Локалан лору сеть

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Локалан лору сеть (ЛЛС, локалан сеть; инг. Local Area Network, LAN) — компьютеран сеть, жима меттиг я гIишлойн тоба дIалоцуш йолу (цIа, офис, фирма, институт). Цул сов локалан сеташ а ю, 12 500 км сов географин дIасаяхана зIенаш йолу (космосан станцеш а, орбитан юккъенаш а). Иштта некъан бохаллаш йоллушехь, цу тайпа сеташ а локалан сеташна юкъахь лору.

Сеть хIоттаяр[нисъе | нисъе чухулара]

Сеташна классификаци яран дуккха а маьIнаш ду. Классификаци яран коьрта агIо лоруш ю администратирован яр. Сеть муха кхоьллина ю а, муха болх беш ю а, цунна муха урхалла деш ду а хьаьжжина, иза локалан, дIасаекъна йолу, гIалин я глобальни сеть юкъахь лору. Сетан а, цуьнан сегменташна а урхалла до сетан администратора. Нагахь санна сеть хала елахь, цуьнан урхаллин бакъонаш дIасаекъна а, администраторийн тобанан даршна документаци а, журналирован а лелош а хуьлу.

Адресаци[нисъе | нисъе чухулара]

IPv4 протокол тIехь кхоьллинчу локалан сеташкахь лелош хила мега IANA (RFC стандарташ 1918 а, RFC 1597 а) хIиттийна йолу леррина адресаш:

  • 10.0.0.0—10.255.255.255;
  • 172.16.0.0—172.31.255.255;
  • 192.168.0.1—192.168.255.255.