Херх

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Куьйга хьокху херхаца у хадор
Галморзахбаккхар (херх галморзахбаккхаран гӀирс)
Херхан цергаш йоккха планаца
Яккхий цергаш йолчу херхан цергаш йоккха планаца

Херх — тайп-тайпана хӀуманаш (дечиг, металл, пластик, тӀулг, кхин дӀа а) хадоран дуккха а цергаш, кӀомсарш йолу гӀирс.

Дукха хьолахь херх хуьлу металлан экъан кепара, йисттехь цергаш а йолуш. Амма хуьлу херхаш, хадоран йист аьлхан кӀурбиллина (масала, алмазан — тӀулг хадоран) я дакъошца гулйина, зӀен херх санна. Иштта херхаш олу херх лелочу чархех, — масала, «бензинахерх». Хадоран болх боцуш иза лелабо музыкан гӀирс санна.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Херх бу белхан гӀирсех уггаре ширачех цхьаъ. Кегийра мокхазан гӀирсаш лелабора неолитан муьрехь (вайн эрал 7—3 эз. шо хьалха).

Дуьххьара эчиган херхаш дина скандинаваш. Херхаш деш хилла тӀулгех яьхна кепашна чу лалийна эчиг а дуттуш. Амма дика ца хиларна дигаршца херхаш лара ца лора.

Шортта бӀенаш шераш дӀадевлича Ширачу Грецехь дан долийра херхаш тусаран кепаца, цуо таро елира металл чӀагӀдан, цигара схьа гӀирсан дикалла совъяккха а[1].

Ширагрекийн мифашкахь херх юкъабаккхар тӀеяздо Дедалан вешин кӀант а, дешархо а волчу Талосан[2].

Херхийн кепаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Леларан амалшца херхаш декъало:

  • куьйга хьокхург — еха юткъа экъа херхан дегӀ дӀасахьакхарца болхбо
  • гоьрганиг (экъанаш)вал тӀехь хьийза, арахьа хадо йист йолу экъа.
  • асан — шина хьийзачу чкъург юкъа озийна тӀетесна аса.
  • зӀенан — белхан дакъа зӀе йолу херх.

Куьйга хьокху херхаш цхьаъ а, шиъ а тӀам болуш хуьлу.

Шен гӀирсан конструкцица декъало:

  • Ӏодан — Ӏодан тӀетесна дуткъа херхан дегӀ
  • куьйга хьокхург — ша херхан дегӀ дикка чӀогӀа а ду, шен кеп латто сетташ а ду.

Хадочунца херхаш декъало:

  • дечиг хадориг — уггаре даьржина херхаш, тайп-тайпана ду шайн цергашца, тӀомашца, куьцаца.

Цергийн барам: йохалла 1—18 мм, шоралла йолалучехь 1,5—12 мм. Яккхий цергаш дечиг дика хададо, амма хадийна меттиг шера ца хуьлу; юккъерчара — хадайо меллаша, амма хадийна меттиг гӀоле шера хуьлу; кегийрачара — дечиг цӀена хадайо, амма дукха меллаша. Цергаш иръяр: импульсан иръяр — сиха артло, амма юха а иръян йиш ю; дахчийна церг — ира дукха лаьтта, амма юха иръян пайден яц, 3D-иръяр — чӀогӀа ира хуьлу, таро ю херх схьаозош а, дӀатоттуш а хадо.

  • металл хадориг — оцунах а куьйга хадо херх олу. П-кепара металлан атланан тӀетесна хуьйцу дуткъа херхан дегӀ хуьлу. Кегийра цергаш хуьлу цуьнан (йохалла 1—1,5 мм, шоралла 1,2—2 мм)
  • бетон хадориг — оцу херхан тефлонан чкъор хуьлу, чӀога лаламан тӀелатораш хуьлу хӀора шолгӀачу церга тӀехь.
  • гипсокартон хадориг — оцу херхан ирдина болатан дегӀ ду.
  • тӀулг хадориг – дукха хьолахь уьш тайп-тайпана токан херхаш лу. ТӀулг хадош алсама леладо масех тайпана алмазан херхаш, уьш хуьлу чархан тӀехь, цуьнан конструкци йозу хедочу тӀулгийн барамех а, тӀулг стена беза хьаьжжина а. Алмазан херх — иза дуткъа гоьрга экъа ду йисттехула кегийра алмазаш долуш. Хадориг экъа яц, ткъа экъан йисттера кегийра гушдоцу алмазан дакъолгаш ду.

Технологин башхаллаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Херх лерина болу гӀирсе хьаьжжина, хоржу оптималан кеп, бохалла, цергийн шоралла, экъан тӀиера херонаш, цергашна тӀехӀиттораш, херх леларан сихалла.

Херх юкъа ца Ӏидийта цергаш галморзахйоху цхьацца юкъахь юьтуш (наггахь кхоъ юьтуш а), тӀаккха хадор шорло. Оцу Ӏалашонна йо херхан цергашна трапецин кеп а, кӀуж а латабо[3].

Херхийн тайпанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Фильмаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. История пилы
  2. Овидий. Метаморфозы. VIII, 236—259.
  3. Менделевич И. Р. Плотничные и столярные работы. — М.: Стройиздат, 1950.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Григорьев М. А. Справочник молодого столяра и плотника: Учебное пособие для профтехучилищ. — 2-е изд. — М.: Лесная промышленность, 1984. — 239 с. — 70 000 экз.
  • Менделевич И. Р. Плотничные и столярные работы. — М.: Стройиздат, 1950. — 320 с. — 20 000 экз.