Хир

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Металлан хиран хӀоттар. Болт тӀехь арахьара хир, гайкан тӀехь чоьхьара.

Хир я Тхир — хьовзочу дегӀан тӀехулара хийцалуш йолу гола а, кӀаг а, лаьтта винтан асанца. Хиран хӀоттаран, винтан передачан[1], ткъа иштта цергийн-винтан передачан бера тасабаларан коьрта дакъалг.

Хиран классификаци а, коьрта билгалонаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Диаметр юстаран барам (метрин, дюйман, модулан, питчан хир)
  • ТӀехула латтар (арахьара а, чоьхьара а хир)
  • Винтан хьовзаран агӀо (аьтту, аьрру)
  • Хьовзоран барам (цхьаъ- я шорта хьовзоран), масала, шозза хьовзоран, кхузза хьовзоран, кхин дӀа а.
  • Профиль (кхо са болу, трапецикепара, нийса са болу, гоьга, кхин а)
  • Хир тӀехь долу дегӀ (цилиндран хир а, конусан хир а)
  • Ӏалашо (къовларан, къовларан-чӀагӀдаран, леларан, кхин а)

Хиран коьрта параметраш а, дустаран барамаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Диаметр юстаран барам
  • Метрин хир — хиран гӀулч а, коьрта параметраш а миллиметрашкахь.
  • Дюйман хир — хиран ерриг параметраш дюймашкахь (″), хиран гӀулч дюйман дакъошкахь. БиргӀан дюйман хиран барам дюймашкахь лору чухула гуш йолчу серлонца, ткъа арахьара диаметр хаъал дукха йу. Метрин а, дюйман а хир леладо хиран хӀоттамашкахь а, винтан передачашкахь а.
  • Модулан хир — хиран гӀулч юсту модульца (m). Барам миллиметрашка баккха, тоьуш ду модуль пи терахьца эца ().
  • Питчан хир — хиран гӀулч юсту питчашкахь (p). Терахьан барам кхача (дюймашкахь) тоьу пи терахь () питчан декъа. Модулан а, питчан а хир леладо беран передачин хир доккхуш. Модулан беран гуонан профилан кепаш хила тарло: Архимедан спиралан кепара, йоца а, йеха а Гуон эвольвенташ, трапеци кепара.
Хиран коьрта параметраш
  • ГӀулч (P) — профилан цхьатерра йолчу агӀонийн шораллин барам, юсту метран дакъошца, дюйман дакъошкахь я дюйм йукъара тайнийн барам — иза знаменатель ду нийса дакъаллин, ткъа доькъург дюйм йу. Гойту натуралан терахьца (масала: 28, 19, 14, 11).
  • Арахьара диаметр (D, d), арахьара бохь гуонаха йолу цилиндран диаметр(d) я чоьхьара хиран харшийн диаметр (D), болтан хир даккхале хилла диаметре нисса йу.
  • Йуккъера диаметр (D2, d2), цилиндран диаметр ю, кхуллушъерг чекхйолуш йолу профилан хир чухула, харш хадош кхолладелла дакъош цхьабосса ду хиран гӀулчан номиналан эхаца.
  • Чоьхьара диаметр (D1, d1), арахьара харшан чухулара (d1) я чоьхьара харшан баххьашкахула йолу (D1) цилиндран диаметр йу. Иза нисса йу хир даккхале хиллачу кечаман гайкин Ӏуьргаца:
D1 = D−2×(H−2c)
  • Лелар (Ph) — хиран семанца параллелан асанца болу дохаллин барам, муьлхха а хиран агӀон тӀиера йуккъера меттиг а, йуккъера меттиг дӀасайоккхуш нисъелла винтан асанца са 360° болу йуккъера меттиг. Цкъа хьовзоран хиран лелар нисса ду гӀулчаца, дукха хьовзоран — гӀулчан эцаран жамӀ P хьовзоран барамна n[2]:
  • Кхо са болчу хиран локхалла (H).
  • Хир хадор (с).
  • Конусан хиран конусан са ().
  • Хир айаран са ():

Хиран тайпа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Метрин (M)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Метрин хир

Шуьйра леладо номиналан диаметрца 1 - 600 мм а, гӀулчаца 0,25 - 6 мм. Профиль — цхьатерра агӀонаш болу кхо са берг (боьххьера са 60°) профилан теоретикан локхаллийца Н = 0,866025404Р. Профилан ерриг параметраш юсту мм.

Стандарташ:

  • ГОСТ 24705-2004 (ИСО 724:1993) «Метрин хир. Коьрта барамаш»;
  • ГОСТ 9150-2002 «Вовшашца хийцадаларан коьрта норманаш. Метрин хир. Профиль»;
  • ГОСТ 8724-2002 «Вовшашца хийцадаларан коьрта норманаш. Метрин хир. Диаметраш а, гӀулчаш а»;
  • ISO 965-1:1998 «Йукъара гӀуллакхан ISO метрин хирнаш. Тардалийтар. Дакъа 1. Принципаш а, коьрта амалаш а»;
  • ISO 965-2:1998 «Йукъара гӀуллакхан ISO метрин хирнаш. Тардалийтар. Дакъа 2. Йукъарчу гӀуллакхан болтийн а, гайканийн а дозанера барамаш. Нийсаллин йуккъера класс»;
  • ISO 965-3:1998 «Йукъара гӀуллакхан ISO метрин хирнаш. Тардалийтар. Дакъа 3. Конструкцин хиран барамах тиларш»;
  • ISO 965-4:1998 «Йукъара гӀуллакхан ISO метрин хирнаш. Тардалийтар. Дакъа 4. Метчикца гальванизаци йинчул тӀаьхьа, тардалийтаран позицера H я G хир даьккхина, чоьхьара винтийн хирнашца вовшех тасархьама, довха бухатаӀдарца гальванизаци йина арахьара винтан хиранна болу дозанера барамаш»;
  • ISO 965-5:1998 «Йукъара гӀуллакхан ISO метрин хирнаш. Тардалийтар. Дакъа 5. Дозанера барамаш винтийн чоьхьарчу хирний арахьарчу винтийн хирнашца винташ вовшех тасархьама, довха бухатаӀдарца гальванизаци йина, тардалар позицин максимум барамца h тӀиера гальванизаци ярекхаччалц»;
  • ISO 68-1 «Йукъара гӀуллакхан ISO винтан хирнаш. Коьрта профиль. Метрин хир»;
  • ISO 261:1998 «Йукъара гӀуллакхан ISO метрин хирнаш. Ерриг кеп»;
  • ISO 262:1998 «Йукъара гӀуллакхан ISO метрин хирнаш. Винташна а, болташна а, гайканашна а хаьржина барамаш»;
  • BS 3643 «ISO metric screw threads»;
  • DIN 13-12-1988 «ISO метрин хирнаш коьрта а, прецизионан а 1 - 300 мм диаметрца. Диаметрш а, гӀулчаш а харжар»;
  • ANSI B1.13M, ANSI B1.18M «Метрин хир М профильца, ISO 68 стандартан бух тӀиера».

Билламан билгалдаккхар хиран маркировкехь: элп M (metric), хиран номиналан диаметр терахьца билгалдаккхар (d, D схемин тӀехь, изза болт тӀиера хиран арахьара диаметр) мм, гӀулч терахьца билгалйаккхар (жима гӀулч йолчу хиранна) (P схемин тӀехь) а, элпаш LH аьрру хиран. Масала, хир номиналан диаметрца 16 мм йоккхачу гӀулчаца билгалйоккху M16; хир номиналан диаметрца 36 жимчу гӀулчаца 1,5 мм — М36×1,5; иштта диаметрца а, гӀулчаца а, амма аьрру хиран М36×1,5LH. И параметраш таро йу гӀирс тӀеязйан тайп-тайпанчу меттигашка, М билгало йоцуш а, цундела, терахьаш 36 а, 1,5 а, тӀеяздина тайп-тайпанчу меттигашка, билгалдоккху М36×1,5. Иштта советийн а, российн а гӀирсаш тӀехь дукха хьолахь хаало яцйина маркировка жимчу гӀулчан, масала, 2М16 я 1М16, цуо билгалдоккху «М16, жима, шолгӀа» я «М16, жима, хьалхара». Оцу хьолехь 1М билгалйоккху хьалхара гӀулч, 2М — шолгӀа. Оцу гайтинчу масалин 1М16 билгалдоккху М16×1,75, ткъа 2М16 билгалдоккху М16×1,5, хӀунда аьлчи коьрта гӀулч М16 — 2 мм.

Хиран гӀулч юсту хероюстургаш: метрин хир — шина хиран йукъ мм, Витвортан хир — дюймера хиран барам. Йина АЦШ, ленд-лизаца яийтина.
Метрин хиран коьрта гӀулчаш
M0,25 0,075 M1,1 0,25 M5 0,8 M17 2
M0,3 0,08 M1,2 0,25 M5,5 0,8 M18 2,5
M0,35 0,09 M1,4 0,3 M6 1 M20 2,5
M0,4 0,1 M1,6 0,35 M7 1 M22 2,5
M0,45 0,1 M1,8 0,35 M8 1,25 M24 3
M0,5 0,125 M2 0,4 M9 1,25 M25 3
M0,55 0,125 M2,2 0,45 M10 1,5 M26 3
M0,6 0,15 M2.5 0,45 M11 1,5 M27 3
M0,7 0,175 M3 0,5 M12 1,75 M28 3
M0,8 0,2 M3,5 0,6 M14 2 M30 3,5
M0,9 0,225 M4 0,7 M15 2 M32 3,5
M1 0,25 M4,5 0,75 M16 2

Метрин конусан (MK)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Конусалла — 1:16 (конусан са — φ = 3°34′48″). Герметиллин а, кхин гӀирсаш а ца лелош хир сацоран а Ӏалашонна леладо. Хиран конусан хӀоттаран шиъ вариант йу: конусан арахьара хир конусан чоьхьара хирца а, конусан арахьара хир цилиндран чоьхьарчу хирца.

Стандарт: ГОСТ 25229-82 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. Хир метрин конусан».

Билламе билгалдаккхар: MK элпаш, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметрашкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, элпийн LH аьрру хиран. Масала, хир номиналан диаметрца 24 мм гӀулчаца 1,5 мм билгалдоккху МK 24×1,5.

Цилиндран (MJ)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цилиндран хир бух болуш ду метрин хир тӀехь (М) номиналан диаметрца 1,6 - 200 мм, профилан сенца лакхара са 60° болуш, лерина ду аэрокосмосан техникин а, кхечунна а, нагахь эшахь лакхара чӀогӀалла а, йовхон доьхьала ондалла а. И хьал латторхьама хиран хершан арахьара хиран тӀехь хуьлу йоккхайина радиус 0,15011P тӀиера 0,180424P тӀекхаччалц. Чоьхьара хир MJ цхьаьна догӀу арахьарчу хирца M, нагахь номиналан диаметр а,гӀулч а тера нислахь.

Стандарташ:

  • ГОСТ 30892-2002 (ИСО 5855-1-99, ИСО 5855-2-99, ИСО 5855-3-99) «Метрин хир профильца MJ. Профиль, диаметраш, гӀулчаш, тардалийтарш»;
  • ISO 5855-1:1999 «Aerospace — MJ threads — Part 1: General requirements»;
  • ISO 5855-2:1999 «Aerospace — MJ threads — Part 2: Limit dimensions for bolts and nuts»;
  • ISO 5855-3:1999 «Aerospace — MJ threads — Part 3: Limit dimensions for fittings for fluid systems»;
  • ANSI/ASME B1.21M-1997 (R2003) «Metric Screw Threads — MJ Profile».

Билламе билгалдаккхар: элпан MJ, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметрашкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, йуккъера диаметр тарйалийтаран аре а, арадийларан диаметр тарйалийтаран аре а. Масала, арахьара хир номиналан диаметрца 6 мм, гӀулчаца 1 мм, йуккъера диаметр тардалийтаран аренан 4h, арадийларан диаметр тардалийтаран аренан 6h билгалдоккху MJ6×1—4h6h вал тӀехула.

БиргӀан цилиндран (G)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дюйман хир бух тӀехь ду BSW (British Standard Whitworth) хиран, цхьаьна догӀу BSP (British standard pipe thread) хиранца, гӀулчан диъ терахь ду — 28, 19, 14, 11 хир дюйм йукъахь. Профилан са лакхахь — 55°, профилан теоретикан локхалла — Н = 0,960491Р.

Стандарташ:

  • ГОСТ 6357-81 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. БиргӀан цилиндран хир»;
  • ISO R228;
  • EN 10226;
  • DIN 259;
  • BS 2779;
  • JIS B 0202.

Билламе билгалдаккхар: элп G, билламан биргӀа чекхъйаларан терахьан барам дюймашкахь, йуккъерчу диаметран нийсаллин класс (А, В), элпаш LH аьрру хиран. Масала, номиналан диаметр 1 1/8″ йолу хир, нийсаллин класс А йолу билгалйоккху G1 1/8-A. Дукхах йолчу хирдоккхучарна тӀехь элп G ца хуьлу, цундела, муьлхха а дакъаллин билгало йоьшу хир G санна. Хиран номиналан барам богӀу цхьаьна биргӀан йукъца дюймашкахь; биргӀан арахьара диаметр лаьтта оцу барамца пропорцехь.

БиргӀан конусан (R)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дюйман хир конусаллица 1:16 (конусан са — φ = 3°34′48″). Профилан са лакхенгахь — 55°, профилан теоретикан локхалла — Н = 0,960491Р.

Стандарташ:

  • ГОСТ 6211-81 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. БиргӀан конусан хир»;
  • ISO R7;
  • DIN 2999;
  • BS 21;
  • JIS B 0203.

Билламе билгалдаккхар: элп R арахьарчу хиран, Rc чоьхьарчу, хиран номиналан диаметран терахьан барам дюймашкахь, элпаш LH аьрру хиран. Масала, хир номиналан диаметрца 1 1/4″ билгалдоккху R1 1/4″ санна.

Гоьрга санитарин-техникин арматурина (Кр)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гоьрга хиран профиль кхоьллина гуонашца, лакхахь а, хершнаш чохь а, цхьаьнатоьхна нийсачаьрца профилан сенца локхаллехь 30° йолуш. Хир леладо шпинделашна, вентилашна, эдийригашна, нишкен а, хинан а чӀинташна.

Стандарт: ГОСТ 13536-68 «Гоьрга санитарин-техникин арматурина. Профиль, коьрта барамаш, тардалийтарш».

Билламе билгалдаккхар гоьрга хир: элпаш Кр, хиран номиналан диаметр, гӀулч, стандартан билгало.

Трапецикепара (Tr)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лелар дӀадаларан (леларан винташ, суппортийн винташ, штурвалан винташ, киранан винташ, кхин) Ӏалашонан а, леладо тайп-тайпанчу механикин гӀирсашкахь — токаран чархашна, автохьалаойургашна, кхин а.

Метрин хир лакхенгахь 30° профилан са болу, профилан теоретикан локхалла — Н = 1,866Р.

Стандарташ:

  • ГОСТ 9484-81 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. Трапецикепара хир. Профилаш»;
  • ГОСТ 24737-81 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. Цкъа хьовзош долу трапецикепара хир. Коьрта барамаш»;
  • ГОСТ 24738-81 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. Цкъа хьовзош долу трапецикепара хир. Диаметраш а, гӀулчаш а»;
  • ГОСТ 24739-81 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. Дуккха а хьовзош долу трапецикепара хир».

Цкъа хьовзочу хиран билламе билгалдаккхар: элп Tr (trapezoidal), хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, элпийн LH аьрру хиран, билгалйаккхар тардалийтаран аре. Масала, цкъа ховзон арахьара хир номиналан диаметрца 50 мм гӀулчаца 8 мм билгалдоккху Tr50х8-7е санна; иштта диаметр а, гӀулч а йолуш, амма аьрру хир — Tr50×8LH-7е.

ГӀopторан (S)[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀopторан, я херхкепара хир ду киранан хир. И хир леладо боккхачу цхьаьнаагӀорчу Ӏаткъам болчу механизмашкахь, масала, гидравликан прессашкахь, винтан прессашкахь, тӀетаӀон винташкахь прокатан станашкахь, мӀарийн хирнашкахь, артсистемашкахь, иштта дӀа. Иза метрин хир ду профилан агӀонийн таӀаран са 30° а 3° а болуш.

Стандарт: ГОСТ 10177-82 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. ГӀортаран хир. Профиль а, коьрта барамаш а».

Хиран билламе билгалдаккхар: элп S, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулча терахьан барам, элпаш LH аьрру хиран, билгало а йу тардалийтаран аренан. Билламе билгалдаккхар дукха хьовзон хиран: элп S, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулчан терахьан барам, къовларгаш чохь Р гӀулчан терахьан барамца, элпаш LH аьрру хиран а, тардалийтаран аре билгалйаккхар а.

ГӀорторан чӀагӀдина (S45°)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Профилан агӀонийн таӀаран са 45° , 3° йолу хир, номиналан диаметрца 80 - 2000 мм.

Стандарт: ГОСТ 13535-87 «Вовшех хийцадаларан коьрта норманаш. ГӀорторан чӀагӀдина хир 45 градус».

Хиран билламе билгалдаккхар: элп S, са 45°, хиран номиналан диаметран терахьан барам миллиметршкахь (мм), гӀулча терахьан барам, элпаш LH аьрру хиран, билгалдаккхар Тт.

Эдисонан гоьрга (E)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Леладо электротехникийн гӀирсашкахь, масала, цӀийлу чиркхан бух (Эдисонан бух).

Стандарт: ГОСТ 6042-83 «Эдисонан гоьрга хир. Профилаш, барамаш, дозанера барамаш».

Хиран билламе билгалдаккхар: элп E, хиран лоьмар, нагахь хир металлах доцучу дакъалгийн делахь, элп N таьӀна сизца (/), ГОСТ лоьмар, масала, E27 ГОСТ 6042-83 или E27/N ГОСТ 6042-83.

Метрин (EG-M)[нисйе бӀаьра | нисйе]

ISO хиран тулкин метрин хир а, серийн хир долу чухотториг а. Лелайо хир чӀагӀдархьама я деталан чухулара доьхна хир тодархьама[3][4].

Дюйман цилиндран (UTS: UNC, UNF, UNEF, 8UN, UNS)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Unified Thread Standard (UTS) — дюйман цилиндран хир, шуьйра даьржина АЦШ а, Канадехь а. Лакхаллера са — 60°, профилан теоретикан локхалла — H = 0,866025P. ГӀулче хьаьжжина декъало UNC (Unified Coarse), UNF (Unified Fine), UNEF (Unified Extra Fine), 8UN, UNS (Unified Special)[5].

ЧӀогӀа шуьйра даьржина UNC 1/4 (1/4″×1,27 мм), ерриг аьлча санна терахьан а, пленкан а фото- а, видео- а камерийн, ткъа иштта жимачу форматан штативийн къовлар. Цуьнан параметраш: D = 6,35 мм, D1 = 4,975 мм, гӀулч — 20 хир дюйм йукъахь (1,27 мм). Цул хьалха фототехникийн къовларш даьржина дара 3/8″ йолу хир, гӀулчаца 16 хир дюйм йукъахь (1,5875 мм), D = 9,525 мм, D1 = 7,806 мм.

Стандарт: ГОСТ 3362-75 «Фото- а, кино- а аппараташ. Штативан хӀоттар. тӀетасаран барамаш».

Дюйман (BSW)[нисйе бӀаьра | нисйе]

British Standard Whitworth (BSW) — британин дюйман хир, 1841 шарахь Витуорт Джозефа кховдийна. Локхаллехь са — 55°, профилан теоретикан локхалла — H = 0,960491P. Жимачу гӀулчан хирнах олу British Standard Fine (BSF).

Дюйман конусан (NPT)[нисйе бӀаьра | нисйе]

National pipe thread (NPT) — ANSI/ASME стандарт дюйман биргӀан тӀетасаран конусан хиран (NPT) конусаллийца 1:16 (конусан са — φ = 3°34′48″) я цилиндрин (NPS). Локхаллера профилан са — 60°, профилан теоретикан локхалла — Н = 0,866025Р.

Стандартан йукъара ду хирнаш 1/16″ тӀиера 24″ тӀекхаччалц биргӀанашна.

Стандарташ:

  • ГОСТ 6111-52 «Конусан дюйман хир 60 градус профилан са болу»;
  • ANSI/ASME B36.10M;
  • BS 1600;
  • BS EN 10255;
  • ISO 65.

Конусан хиран билламе билгалдаккхаран масала 3/4″: К 3/4″ ГОСТ 6111-52.

Мехкдаьттан сортаментан хир[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мехкдаьттан сортаментан хирнийн Ӏалашо йу биргӀанаш хӀитта мехка-даьттанан буру тухуш. Лакхара герметикалла хилийта конусан хуьлу. Профилан кепаца хуьлу: кхо са болуш профилан 60° сенца а, трапецикепара тайп-тайпана агӀонаш болчу 5° - 60° сенца а (Батресс хир). Мехкдаьттан сортаментан хирнаш коьртаниг до Америкин мехкдаьттан институтан (API) стандарташца.

Стандарташ:

  • ГОСТ Р 53366-2009 «Мехкдаьттан я газан промышленностан буруна лелош йолу, гуо баран я насосан-компрессоран болатан биргӀанаш. Йукъара техникин биллам»;
  • ГОСТ 631-65 «Бурун охьахийшийна юьхьигаш йолу биргӀанаш а, царна муфтанаш а»;
  • ГОСТ 632-80 «Гуо баран биргӀанаш а, царна муфтанаш а»;
  • ГОСТ 633-80 «Насосан-компрессоран биргӀанаш а, царна муфтанаш а».

Даран кепаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Леладо лахара хир даран кепаш:

  • диттаца кечдар хадош;
  • абразиваца кечдар;
  • хьовзор;
  • прессан Ӏаткъамца даккхар;
  • лалош дар;
  • электрофизикца а, электрохимица а кечдар.

Уггаре даьржина а, универсалан а хир даккхаран кеп йу диттаца кечдар хадош. Цунна йукъадогӀу:

  • плашкашца арахьара хир даккхар;
  • метчикца чоьхьара хир даккхар;
  • арахьара а, чоьхьара а хирнаш дахар хир доккхучу уьрсашца а, яхкца а;
  • экъанийн а, цергийн а хиран фрезашца арахьара а, чоьхьара а хиран фрезераци яр;
  • арахьара а, чоьхьара а хирнаш дахар хир доккхучу кортошца;
  • доьхна арахьара а, чоьхьара а хир тодар кевнца я башха хир доккхучу кевнца;
  • арахьара а, чоьхьара а хирнаш йилбазмох кепара хьийзорца кечдар.

Хир хьовзош даккхар хирнаш сиха кечдаран кеп ю, иштта дина хир лакхара дикалла йолуш хуьлу. Хир хьовзош даккхаран йукъадогӀу:

  • шиа я кхаа чкъургаца радиалан, семан я тангенциалан кховдорца хирнаш хьовзош дахар;
  • арахьара а, чоьхьара а хирнаш хьовзош дахар хир даккхаран кортошца;
  • арахьара хирнаш хьовзош дахар чӀепачу плашкашца;
  • арахьара хирнаш хьовзош дахар чкъург-сегмент гӀирсаца;
  • чоьхьара хирнаш хьовзош дахар левшик ца йоккхучу метчикца.

Хир абразиван кечдарна йукъадогӀу шардар цхьаъ тай я шиъ тай долчу гуонашца. Нийса а, коьртаниг, леларан а хирнаш дохуш леладо.

Прессца кепатохар леладо пластмассех а, бесара маьӀданийн лаламех а хир доккхуш. Промышленностехь шуьйра ца даьржира.

Лалор (дукхах дерг Ӏаткъамца) леладо пластмассех а, бесара маьӀданийн лаламех а тӀех нийса доцу хирнаш дахарехь.

Электрофизикин а, электрохимин а кечдар (масала, электроэрозионан, электрогидравликан) леладо лакхара чӀогӀаллин гӀирсах а, экаме гӀирсах а деталаш тӀехь хирнаш дахархьама, масала, чӀогӀа лаламаш, кхийра гӀирсаш, кхин дӀа а.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тригоноптерус чхьаьвриган «хиран» голан схема

Дукха хенахь лорура, хиран хӀоттар, чкъургаца а, цергийн передачица цхьаьна, адамаллин сийлахь-боккха кхоллам бу, Ӏаламехь тераниг бан а боцуш. Амма 2011 шарахь Карлсруэн технологин институтан Ӏилманчийн виъ стагах лаьтта тобано зорба туьйхира Science журналехь Керла Гвинейхь йехачу Тригоноптерус облонгус кепарчу чхьаьвриган-долгоносикан голан хӀоттамах лаьцна йаззам[6]. Оцу чхьаьвригийн тӀодаш дегӀаца хӀиттина ду хенан даьӀахкан гӀоьнца, иза чухьовзайо хенан даьӀахкана. Хенан даьӀахкан тӀехула лаьтта конусан винтах тера аратеӀарш. Шен рогӀехь, хенан даьӀахкан иштта ду хиран ор. Ишттачу хӀоттаро меженаш цакхоьрруш вовшахтосу, шарниранчул а гӀоле.

Винташ техникехь лело йолийна антикан заманахь. Дуьххьала винт йина лору Архит Тарентскисфилософ, математик, механик, ваьхна волу вайн эрал IV—V шераш хьалха ваьхна волчу. Шуьйра йевза Архимеда йина винт, тӀуналлашший, Ӏена догӀмашший дӀасалелорхьама. Дуьххьарлера чӀагӀдаран хир долу деталаш, лело долийна Ширчу Румехь вайн эра йолалуш. Амма мах боккха хиларна уьш дагархойн хаздаршкахь, медицинан гӀирсашкахь, кхечу мах лакхарчу сурсаташкахь бен лелош ца хилла.

Леларан а, чӀагӀдаран а хирнаш шуьйра лело долийна Йуккъера бӀешерашкахь. Арахьара хир доккхура иштта: цилиндран кечам тӀе хьовзабора тӀе кир я басар хьаькхна муш, цул тӀаьхьа хиллачу спиралан билгалоца доккхура винтан хиран харш. Гайкийн меттана лелайора чоьхьара хир долу тулканаш, шиъ я кхоъ штифтаца.

XV—XVI бӀешерашкахь йан йолийра кхоъ- а, биъ- а са болу метчикаш чоьхьара хиран. Ший а деталь арахьара а, чоьхьара а хирца йолу тӀеттӀахьовзорхьама куьйга нисйора. Кхечу деталашца хийцар дан а дацара.

Деталаш хийцаран а, хиран стандарташ йар а йукъадаьккхира Модсли Генрис (Henry Maudslay) 1800 шарахь гергга, нийса хир даккхар аьтту болуш хилира цуо токаран-винтан хирдаккхаран чарх йукъайаьккхича. Лела винт а, гайка а шен дуьххьарлерчу чархана цуо куьйга йира. ТӀаккха цуо чарх тӀехь йира алсама лакхара нийсаллин винт а, гайка а. Куьйга йина винт а, гайка а хийцира, нийсачунца, тӀаккха кхин а нийса деталаш дехира. Иштта болх бира хиран нийсалла нисӀелла йаллалц.

ТӀехьарчу 40 шарахь хирнаш хийцадалар а, стандарташ яр а шайн компанешна йукъахь бен дацара. 1841 шарахь Джозеф Витуорта кхоьллира чӀагӀдаран хирнийн система, иза дукхах йолу ингалсан цӀерпоштнекъан компанеш тӀеэцар бахьнехь бахьнехь, хилира Йоккха Британин къоман стандарт, цӀе тиллира британин Витвортан стандарт (BSW). Витвортан стандартах бух хилира тайп-тайпана къаьмнийн стандарташ кхолларан, масала, Селлерса (Sellers) стандарт АЦШ-хь, Лёвенхерцан (Löwenherz) хирнаш Германехь, иштта кхин а. Къоман стандарташ чӀогӀа дукха йара. Иштта, Германехь XIX бӀешо чекхдолуш йара 11 хиран система 274 кепара хирнийн.

1898 шарахь Хирнашна стандартизацин Дуьненайукъара Конгрессо Цюрихехь билгалдехира керла дуьненайукъара стандарташ метрин хиран Селлерсан хиран бух тӀехь, амма метрин барамашца.

Российн имперехь хирнийн стандартизаци пачхьалкхан тӀегӀанехь йацара. Хиран деталаш арахоьцу хӀора предприятино, лелайора шен стандарташ, кхечу пачхьалкхашкарчу аналогаш тӀехь йина.

Хирнийн стандартизаци йаран дуьххьарлера белхаш дӀадаьхьира 1921 шарахь РСФСР хаамийн некъийн халкъан комиссариата. Цара немцойн стандартийн метрин хирнийн бух тӀехь арахийцира НКПС-1 нормийн таблицаш цӀерпоштнекъан транспортехь лелон хирнашна. Таблицашна чохь дара метрин хирнаш 6 - 68 мм диаметр йолу.

1927 шарахь оцу таблицийн терахьашца Белхан а, мохкларбаран а Советан стандартизацин комитето кхоьллира ССРС дуьххьарлерачех цхьаъ пачхьалкхан стандарт — ОСТ 32. Оцу шарахь Витвортан стандартан хирнашна кечйира ОСТ 33А. 1932 шо долалуш кечйира ОСТ трапецикепарчу хирнашна модернизаци йина америкин Acme стандартийн бух тӀехь.

1947 шарахь кхоьллира Дуьненайукъара стандартизацин кхоллам (ISO). Хиран ISO стандарташ хӀинца дуьнено а тӀеэцна йукъара ю, оцу декъахь Росси а йу.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. В шарико-винтовой передаче, шарики катятся по винтовым канавкам (резьбе).
  2. Чекмарев А. А. и др. Справочник по машиностроительному черчению. 3-е изд. стер. — М.: Высшая школа, 2002. — С. 98. — ISBN 5-06-003659-6.
  3. Резьба EG-M Архивйина 2009-09-19 — Wayback Machine
  4. Резьба EG-M
  5. Резьба UTS, UNF Архивйина 2011-09-03 — Wayback Machine
  6. T. van de Kamp, P. Vagovic, T. Baumbach, A. Riedel. A Biological Screw in a Beetle’s Leg // Science. — 2011. — 333 (6038): 52. — doi:10.1126/science.1204245. — PMID 21719669.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гулиа Н. В., Клоков В. Г., Юрков С. А. Детали машин. — М.: «Академия», 2004. — С. 416. — ISBN 5-7695-1384-5.
  • Анурьев В. И. Справочник конструктора-машиностроителя: В 3 т. / Под ред. И. Н. Жестковой. — 8-е изд., перераб. и доп.. — М.: Машиностроение, 2001. — Т. 2. — 912 с. — ISBN 5-217-02964-1 (5-217-02962-5), ББК 34.42я2, УДК 621.001.66 (035).
  • Ред. Ишлинский А. Ю. Новый политехнический словарь. — М.: Большая Российская энциклопедия, 2003. — С. 671. — ISBN 5-7107-7316-6.
  • Якухин В. Г., Ставров В. А. Изготовление резьб. Справочник. — М.: Машиностроение, 1989. — С. 192.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]