Харрисон, Лестер

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Харрисон Лестер
Lester Harrison
Харрисон Лестер 1973 шарахь.
Харрисон Лестер 1973 шарахь.
Вина терахь 1922({{padleft:1922|4|0}})
Вина меттиг Чикаго, Иллинойс штат, АЦШ
Гражданалла АЦШн байракх
Кхелхина терахь 1986 шерал тӀаьхьа
Кхелхина меттиг АЦШ
ГӀуллакхан тайпа серийный убийца
Байинчеран барам 5-7
Мур 1951 шеран 10 августера - 1973 шеран 13 август кхаччалц
Коьрта регион Чикаго, штат Иллинойс, АЦШ
Хьесап Шийла герзаца, аьрта хӀуманца чевнаш йеш
Герз Урс
Бахьна Психика галйалар
Лаьцна терахь 1973 шеран 13 август
ТаӀзар Медицинин агӀор ницкъалла дарба лелор

Харрисон Лестер (инг. Lester Harrison; 1922, Чикаго, Иллинойс штат— 1986 шерал тӀаьхьа, Иллинойс штат) — америкин нах бойу зуламхо. Чикаго шахьрахь 1970 шеран 10 июлера 1973 шеран 13 август кхаччалц болчу муьрехь 6 зуда йерах коьрта шеко йерг. Массо а аьлча санна байинера Чикагон Грант-паркан (ингл. «Grant Park») кертахь, иза бахьнехь байаран серех кхин а олу «Грант-паркехь нах байар» (ингл. «Grant Park Murders»). Лаьцначул тӀаьхьа Харрисон Лестера дере дина ша виъ стаг верах, амма суьдан-психиатрин экспертизо сацам бина, Харрисон Лестер суьдан дуьхьала хӀотталур вац могашалла бахьнехь, цуьнан бух тӀехь психиатрин клиникехь ницкъала дарба лелор тӀедиллира[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Харрисон Лестеран бераллех кӀезиг хаа. Хаа иза 1922 шарахь Чикаго шахьрахь вина хилар. Масех ваша а, йиша а хиларх. 1930-гӀа шераш чекхдовлуш, кхиина ваьлла стаг волуш Харрисона гайта долийра психика галйалар а, девиантан лелар а, иза бахьнехь дахаран зуламе кеп лело волавелира. 1945 шарахь, Лестер Чикагохь герз лелош талор дарна бехке вина лецира. Цуьнан дов хаьттина зуламан кхел йира 10 шо чохь даккха дезаш билламе-хенал хьалха мукъа ваккха бакъо йолуш 5 шо набахтехь даьккхинчул тӀаьхьа. Лестер шен хан текхира «Menard Correctional Center» набахтехь, цигахь 1951 шеран 10 августехь вийра кхин чувоьллина волу, 28 шо долу Ким Норман. Киман дакъа карийра набахтин цхьаьна гӀишлон чохь йолчу котельнехь. Харрисона вийра иза дашан биргӀа масийттаза коьртаха тоьхна. И гӀуллакх толлуш Лестера шен бехк тӀелецира. Иза бехке вира Ким Норман верна, амма суьдан-медицинин экспертизин бух тӀехь, иза кхетамехь ца хилар хӀоттийра, иза бахьнехь цунна тӀедиллира ницкъала дарба лелор, йисина шен хан йаьккхира Чикагон цхьаьна психиатрин клиникехь. Дарба лелийна бевлча, йукъараллин кхераме ца хилар хӀоттийра, цул тӀаьхьа мукъаваьккхира[2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]