Хараппа
| ГӀала | |
| Хараппа | |
|---|---|
| урду ہڑپہ | |
| | |
| 30°38′00″ къ. ш. 72°52′00″ м. д.HGЯO | |
| Пачхьалкх |
|
| Провинци | Пенджаб |
| Округ | Сахивал |
| Истори а, географи а | |
| Сахьтан аса | UTC+5:00[вд] |
| harappa.com (инг.) | |
| Картин тӀехь | |

Хараппа (урду ہڑپہ, инг. Harappa) — ширахӀиндин гӀала ю, хараппин цивилизацин (вайн эрал 3 эз. — 17—16 бӀешо хьалха) коьртачех цхьа центр. Лаьтта Пакистанера (хӀинцалерачу Пенджабан мохк) Сахивал гуо чохь, Рави хин шира харш уллохь.
«Хараппа» йац хьалхалера гӀалин цӀе. И цӀе йелла цунна ширачу керлачу Хараппа гӀалин цӀарах, 6 километр генахь лаьттинчу. Керла Хараппа — тӀеман хенахь йисина британин колонизацин цӀерпоштнекъан станци ю. ХӀинца иза жима некъан йисттера гӀала ю, 15 эз. вахархо а волуш. Шира Хараппа карийна 1920-гӀачу шш., оцу хенара дӀахьуш ду археологин ахкарш.
Карийна Борзанан бӀешерера йохийна йолу чӀагӀйина гӀала, иза шен хенахь хилла уггар йоккха гӀала. Бахархой бара 23,5 эз. ст.[1] Шира Хараппан къапалгаш чӀогӀа йохийнера ХӀиндера британин олаллаш, цуьнан кибирчигаш лелон йолийра Лахор — Мултан цӀерпоштнекъ буьллуш. Оцу меттигехь ойла яра самукъанен парк хӀотто, Белхаш совцийра 2005 шарахь, дуккха а археологин артефакташ карийча. ГӀараваьлла Пакистанан археолога Ахьмад Хьасан Дани бахьнехь оьздангаллин Министралло барт бира гӀала меттахӀотто[2].
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Brian Fagan. People of the earth: an introduction to world prehistory. — Pearson, 2003. — P. 414. — ISBN 978-0-13-111316-9.
- ↑ Zulqernain Tahir. Probe body on Harappa park // Dawn, 26 May 2005. Retrieved 13 January 2006.
