Пугачёва, Клавдия Васильевна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Пугачёва Клавдия
Бакъ цӀе Пугачёва Клавдия Васильевна
Йина терахь 1906 шеран 18 март({{padleft:1906|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})
Йина меттиг Павловск
Кхелхина терахь 1996 шеран 8 апрель({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (90 шо)
Кхелхина меттиг: Москох
Гражданалла:
Говзалла: театран а, кинон а актриса
СовгӀаташ:
Орден «Сийлаллин Билгало» — 1954
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
SU Medal In Commemoration of the 800th Anniversary of Moscow ribbon.svg
SU Medal For the Development of Virgin Lands ribbon.svg Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» RUS Medal 50 Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg
РСФСР Хьакъдолу артист — 1947
IMDb: ID 2734486

Пугачёва Клавдия Васильевна (1906 шеран 18 март, Павловск — 1996 шеран 8 апрель, Москох) — советийн актриса, гӀараяьлла 1937 шеран « Хазнин гӀайре» фильм бахьнехь. РСФСР хьакъдолу артист (1947).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина Павловск гӀалара Мариински паччахь кертара килсан псалмахочун Пугачев Василий Васильевичан а, цуьнан зудчун Анастасия Алексеевнин а доьзалехь (ден фамилица Борисова). Да-нана делира 1917 шарахь. Клавдия вешица Андрейца а, йижаршца Евфросиница а, Еленица а чуйиллира Петроградера байлахь дисина бераш тӀеоьцийле. Берийн цӀийнера Клавдия дӀаийцира Берийн исбаьхьаллин З. И. Лилинан цӀарах студе, ткъа цул тӀаьхьа Петроградан (Ленинградан) Къона хьовсархойн театран (КъХьТ) Берийн театран студе, иза чекхъяьккхира 1924 шарахь.

Бераш цӀетиллира Клавдиян — Капля (ТӀадам), Капа — цул тӀаьхьа сценан харц цӀе хилира цуьнан, оцу цӀарца иза масийттаза сценин тӀеелира эстрадехь а, доттагӀашна хьалха а, дуккха а хиллачу актёрийн синкъерамашкахь а», оцу гӀуллакхах Пугачева Клавдех лаьцна Интернет-публикацешкахь тӀаьхьа гӀалатан бахьна хилира (цунах олура Капитолина, иштта фамили йолчух иза тарлора).

1924-1934 шерашкахь А. Брянцев куьйгаллехь волуш Ленинградан КъХьТ болх бира. Москохан кхардаман театран (1934-1941) а, Москохан Маяковский Владимиран цӀарах театран (1941-1973) актриса. 1920-1940-гӀа шерашкара оьздангаллин гӀуллакххойх дагалецамех долу «Хаза аматаш» жайнин автор.

Клавдия Васильевна марехь яра Шестопал Виктор Михайловичехь (1907-1981) — инженер-литейщикехь, профессорех, техникан Ӏилманийн докторехь. КӀант — Шестопал Алексей Викторович (1944 ш. в.) — философин Ӏилманийн доктор, профессор. КӀентан кӀант — Шестопал Виктор Алексеевич (1975 ш. в.) — пианист, дуьненаюкъара къовсамийн лауреат.

Елла 1996 шеран 8 апрелехь Москохахь инфарктах. ДӀайоьллина Кунцевон кешнашкахь.

Кхолларалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Театрера ролаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ленинградан КъХьТ:

  • «Говр-Горбунок», 1922
  • «ТӀаьхькхуьур ду малхан», 1922 (Журлик)
  • «Антигона» (Антигона)
  • «Вильгельм Телль»
  • «Том Сойеран хиламаш», 1924 (Гекльберри Финн)
  • «Тимошкин маьӀда доккхийла», 1925 (Тимошка)
  • «Паччахьан кӀант а, къиен стаг а», 1928 (Том Кенти)
  • «Иштта хилла», А.Бруштейн (Абке)
  • «Иштта хилла», А.Бруштейн (Абке)
  • «Ундервуд», 1929 (Маруся)
  • «Винтовка № 492116», А. Крон (Паташон) (1930)
  • «Скапенан гӀуллакхаш» (Зербинетта)
  • «Дон-Кихот» (Хенесилья)

кхин а

Кхардаман театр:

  • «Меркурий», 1934 (Анни)
  • «Зезагийн некъ», 1934 (Таня)
  • «Пигмалион», 1937 (Элиза)
  • «Шайтанан тӀай», 1939 (Зизи)

кхин а

Драман театр (Маяковскийн театр):

  • «Кхаа эркан кӀентий», 1944 (Матильда)
  • «Нах санна стаг», 1945 (Кира)
  • «Сийн закон» (Нина Ивановна)[1]

кхин а

Ролаш кинохь[нисъе бӀаьра | нисъе]

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 1947 — РСФСР хьакъдолу артист
  • 1954 — Орден «Сийлаллин Билгало»
  • 1956 — «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
  • 1958 — «Байлатта карадерзорна» мидал

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Пугачёва К. В. Прекрасные черты (Воспоминания / составитель А.В.Шестопал (Пугачёв)). — М.: АСТ, Зебра Е, ВКТ, 2009. — 416 с. — ISBN 9785170569106, 9785946637466, 9785226010903

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Пугачёва Клавдия Васильевна
  • Российский государственный архив литературы и искусства, фонд 3037, Пугачева К. В. — Российский государственный архив литературы и искусства. Путеводитель: вып. 7/ Ред. вып. С. В. Шумихин.-М.- Русское библиографическое общество, IN-Quarto/*Инженер*,1997.-с.190-194. ISBN 5-8208-0002-8.
  • Ленинградский Театр юных зрителей издательство «Искусство». Ленинградское отделение. Ленинград. 1972- с.247.
  • Московский театр Сатиры. М., Издательство «Искусство», 1974.
  • Театр Революции — Театр Драмы — Театр имени Вл. Маяковского. Весь театр за 75 лет. Энциклопедический словарь. М., «Инкомбук»,1999. ISBN −5-88852-019-5.
  • Марианна Краснянская. Капа Челлини.// Московский наблюдатель/ Театральный журнал. 1997,N3-4, сс. 46-48.