Операционни система

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Операцио́нни систе́ма, йоцца ОС (инг. operating system, OS) — декъашхочуьнца юкъаметтиг латтаяран а, устройствон ресурсийн урхалла дан а кхоьллинчу программийн комплекс.

Дукхах йолчу ларарин системашкахь операционни система чIогIа оьшуш (наггахь уггаре коьрта а) дакъа ду системан программан латторехь. 1990 шарахь дуьйна, яьржина операционни системаш ларалуш ю Windows а, UNIX системан классаш а (къаьсттина Linux а, Mac OS а).

Операционни системан компоненташ[хьост?]:

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхетам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Операционни системан къасторан ши тоба ю: «гӀирсийн урхалла даран программийн набор» а, «кхечу программийн урхалла даран программийн набор» а. Цу шиннан а къаьсттина технически маьIна ду, опреационни система маца оьшу бохучу хаттарца доьзна долу.

Операционни система оьшуш ю:

  • данныш Iалашъян универсальни механизм эшахь
  • сих-сиха лелош йолчу подпрограммийн системан библиотекаш кхачийта
  • бакъонаш дIасаекъа
  • компьютер тIехь «цхьанне» болх бан масех программа схьаяста оьшуш делахь
  • программийн процессашна урхалла дан