Тарсал

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Тарсал
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Sciuridae Fischer-Waldheim, 1817

Тарсал (оьрс. Белка) олу. Тарсал массанхьа а дойзаш ду. Туьйранахь а дукха меттигаш ю тарсал хьахош. Каде а, хаза а ду иза. Диттан гаьннаш тӀоьхула цуьнан лелар йоккха исбаьхьалла йолуш ду.

  • Тарсалаш ехаш меттигаш дукха ю. Полярни гонашкара, къилбехьа, Испани а, Желтойчоь а кхаччалц долчу мехкашкахь уьлу уьш. Вайн Советски Союзехь, Малхбузехьа Ӏаьржачу хӀурда тӀе кхаччалц а, малхбалехьа Самаре, Свердловске кхаччалц а, къилбехьа агӀор Алтайхь а. Вайн Кавказан лаьмнашца йолчу хьаннашкахь а, Кореехь а, Японехь а хуьлу уьш.
  • Тарсалан цӀокарчий,муьлххачу а кхечу акхаройчел а, механа еза ю. Тарсалаш дитташна тӀехь деха. Амма лаьтта охьа диссар а кӀезиг дац церан. Лаьтта охьа а эккхий, додий кхечу дечиг тӀе хьаладолу тарсал. Лаьттахь яа хӀума а лоху цо. Къайлах адам, я экха тергалдо цо. Шена тӀаьхьа ваьллачух къехкаш диттан гена тӀоьхула боьххье кхаччалц хьаладолу иза. Кхин дӀа даха меттиг йоцуш дисчи кхоссалой кхечу дечиган гаьннаш тӀе долу тарсал, я, лаьтта охьа а эккхий, додий хьалха тӀе нисъеллачу дечиган гӀода тӀоьхула хьаладоду.
  • Тарсалаш цхьана меттера кхоьчахьа дӀакхелха. Кхелхана дӀаяхар лаьттахула хуьлу церан, яккхийра реманаш цхьана а кхетий. И рема доьхьал нисъеллачу юьртах а, гӀалех а чекхйолу. Церан дӀай-схьай кхалхар гурахь хуьла. Ӏа буьрса догӀург хиларан цхьацца билгалонаш тосало царна. Яа хӀума йоцуш шаьш меца юьсург хиларх къаьхкий кхелха уьш кхоьчахьа дӀа. Шерачу аренашкахула дӀа кхелхаш доккха зе хуьлу царна.
  • Дитта тӀехь йолчу хенахь царна тӀекхача аьтту боцуш хиллачу акхароша доу уьш. Масала, берзалоша, цхьогалаша, дингаташа, оьпарчаша, олхазарша.

Шаьш дӀакхелханчу меттехь ялх-ворхӀ ша доккху цара. ТӀаккха цигара, шаьш хиллачу юха кхелха.

  • Тарсалийн дебар сиха хуьлу. ДӀа-схьа кхелхаш хӀаллакьхилар меттахӀутту церан, сиха дебар бахьана долуш. Цхьана аьхка шозза хуьлу церан дохкана. КӀорнеш кхаанни тӀера иттанне тӀе кхаччалц йо. Баннаш дечиган Ӏеханах до цара, гондахьа гӀаш, синтарш а дохкуш. Бен бухара кӀадбеш тарсалийн чоьш а хуьлу. Дечагийн хареш чохь а до цара баннаш.
  • Тарсалийн коьрта кхача бу: хьуьнан бӀараш, стоьмаш, стоьмийн хӀуш, олхазарийн хӀоьаш, цӀазамаш, жӀаьлин-нускалш. Ӏаьнна дӀаӀалашдо цара бӀараш а, кхин тайпа кхачанан сурсаташ а.

Диалекташкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кист. цикъо, чеб. тарсил, Ӏов. цехцалдиг.

Хьажа. кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]