ХӀордахойн тийналла (талламан изолятор)

55°47′31″ къ. ш. 37°41′49″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀордахойн тийналла
Организацин тайпа следственный изолятор[d]

ХӀордахойн я Матросийн тийналла (оьрсийн маттахь Матросская тишина) —  Федералан таIзарш кхочушдаран сервисан (Оьрсийчоьнан ФСИН-ан) 1-чу талламан изоляторан официале йоцу цӀе ю. Иза Москвахь, Матросская Тишина урамехь лаьтташ ю.

Хьукматан юьззина официале цӀе — Федералан пачхьалкхан хьукмат «Москва-шахьрехь Федералан таIзарш кхочушдарна тӀехь терго латточу урхаллин 1 лоьмар йолу талламан изолятор» ю (оьрсийн маттахь доцца яздо — ФКУ «СИЗО-1 УФСИН России по г. Москве»).

2018-чу шеран лахьанан-баттахь (ноябрехь) «Матросийн тийналлехь» латтош 1700 гергга стаг вара. Иштта цуьнан кертахь болх беш ю дарбанан хӀусам — терапин а, хирургин а, йовхарийн цамгаран а, йóлу цамгарийн а дакъош[1].

ХӀордахойн тийналла чохь латтийна дукха а бевзаш болу наха, масала ГКЧП-н декъашхой Язов Дмитрий а, Янаев Геннадий а, террорхо Олег Костарев а, национализмин агӀонча а, «Реструкт» экстремистийн тобанан лидерах цхьаъ волу Марцинкевич Максим а, «МММ» финансийн пирамидан кхоллархо Мавроди Сергей а, киллер волу Солоник Александр а, оьрсийн оппозицихо Навальный Алексей а.

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Патриарх Кирилл освятил камень в основании восстанавливаемого храма в «Матросской тишине». Информационное агентство России «ТАСС» // tass.ru (16 ноября 2018 года)