Украина (хьешан цӀа, Москох)

55°45′06″ къ. ш. 37°33′51″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хьешан цӀа
Хьешан цӀа «Украина»
Radisson Collection Hotel Moscow
55°45′06″ къ. ш. 37°33′51″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Москох Кутузовн проспект, 2/1
Архитектурин хатӀ сталинан ампир
Проектан автор Аркадий Мордвинов
Вячеслав Олтаржевский
Павел Красильников
Архитектор Мордвинов, Аркадий Григорьевич[d]
Йиллина терахь 1953
ГӀишлойар 19531957 шераш
Статус РФ къаьмнийн оьздангаллин тӀаьхьенан объект регионального значения РФ къаьмнийн оьздангаллин тӀаьхьенан объект регионального значения. Рег. № 772311380910005 (ЕГРОКН). Объект № 7700321000 (БД Викигида)
Локхалла 206 метр
Хьал болх беш йу (2018 шарахь)
Сайт ukraina-hotel.ru(оьр.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

«Рэдиссон Коллекшн» машанан хье́шан цӀа «Украи́на»сталинан лекха цӀенойх ворхӀалгӀа а, тӀаьххьара а лекха цӀа, дина Москохан Кутузовн проспектехь 19531957 шерашкахь архитекторийн Мордвинов Аркадийн, Олтаржевский Вячеславан а, коьрта конструкторан Красильников Павелан а проектаца [1].

ГӀишло йина сталинан ампир олучу хотӀехь, лаьтта кхаа декъех. Йуккъерниг царех лаьтта 34 гӀотах, цуьнан локхалла 206 метр ю (цунна йукъахь 73 метр чӀу а бу)[2]. АгӀонашкара дакъошкахь йу 250 квартира, уьш, тардолуьйту, йина Хрущёв Никитас омар делла[3].

ГӀишло долайаьккхина 2005 шарахь[4], 2007 – 2010 шерашкахь иза кечйеш йара, цул тӀаьхьа дӀадиллира «Рэдиссон Ройал, Москох» цӀе тиллина хьешан цӀе — оцу хенахьгӀалахь уггаре сий долу[2].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Калининан проспект тӀера (Керла Арбат) хьешан цӀа гар, 1967 шо

Хьалхара истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Даймехкан архитекторша Москохахь лекха гӀишлош йаран таро жигара йийца йаьккхира 1917 шеран революцил тӀаьхьа. Царна йукъахь — Лубянкин майданара стигал-бохьан ХБЛКх проект, иза йинера Кринский Владимира 1923-гӀа шарахь[5]. Оццу шарахь вежарий ВеснингӀар кховдийра Къинхьегаман гӀалин проект, цуьнан лекха дакъа 132 метр бӀов йара[6].

Правительствос Советийн Союзан коьрта шахьар йухайан архитекторийн лаамна гӀолоцура, амма и гӀарайевлла гӀишлойн проекташ йийцайахар дахделира дуккха шерашка. 1935-гӀа шарахь бен ца кхайкхийра Советийн гӀала а, масех лекха цӀа а тӀаьхьуо дарах. Пхи шо даьлча архитекторо Чечулин Дмитрийс нахала йаьккхира 24 этажан йукъараллин гӀишлон проект Дорогомиловра Москох-эркан ногнашкахь — оцу меттигехь хьалайира «Украина» хьешан цӀа. Эскизаш зорбатуьйхира «Москохахь гӀишлошйар» журналан 11-14 лоьмаршкахь. Оцу проектан берриг кечамаш меллаша беш бара, ткъа Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом баьлча белхаш совцийра[7].

Лекха цӀенойн проект[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьешан цӀа а, Кутузовн проспект а гар, 2008 шо

Советийн правительство ца йитира стигал-баххьаш даран ойла. 1947 шеран 13 январехь ВКП(б) ЦК секретара Сталин Иосифа куьг йаздина «Москохахь дукхагӀотийн гӀишлошйарех лаьцна» ССРС Министрийн Кхеташонан сацамна. Цхьацца историкаша лору, и ойла кхочуш йина йеккъа Сталинан лаамца, цунна лаара Москохахь шен заманан архитектурин иэсаш йан[8]. ТӀеэцначу сацамехь хьахийна йацара Дорогомиловера гӀишло. Амма 4 пуктехь хьахийера Ленинградан шоссехь «Динамо» стадионан гергахь 26 гӀат йолу хьешан цӀийнан а, хӀусамийн а гӀишло йан йеза аьлла. Мордвиновн, Министрийн кхеташонан архитекторийн гӀуллакхан комитетан векалан санна, проектан экспертиза йан йезара, правилеьстве чӀагӀйайта гӀишлойаран план гайта йезара. Болх дӀабелира йеза индустрин предприятеш йаран министраллин[9]. Хьешан цӀийнан проект кечйар тӀедиллира архитекторшна Мордвинов Аркадина а, Олтаржевский Вячеславана а, коьрта конструкторна Красильников Павелна а[1].

Архитектура а, хатӀ а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьешан цӀа гар, 2008 шо

1930-гӀа шерашкахь Советийн Союзехь кхолладелира керла архитектурин хатӀ, тӀаьхьа цунна цӀе йелира «сталинан ампир». Цуьнан амале аматаш йарс гӀилонан йоккхалла а, дахаран хӀусмашна тӀаьхь а дуккха декоративан дакъалгаш хилар. Декоративан кечдар къаьстара эклекталлица: классикин ордерашца цхьаьна лелайора хӀокху заманан сийлаллаш, масала, маьрсийн, пхи са болу седарчийн, советийн къинхьегамхочун жамӀ дина вастийн суьрташ[10].

Хьешан цӀа Украина кинохь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Олтаржевский, 1953, с. 110.
  2. 1 2 Лёва Левченко. Я работаю в гостинице «Украина». The Village (2018 шеран 21 февраль). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 23 августехь
  3. Гостиница «Украина»: истории и тайны последней сталинской высотки. Москва 24 (2014 шеран 2 август). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 май. Архивйина 2018 шеран 8 июлехь
  4. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху vesti тIетовжаран йоза йаздина дац
  5. Иконников, 1984, с. 46.
  6. Хазанова, 1963, с. 151.
  7. Кружков, 2014.
  8. Добренькая, 2013, с. 170.
  9. Светлаков Лев. Тайны сталинских высоток. Журнал «Самиздат» (2016 шеран 14 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 19 июнехь
  10. Сталинский ампир. Артишок (2017). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 23 майхь
  11. Анастасия Мельникова. Тайны «Украины» в России. РИА Новости на Рамблере (2017 шеран 23 май). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 июнь. Архивйина 2018 шеран 8 июлехь

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалха хилларг:
Уолдорф-Астория
Дуьненахь уггаре лекха хьешан цӀа
206 м

1955 — 1976
Когаметтаниг:
Хьешан цӀа «Вестин-Пич-Плаза»(ингалс.)
Хьалха хилларг:
Хьешан цӀа «Ленинградан»
Европера уггаре лекха хьешан цӀа
206 м

1955 — хӀинца а
Когаметтаниг:
дац
Хьалха хилларг:
Хьешан цӀа «Ленинградан»
Российн уггаре лекха хьешан цӀа
206 м

1955 — хӀинца а
Когаметтаниг:
дац
Хьалха хилларг:
Хьешан цӀе «Ленинградан»
Москохан уггаре лекха хьешан цӀа
206 м

1955 — хӀинца а
Когаметтаниг:
дац