Чулацаман тӀегӀо

Эсквилин

41°53′44″ къ. ш. 12°29′48″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эсквилин
Эсквилин, Минерван килс
Эсквилин, Минерван килс
Бохьан локхалла
Абсолютан локхалла58,3 метр
Лаьтта меттиг
41°53′44″ къ. ш. 12°29′48″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
РегионРум
Итали
Эсквилин
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Эскви́лин гу (лат. Mons Esquilinus) — Руман ворхӀ гунах цхьаъ, цунна тӀехь лаьтта Палатин дӀаяьлчи уггаре шира руман эвла, и йолчу агӀора кхиина Палатинан Рум (лат. Roma Quadrata).

Истори[бӀаьра нисйан | нисйан]

Эсквилеш (схьадаьлла ех + colere — «гӀалан арахьара дакъа») гунаш ду, чекхдолу малхбуза декъехь шина генца — Циспийца (46 м) а, Оппийца (49 м) а, ткъа иза шен рогӀехь тӀекхетта бара, Палатин Эсквилинах къастош болу Велин. Оппий а, Циспий а, Оппийш шира дакъа — Фагутал а йукъадодара исторел хьалхарчу ВорхӀгуне (лат. Septimontium), яьржина йолу Квадратан Румах: ворхӀгуна гӀалех дагалецамаш бисина йукъараллаш дакъалоцуш хилла ВорхӀгунан Ӏиданехь, иза лерина ду уггаре шира гунашна (montes), царна йукъахь лакхахь йийцина кхо эсквилинан йукъараллаш.

ТӀаьхьуо Целийн гун, Виминалан, Квириналан йукъараллаш тӀекхетча, ворхӀгунан гӀаланах кхиина еа куьпан гӀала. Еа куьпе декъадалар, царех цхьаннах Эсквилин олура, лаьттира берриг республикин мур дӀабаллалц, Суллас гӀала шоръяллалц. ТӀаккха Август волуш йукъадаьккхира Рум 14 куьпе екъар.

Еа куьпан гуонаха йина ширачу чӀагӀонан меттана, вайн эрал IV бӀешо гергга хьалха, бира Сервийн пен, цуьнан малхбален асано шорйира Эсквилин куп, малхбалехьа. Эсквилин гунн агӀора пен хадабора Эсквилин кевнаша, тӀаьхьа церан меттана йира Галлиенан триумфан нартол. Август волуш гу бийкъира кхаа куьпе (regiones); Циспий йукъайахара IV regio, Оппий Колоссейца — III, Эсквилин аре — V.

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]