьрга негӀар тохале кхоченан йукъахула дӀасалела, Паналлин вукха агӀор декъе кхочуш. Цунах олу «седарчий кхоссадарар».

Иштта Крайтонна, оцу тамашена кхолламех бакъ йолу бертахь йолу команда хуьлу, цуьнан дукха хиламаш хуьлу шен новкъахь.

Крайтона сихха шен мостагӀий гулбо, доттагӀий карабо, уьш хуьлу и бевдда лела тутмакхаш. Дерриг хьалхарчу шарахь Крайтона дӀа ца доккху астронавтан духар, ша воьллачу шен дуьне некъ лоьху.

Мойин тӀехь вовшахкхетта: лаксианан тӀемло Ka ДӀарго, дельвийн цӀу-аьзни ПаӀу Зото Заан, вожийна Хайниран Империн Доминар Райджел XVI-гӀа, ткъа кхин а машарбечарех цхьаъ — Айрин Сун, тӀаьхьуо царех кхета кхин а ладаме ши турпал — Чиана а, Старк а.

Кхин дӀа йаккхар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2014 шеран февралехь хаамаш гучабийла бевлира Farscape сериал кхин дӀа йаккха йолайаларх[7][8]. 2014 шеран апрелехь WonderCon конвенцехь О'Бэннон Рокнис Nerdacy тӀечагӀдира Farscape тӀехь болх беш бу аьлла, амма цкъачунна, чӀогӀа хьалхара тӀегӀанашкахь[9]. 2017 шо чекхдолуш The Paley Center for Media интервью луш О'Бэннона йуха а чӀагӀдира фильм тӀехь болх беш бу аьлла[10].

2018 шеран августехь Den of Geek интервьюхь Хенсон Брайанан дийцира хӀун чулацам бу Farscape йухайерзаран. «Со чӀогӀа гӀерта, кхин дӀа гӀертар а ву. Амма цкъачунна иза оьшург йац». Цуо тӀетуьйхира: «Иза оха кино йаккхаран, цунна тӀаьхь болх беш максимум ницкъ тӀебахийта беза, меттигех цхьаъ йу. Хаало хьалха цхьа хӀама ца тоар, кхета хӀинца дерриг тӀе ца тоьий. Ткъа иза бакъдолуш тхоьх дозу»[11].

2018 шарахь Jim Henson's Creature Shop Challenge Live! Брайан Хенсона кхайкхийра:

Фанатийн хазахетар доккха ду, амма иза йохка хала ду. Амма — со дукха хан йу фильм йаккха гӀерта, берриш гӀелбелла — дикка, со а гӀелвелла — Farscape лаьцна исбаьхьаллин филь йаккха баьхна хаза. Со хӀинца йаьккхина ваьлла хӀара фильм [Баккхийчеран тайнагаш], цуо боккъала а тӀебахийтинера 16 беттана сан тидам. Со йухахьоьжуш ву Farscape фильме, фильман йохалла дикка кӀезиг хила тарло, и истори йийца. Иштта, аса цхьаъ дан ойла йийр йу телевизионехь оцу фильман меттана. Лондонехь оха хӀинца «Ӏаьржа кристаллах» дийриг [ Ӏаьржа кристалл: Дуьхьалонан мур]. Ишттачу кепара, потенциал йу Farscape иштта цхьаъ дан. Бакъдерг дийцичий? Со хӀинца а йоккхачу энтузиазмаца хьоьжу Farscape, со гӀийтира иза фильманна адаптаци йан, амма тешна вац иза сайн нислур ду аьлла[12].

Комиксаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Farscape йухайирзина комиксашка 2008 шарахь The Jim Henson Company а, Boom! Studios йукъара накъосталла бахьнехь[13]. 4 арахецарх лаьтта кхо мини-сериал («The Beginning of the End of the Beginning», «Strange Detractors», «Gone and Back») арахийцира 2008 шеран декабрера 2009 шеран июнь кхаччалц, хӀора беттан Farscape сереш йолайаллалц. Иза лаьттира йеа сюжетан бух тӀера нартолах: «Тилделла орамаш» (4 арахецар), «Ӏуьйренан цӀен стигал» (4 арахеца), «Компульсеш» (4 арахецар), «Талланза мехкаш къуьйсу тӀом» (12 арахецар)[14].

BOOM! цӀейолу коьрта сери йоцуш, кхин а арахийцира йеа арахецарх лаьтта кхоъ мини-сериал 2009 шеран апрелера 2010 шеран март кхаччалц цӀе Farscape: Uncharted Tales йолуш. «Плача ДӀаргон» сурт хӀоттадо телесериалан кхоалгӀачу шарахь, оцу хенахь «ДӀарго зиер» а, «ДӀаргон квест» а хилира кхоалгӀа а, доьалгӀа а шерашна йукъахь[15].

Ловзарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Видеоловзар «Farscape: The Game», телесериалан бух тӀехь дина, Red Lemon Studios, арахецна 2002 шеран йуккъехь Microsoft Windows программина. Ловзаран гӀуллакх хуьлу хьалхарчу шеран дохаллехь, цунна йукъахь телесериалан актерийн хӀоттаман оригиналан аз ду. Ловзарех олуш дерг гӀуо дара, дукхаха болу рецензихой реза бацара гӀийла ловзаран механикина[16].

Текхан ролан ловзар Farscape арахийцира Alderac Entertainment Group олучу тобано 2002 шарахь. Цуьнан бух бу d20 системин тӀехь, шена чохь йу телевизионан кхоченехь ца хуьлу хӀуманаш а. Ловзарехь ду Р. А. ДеКандидон Китан оригиналан дийцар а, сериалан хьалхарчу шарахь йукъайолу «Жима итт хьаша» цӀарца. 2003 шарахь ловзарна номинаци йира ENnie совгӀатца уггаре дика графикин дизайн а, макет а, d20 уггаре дика ловзар[17].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 https://www.imdb.com/title/tt0387736/movieconnections/
  2. https://www.fernsehserien.de/farscape (нем.)
  3. Farscape: Sci Fi Series to Return in Web Episodes(бил-боцу.). canceled + renewed TV shows - TV Series Finale (2007 шеран 2 август). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 14 август.
  4. Darren. Farscape Comes To Amazon Prime, With Mini-Series Remastered In HD » GateWorld(бил-боцу.). GateWorld (2019 шеран 18 март). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 14 август.
  5. Garcia, Frank; Phillips, Mark. Science Fiction Television Series, 1990-2004: Histories, Casts and Credits for 58 Shows. — McFarlan, 2008. — С. 96. — ISBN ISBN 978-0786491834.
  6. Prucher, Jeff. Brave New Words: The Oxford Dictionary of Science Fiction. — Oxford University Press., 2007. — С. 72. — ISBN ISBN 978-0195305678.
  7. Monjo pens HBO pilot, Farscape movie.
  8. Farscape movie "not out of the question"(бил-боцу.). Digital Spy (2013 шеран 4 апрель). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 19 январь.
  9. "EXCLUSIVE: 'Farscape' Movie Confirmed, But is in Very Early Stages".
  10. Sofia Arnold. Somewhere Over the Wormhole: “Farscape” 15 Years Later (инг.). Medium (2018 шеран 4 май). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 19 январь.
  11. jbindeck2015. Brian Henson interview: The Happytime Murders, puppets, Muppets and Farscape(бил-боцу.). Den of Geek (2018 шеран 24 август). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 3 февраль.
  12. Mary Anne Butler. Brian Henson Offers Updates on His 'Farscape' Movie (инг.). Bleeding Cool News And Rumors (2018 шеран 4 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 3 февраль.
  13. CCI: Rockne O'Bannon on BOOM!'s "Farscape" Comics - Comic Book Resources. web.archive.org (2014 шеран 29 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 17 декабрь.
  14. Farscape Ends Again - Ongoing Comic Series Reaches Its Finale | Front Towards Gamer. web.archive.org (2014 шеран 29 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 17 декабрь.
  15. Preview: Farscape: D'Argo's Lament #1 - Comic Book Resources. web.archive.org (2014 шеран 29 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 17 декабрь.
  16. Farscape: The Game (pc: 2002): Reviews. web.archive.org (2009 шеран 21 июнь). ТӀекхочу дата: 2023 шеран 17 январь.
  17. "The ENnie Awards- 2003 ENnies Archive".

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]