ТахӀажжуд
Арахьара хатӀ
ТахӀажжуд (Ӏаьр. التَّهَجُّدُ), ТахӀажжуд-ламаз йа Ӏуьйкъа-ламаз (Ӏаьр. صَلَاةُ التَّهَجُّدِ) — иза суннат-ламазийн дакъойх цхьа дакъа ду. ТахӀажжуд ламазан хан дӀайолало пхьуьйр-ламаз динчул тӀаьхьа, Ӏуьйр-ламаз хан хиллалц лаьтта иза. Иза шена луучо 2 йа 8 йа 12 ракӀат до [1]. Дукхахьолахь масех 2 ракӀат ламаз до.
МаьӀна а, даран хан а
[бӀаьра нисйан | нисйан]ТахӀажжуд бохург «сема хилар» бохург ду, ткъа иза наб йитар ду. Цунах лууш дерг: наб йинчул тӀаьхьа буьйсанна йа Ӏуьйкъанна ламаз дар ду. Пхьуйр-ламаз динчул тӀаьхьа, наб йалале хьалха дӀадолалуш долчу буьйсанан ламазах «салатул-къиям» (буьйса-ламаз) олу, ткъа наб йинчул тӀаьхьа деш долчу ламазах «салатут-тахӀажжуд» (тахӏажжуд йа Ӏуьйкъа-ламаз) олу.
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Аз-ЗухӀайли В. Аль-фикъхӀул-ислами ва адиллатухӀ. В 11 т. Т. 2. С. 1064.