Французийн Луизиана
Арахьара хатӀ
| Историн пачхьалкх | |||||
| Французийн Луизиана | |||||
|---|---|---|---|---|---|
|
|||||
|
|
|||||
|
1682 — 1804
|
|||||
| Коьрта гӀала |
Мобил (1702—1720) Керла Орлеан (1723 тӀаьхьа) |
||||

Луизиана (фр. La Louisiane; 1682—1762; 1802—1803) — Керла Францин а, Французийн Канадан а шина декъах цхьаъ. XVII—XIX бӀешерашкахь дӀалоцура Къилбаседа Америкера французийн колонийн мехкийн континентан чоьхьара шуьйра массиван къилба дакъа. Къилбаседа декъехь хаъал къаьсташ яра шен климатца, рельефца, бахархошца, оьздангаллийца, экономикица. Ший а дакъа шайна юкъахь вовшахтесна Миссисипис а, Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнийн а майдано. Миссисипи эрк а, иштта цуьнан даккхий геннаш а хилла Французийн Луизианин ладаме некъаш. Мехкан хийцамаш хилира, тӀаьххьара АЦШн йохкалца, Луизиана эцар аьлла цӀе тиллина мазбарехь. Цуьнан йисттера къилба дакъа юкъадахара хӀинцалерачу Луизиана штатан.