Чулацаман тӀегӀо

Нохчийн йоза

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Газет "Serlo" 1926 шо (нохчийн латиница)

Ӏаьрбойн элпашца XX-гӀа бӀешо доладалале нохчаша йаздора Iаьрбойн элпашца. Ӏаьрбойн элпаш лелийна кху шерашкахь 1910, 1920 амма тӀаьххьарлера шарахь 1922 иза оьрсаша хийцитина шайн тӀелаьцна йолучу кирилицан элпашца. Амма йа Ӏаьрбойн, йа кирилицан элпаш нохчийн маттаца догӀуш дац йаздарехь, уьш мел хӀиттийча шадолу далош долу аз ца хӀоттало оцу кирилицан элпашца. Оцу массарал гӀоле нохчийн маттаца догӀуш долу элпаш (Нохчийн элпаш 1925 шарахь) уьш ду латинан элпаш, оцу латинан элпашца мелдолу олуш долу аз дӀайазло.

ا ب ت ث ج ح خ د
ذ ر ز س ش ص ض ط
ظ ع غ ف ڤ ڮ ق ك
ل م ن و ه ي

Нохчийн элпаш 1925 шарахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Нохчийн элпаш 1925 шарахь 1925 шарахь Советан Iедало политикин бахьанаш хьалха даьхна, тIеийцира керла, латинийн бух тIехь йолу, нохчийн элпаш. Оцу элпийн авторш бара: X. Ошаев а, М. Сальмурзаев а.

A a Ä ä B b C c Č č Ch ch Čh čh D d
E e F f G g Gh gh H h I i J j K k
Kh kh L l M m N n Ŋ ŋ O o Ö ö P p
Ph ph Q q Qh qh R r S s Š š T t Th th
U u Ü ü V v X x X́ x́ Y y Z z Ž ž

1938 шарахь оьрсаша, кириллицан элпаш тIе хийцира, цул хьалха хилла йолу латинан элпаш.

Кириллицан элпаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1991 шарахь Нохчийчоьно ша маьрша пачхьалкх йу аьлла дӀахьедар диначул тӀаьхьа, йукъайаьккхина аьлла дӀакхайкхира латинан алфавит (хIункархойн кепехь). Делахь иза дӀасайаржо аьтто ца белира, хӀунда аьлча и боцург а, шортта тайп-тайпана баланаш Нохчийн къона пачхьалкхана хьалха хӀиттина дела.

А а Аь аь Б б В в Г г ГӀ гӀ Д д Е е Ё ё Ж ж
З з И и Й й К к Кх кх Къ къ КӀ кӀ Л л М м Н н
О о Оь оь П п ПӀ пӀ Р р С с Т т ТӀ тӀ У у Уь уь
Ф ф Х х Хь хь ХӀ хӀ Ц ц ЦӀ цӀ Ч ч ЧӀ чӀ Ш ш Щ щ
Ъ ъ Ы ы Ь ь Э э Ю ю Я я Ӏ ӏ

Латинийн элпаш 1992 шарахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
A a Ä ä B b C c Ċ ċ Ç ç Ç̇ ç̇ D d E e F f G g
Ġ ġ H h X x Ẋ ẋ I i Ƶ ƶ K k K̇ k̇ Q q Q̇ q̇ L l
M m N n O o Ö ö P p Ṗ ṗ R r S s Ş ş T t Ṫ ṫ
U u Ü ü V v Y y Z z J j Ə ə Ŋ ŋ