Чулацаман тӀегӀо

Моьрдахо

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Моьрдахо (инг. killer, оьрс. убийца) — адам дийна волу стаг.

ТӀаьххьара шерашкахь моьрдахон васт чӀогӀа йаьржина йу массийн оьздангаллехь, кинематографехь (масала, фильм «Леон»), компьютеран ловзарш (ловзаран сереш «Hitman») а, анимеНуар», «Кайт — йоӀ-моьрдахо») а.

Йаьржина тенденцеш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Заказан моьрдаллаш чӀогӀа йаьржина виеран кеп йу, цуо таро ло вие аьллачунна дика алиби: вуьйчу хенахь иза генна, алссама нах болчохь хила тарло. Цул сов, моьрдахо лаьцчи, заказхочун ша стаг виерах волу, цхьана бахьнийца цуьнга иза виен ца лахь, иза вевзаш велахь муххале а.

Цхьаболу гӀарабевлла моьрдахой[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Цзин Кэх лаьцна туьйранаш а даьхна тиранашца тӀом латториг ву аьлла, иза аьттонза гӀоьртира император Цинь Шихуанди виен. Оцу гӀуллакхах бахьна дина, Цинь Шихуандис дӀалецира Янь паччахьалла, церан эло ваийтина моьрдахо аьлла. Оцу хиламан лерина йу фильм « Император а, моьрдахо а»
  • Солоник Александр — российра моьрдахо ("Белая стрела" башха гӀуллакхийн тобан белхало хила а тарло), цуьнан чоьтехь иттаннаш байина нах бу, царна йукъахь криминалан «чӀичӀъаьлларш» а, иза кхузза ведда набахти чуьра.
  • Новицкий Виталий«Хади Такташ» тобанера аьттонза моьрдахо
  • Пустовалов Александр («Саша-Салтий») — Ореховн ЗТ моьрдахо. ГӀараваьлла ша кепара декъий дохорца.
  • Шерстобитов Алексей («Лёша-Салтий») — Медведковн ЗТ моьрдахо. Шерстобитовн исторех сюжетан бух хилира «Банды» телесериалан (2010).
  • Куклински Ричард — америкин моьрдахо, 20 шарахь бӀенаш нах байина, гӀараваьлла «Шен стаг» цӀарца, хӀунда аьлчи ша байинчу нехан декъий гӀорадойтуш хилла рефрижератораш чохь, полицина маца вийна ца хаийта.
  • Энглман Гленнон Эдвард — Сент-Луисера цергийн лор дантист, мехах нах бойуш хилла. 22 шерахь бахам бахьнехь лаххара а 7 стаг вийна.
  • Харрельсон Чарльз Войд — америкин моьрдахо, шозза хан тоьхна валлалц чохь йаккха, бехке вина федералан суьдхо Джонатан Вуд виерна. Голливудан актёран Харрельсон Вудин да.
  • Джон Чайлдс — британин моьрдахо, гӀавраваьлла шен къизаллийца. Цуо вийначех цхьа а карийна вац. Ткъа Чайлдса ша дуьйцора, ша байинчарах кискаш а йохий, жижиг охьу чарх чухула чекхбохий, хьешан цӀа чохь багабора бохуш.[1]
  • Стретко Калинич — Земунан зуламан тобан декъашхо. 2003 шарахь Сербин премьер-министр Джинджич Зоран вие араваьллачех цхьаъ.[1]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 Полина Фанаскова. 10 самых известных профессиональных убийц (2014 шеран 18 апрель).
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «моьрдахо»