КӀайн корта болу аьрзу

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
КӀайн корта болу аьрзу
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Gyps fulvus Hablizl, 1783
Ареал
сурт
Ларйен статус

КIайн корта болу аьрзу — (en. Griffon Vulture), (оьрсаша "Сип белоголовый" олу) И тайпа аьрзунаш кIезиг йу. ДIайовш лаьтта уьш. Бос мокха бу цуьнан, чукIело хьаьрса йу. Лаг дерзина ду, кIайчу дон кач бу логехь. ТIемаш дIа-схьа даржичи 2,5 метр ду.

  • Уьш хуьлу меттигаш Дуьненан хIорд Йуккъера а Жима Ази, Иран, Афганистан, Пакистан, Крым, Кавказ. Вайн лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа аьрзу. Уьш дукху а йолчу хенахь гIеранаш хуьлура. ХIинца цера гIеранаш йац. Баннаш адам тIе ца кхачалучу меттигашкахь, ламанан лекхачу даккъашкахь, тIулган, мокхазан чхерашкахь до цара. Баннаш даккхийра хуьлу, дечиган синтарех дой. Мархи баттахь доккха кIай цхьа хIоа до цо. Тойнахь цхьана баттахь, кхаа кIирнахь Iа (50-52 дийнахь). КIорни кхаа баттахь эха баттахь кхуьу. Деллачу акхаройн, бежнийн дилх доу цара. ХIаваэхь тIам ца ластош гонаш туьйсу цо. ТIемаш хьалагIоттош хIаваэ хьала йаллалц бен ца лестадо цо. ХIаваэхь дукха лакхахула кхерста иза тIам ца ластош. Шарой-Органехь, ЧIаьнти-Органехь бен гуш йац уьш. Цигахь гуш билгалъйаьлларг иттех бен йац. Уьш доь ца дайта ларо йезаш йу.

Суьрташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа. кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]