Национализм

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Awakening of Wales.jpg

Национализм (фр. nationalisme) — XVIII бӀешо чекх долуш хенахь Европехь кхоллаелла политикан принцип ю. Национализман чулацам бу иза, Даймехкан дозанаш лардар а. ДегӀ а, са а цакхоош, шен къоман муьтӀахь хилар. Къоман маьрша дахар лардар. ТӀаккха къомах дог а лозуш, шен къоман дахар та далита некъ лахар, тӀаккха оцу некъан тӀаьхь къа а хьоьгуш хилар. Оцу политикан принципо жима верг, воккха верг, таро ерг, къен-миска верг къаьста ца во. Коьрта дерг ду — цхьан къоман нах уьш хилар. Национализман коьрта Ӏалашо ю, цхьан къомах болу неха уьйр хилийтар. ХӀоранне, шен дай баьхна латта дезар — тӀедиллина декъар хилар а къастадeш.

Национализм XIX—XX бӀешерашкахь яьржина Европехь. Европан юккъе йогӀуш йолу пачхьалкхан политикан дахаран боккху Ӏаткъам а беш. Оцу хенашкахь хилла йолу национализм идеологи хилла аьлла таханлера историкаша бина сацам бац. Ткъа иштта XIX бӀешо чекх долуш хенахь (1870 шо дуьйна дӀа) юкъа доьвла сий доцучу агӀора яьккхина йолу национализмах шайн бух а болуш, керла некъаш —шовинизм а, ксенофоби а.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]