Сомма (департамент)
| Департамент | |||||
| Сомма | |||||
|---|---|---|---|---|---|
| фр. Somme пикагӀд. Sonme | |||||
| | |||||
|
|||||
| 49°53′00″ къ. ш. 02°25′00″ м. д.HGЯO | |||||
| Пачхьалкх |
|
||||
| Йукъайоду | О-де-ФгӀанс | ||||
| Цунна йукъайоду | 4 гуо, 23 кантон, 779 коммуна | ||||
| Адм. центр | Амьен | ||||
| Департаментан Кхеташонан председатель | Сомон ЛогӀан (Р) | ||||
| Истори а, географи а | |||||
| Кхоллар | 1790 шеран 4 март | ||||
| Латта |
6170 км²
|
||||
| Сахьтан аса | UTC+1 | ||||
| Бахархой | |||||
| Бахархой |
571 632 стаг (2014)
|
||||
| Луьсталла | 93 стаг/км² (47-гӀа меттиг) | ||||
| Идентификаторан терахьаш | |||||
| Код ISO 3166-2 | FR-80 | ||||
|
|
|||||
| Официалан сайт | |||||
|
|
|||||
Сомма (фр. Somme, пикагӀд. Sonme) — Францин къилбаседера департамент, О-де-ФгӀанс регионан цхьа департамент. РогӀера лоьмар — 80. Административан йукъ — Амьен. бахархой — 571 632 стаг (2014 ш. хаамаш).
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Сомма департамент лаьтта историн областехь ПикагӀдехь, доза ду французийн департаменташца Па-де-Кале, НогӀ, Уаза, Эна, ХӀордйистан Сена. Малхбузехьа хиш ду Па-де-Кале хидоькъен. Департаментан берриг махкахула чекхдолу Сомма эрк, цуо йелла и цӀе департаментан. Мехкан майда — 6170 км².
Департаментан коьрта гӀаланаш йу Амьен, Абвиль, АльбегӀ, ПегӀонн, Мондидье, КогӀби, Дуллан, ГӀуа.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Сомма — 1790 шеран мартехь Сийлахь французийн революци йолуш дуьххьара кхоьллинчу 83 департаментех цхьаъ йу. Кхоллаелла ПикагӀди провинцин хиллачу махкахь.
Хьалхара дуьненан тӀом боьдуш кхузахь хилла даккхий тӀемаш (1916 а, 1918 шо а — Соммера тӀом).
Административан йекъайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Департаментан йукъабогӀу 4 гуо, 23 кантон, 779 коммуна.
Политика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Департаментан бахархоша 2017 ш. Президентан харжамашкахь кхажтасаран жамӀаш:
1-й тур: Марин Ле Пен (Къоман фронт) — 30,37 %; МакгӀон Эммануьэль ("Хьалха!") — 21,75 %; Меланшон Жан-Луьк ("Къарйанза Франци") — 18,61 %; Фийон Франсуа (Республикахой) — 16,22 %; кхин кандидаташ — 5 % кӀезиг.