Чернявская-Кузнецова, Мария Макаровна
Мария Чернявская-Кузнецова | |
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | |
---|---|
Йина терахь | 1853 шеран 9 (21) март |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 31 декабрь 1891 (1892 шеран 12 январь) (38 шо) |
Кхелхина меттиг | Москох |
Гражданалла |
![]() |
Чернявская-Кузнецова Мария Макаровна (1853—1891) — Петарбухан драман труппан юкъара оьрсийн актриса.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Йина 1853 шеран 9 мартехь. Юьхьанца кхиош яра г-жа Иванова-Заливкинан доларчу Петарбухан пансионехь, цул тӀаьхьа дехьаелира Петарбухан консерваторе, цигахь шина шарахь Ӏамийра йиш лакха профессоран г-жа Ниссен-Соломонан классехь.
Шен сценин тӀийра гӀуллакх долийра Леснойхь Беклешевскийн театрера Н. И. Куликовн «ТӀавусан месаш йолу къиг» цӀе йолу водевилан Парашин роль тӀийра, ткъа цул тӀаьхьа цхьаьна заманахь провинцешкара сценаш тӀехь хилира. 1872 шарахь хилира Чернявскаян дебюташ (Ж. Оффенбахан оперетташкахь «Перикола» а, «Исбаьхьа Елена» а ) Петарбухан Императоран Александрински театран сценин тӀехь, оцу театран труппе иза дӀаийцира оцу шеран 15 июнехь. Ялх шеран дохаллехь Чернявскаяс ловзийра ерриг аьлча санна опереттан репертуаран коьрта ролаш (лакхарнарш йоцуш: Мефистофель — «Фауст харцнехьа», Кис-Кис — «Чайн зезаг», Ланж — «Базаран йоӀ», Ганимед — «Исбаьхьа хаза Галатея», Герман — «Байн дошлой», Габриэль а, Метелла а — «Парижан дахар», Надя — «Оьрсийн романсаш яххьашца», кхин а)[1]. Цул сов гучуялара комедешкахь а, водевилашкахь а («Адамашна чохь малик — зуда яц», «Гуьйренан суьйре эвлахь», «Бехк бочуш Ӏазапхьегар», кхин а).[1] Чернявская лоруш яра говза опереттан артистка, цуьнан дара чӀогӀа тайна аз, даго тӀеузуш хаза сценан куц.
1878 шарахь Чернявскаяс йитира сцена, амма шо даьлча балха хӀоьттира москохан императоран драман труппе, цигахь болх бира 1882 шеран 1 март кхаччалц, цул тӀаьхьа юха а еира Петарбухан сцене. 1883 шарахь тӀаьххьара а дитира Императоран театрашкара гӀуллакх, цуьнца цхьаьна дерриг сценан гӀуллакх а. Елира Москохахь 1891 шеран 31 декабрехь.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Чернявская-Кузнецова, Мария Макаровна // Русский биографический словарь : в 25 томах. — СПб.—М., 1896—1918.
- Адамаш абатца
- Актрисаш абатца
- Актрисаш Российн
- Актрисаш Российн империн
- Актрисаш XIX бӀешеран
- Йишлакхархой абатца
- Йишлакхархой Российн опереттан
- Йишлакхархой Российн империн
- Йишлакхархой XIX бӀешеран
- Бинарш 21 мартехь
- Бинарш 1853 шарахь
- Бинарш Российн имперехь
- Белларш 12 январехь
- Белларш 1892 шарахь
- Белларш Москохахь
- Адамаш:Александрински театр