Румера Папа

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Румера Папа
Румера Папа
Румера Папа
Сайт vatican.va/holy_father
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Римера Папа- Руман епископ а, дерригдуьненан Католикийн Килсан мозгӀар а, Ватикан пачхьалкхан куьйгалхо а. Папалла- Римера Папа Католикийн килсан тхьамда веш йолу динан Ӏилманан а, политикан а институт.

Папа Сийлаллин Паччахьаллан лакхара урхалча ву.

Папин резиденци Ватиканехь ю.

Сийлахь цӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]

Римера Папа (латинан маттахь Pontifex Romanus — Риман понтифик; я Pontifex Maximus — лакхара шен лаамехь волу понтифик)- дуьненюкъара бакъонехь къаьсттина башхала йолу адам ду (persona sui generis). Папан 3 бовваьлла (къаьстина) Ӏалашо ю:

  1. Сийлаллин Паччахьаллан тхьамда а, суверен а.
  2. Сийлахь Пётран (Римера хьалхара епископ) когаметтаниг хиларе терра- Католикийн килсан гуш волу тхьамда а, цуьнан лакхара иерарх а.
  3. Пачхьалкх-гӀала йолу Ватиканан суверен а.

«Папа» дош грекийн маттер тӀеэцна ду — πάππας. Нохчийн маттахь «да» маьӀан ду цуьнан.

Сийлаллин Паччахьаллан суверенитетах схьайолуш ю Ватиканан шен лаамехь хилар. Иза бакъдина 1929-чу шарахь Латеранан бартбарца.

Католикийн хьехамехь дуьйцу Папа хьалхарчу Риман епископан Сийлахьчу Пётран когаметтаниг хилар. Цундела, Килс чохь тхьамдалла йолуш ву иза.

2013 шеран 13-чу мартехь Римера папа хаьржира Аргентинер волу Хорхе Марио Бергольо. Цуьнан керла цӀе Франциск ю.

Римера Папан леррина титулш:[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дукха титулш ю Папан: Риман Епископ а, Ӏийсан викари (гӀовс) а, апостолшан Элан когаметтаниг а, Дуьненан килсан лакхара а, хьалхара мозгӀар а, сийлахь-воккха понтифик а, Италин Примас а, Риман провинцин архиепископ а, митрополит а, гӀала-пачхьакх йолу Ватиканан суверен а, Делан лейн лай.

Латинан маттахь:

  • Episcopus Romanus
  • Vicarius Christi
  • Successor principis apostolorum
  • Caput universalis ecclesiae
  • Pontifex Maximus
  • Primatus Italiae
  • Archiepiscopus ac metropolitanus provinciae ecclesiasticae Romanae
  • Princeps sui iuris civitatis Vaticanae
  • Servus Servorum Dei

2006 шарахь XVI Бенедиктас папан титулатурер «Малхбузера Патриарх» сийлахь цӀе дӀаяьккхира.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Исторехь къастайо папаллан рогӀера муьраш:

  • Керста динан юьхь (30-325 шераш).
  • Константин императоран а, остготашан а мур (313—493). Цу муьрехь Риман имперехь керсталла «пачхьалкхан дин» статусехь яра.
  • Остготийн мур (493—537).
  • Византийн мур (537—752).
  • Франкийн мур (756—857).
  • Папалла осалдаьлла мур (1048 шо кхаччалц). Папалла Ӏаткъам болу доьзалшан карахь (порнократи а, Тускулум доьзал а, Крешенци доьзал а).
  • Папалла чӀагӀделла мур (1048—1257).
  • Риман дозанал арахьара резиденцешкахь Ӏийна Папаш (Витербо а, Перуджа а, Орвието а) (1257—1309).
  • Авиньон-гӀалахь папашан «йийсар» (1309—1377).
  • Малхбузехь барт бохар (1378—1417).
  • Ренессансан мур (1417—1534).
  • Реформаци а, Контрреформаци а (1517—1585).
  • Барокко хан а (1585—1689), Серлонан зама а.
  • Папалла карчамаш хилчу хенашкахь (1775—1861).
  • Риман хаттар (1861—1929).
  • Кхузаманан мур (1929 шо дуьйна).

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]