Кузнецова, Лариса Григорьевна
| |||||||||||||
Юьззина цӀе | Куклина (Кузнецова) Лариса Григорьевна | ||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гражданалла | |||||||||||||
Йина терахь | 1990 шеран 12 декабрь (30 шо) | ||||||||||||
Йина меттиг | |||||||||||||
Яхар | Тюмень, Росси | ||||||||||||
Дуьненан чемпион | 2 юкъахь | ||||||||||||
хаамашца | 2019/20 | ||||||||||||
Юкъара нийсалла | 83% | ||||||||||||
Вижина | 84% | ||||||||||||
ХӀоьттина | 82% | ||||||||||||
Шен подиумаш |
2 (![]() ![]() ![]() |
||||||||||||
|
|||||||||||||
![]() |
Ку́клина Лари́са Григо́рьевна (йинчу хенахь Кузнецо́ва; йина 1990 шеран 12 декабрехь , Тюменан областан Лабытнангехь, ) — российн биатлонхо, Российн чемпион, дерригдуьненан Ӏаьнан Универсиадан совгӀатхо, юниорашна юкъахь биатлонан дуьненан чемпион.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
2001 шарахь дуьйна лийлира спортан ишколан лыжаш хахкаран декъе, тренер гӀараяьллачу биатлонхочун Ахатова Альбинин да Ахатов Хьамид вара. 2003 шарахь Ларисина елира лыжаш хахкарехь хьалхара баккхийчеран разряд.
Юниорийн карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
Лыжаш хахкаран тайп-тайпана хьалхеяккхарийн масийттаза толамхо хилла. Кенай ахгӀайренан тӀиера (Аляска, АЦШ) 2006 шеран Арктикан Ӏаьнан ловзаршкахь Кузнецовас йоккху йиъ деши мидал: эстафетан хехкаршкахь, 5 км хехкаршкахь, 750 м спринтехь, 5 км масс-стартехь.
2006 шарахь Лариса шен ницкъашка хьаьжира биатлонехь, кхочуш йира спортан говзанчийн кандидатан норматив.
2009 шарахь биатлонан гулйинчу командан юкъахь Лариса йоьду Кенморехь (Канада) хиллачу шен хьалхара юниорашна юкъара дуьненан чемпионате, цигахь эстафетехь Галич Ольгица а, Погорелова Анница а цхьаьна йоккху дешин мидал. ШолгӀачу шарахь иза юха а харжало Швецин Турсбюхь йолчу юниорашна юкъара дуьненан чемпионате, хӀора къовсамехь топ-10 юкъайоьду. 3х6 км эстафетехь российхой Кузнецова Лариса, Перминова Светлана, Калина Анастасия туьйлира, кхоъ бен сов патарма а ца лелош, ах минот хьалхабевлира Норвегин а, Германин а командел.
2010 шеран Юниорийн Европан чемпионатехь Отепяхь юкъахь Кузнецова Лариса, Калина Анастасия, Петрова Евгения, Буртасова Максима болу гулйина командо ехира детин мидалш, Францел бен тӀехьа ца юьсуш.
2010/2011 шо Ларисас долийра юниорийн гулйина командан лидеран статусехь, амма юниорашна юкъара дуьненан а, Европан а чемпионате харжаман къовсамаш болабала дукха хан йоцуш иза чӀогӀа лазийра, иза бахьнехь къийсамаш юкъаха бита бийзира. БӀаьста, човнаш юьззина тоелла яьлча, Кузнецовах хуьлу абсолютан толамхо российн юниорашна юкъара къовсамехь.
Баккхий дуьненаюкъара къийсамашкара жамӀаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Шо | ДӀаяхьаран меттиг | Хан | Шен | Спр | ТӀ | Эст |
---|---|---|---|---|---|---|
2009 | ДЧ ![]() |
U19 | 10 | 10 | 9 | 1 |
2010 | ДЧ ![]() |
U19 | 5 | 8 | 5 | 1 |
2010 | ЧЕ ![]() |
U21 | 16 | 6 | 5 | 2 |
Баккхийчеран карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
2010/11 шо чекхдолуш къийсалуш яра баккхийчарна юкъахь. 2011 шарахь яьккхира ворхӀалгӀа меттиг марафонан хехкаршкахь Российн чемпионатехь.
2011 шеран аьхка Лариса юха а лазийра, 2011/2012 шеран юьхьиг юкъаха йитира. Январехь иза юха а йолаелира къовсамашкахь дакъалаца, Российн чемпион хилира командан хехкаршкахь а, патрулийн хехкаршкахь а, эстафетехь а, детин совгӀатхо хилира суперпасьютехь а, марафонехь а. Шеран жамӀашца кхоалгӀа меттиг яьккхира Российн кедан юкъарчу чоьтехь, ийшира Загоруйко Анастасиял а, Кунаева Аннел а.
2012 шеран бӀаьста кхайкхийра, Кузнецова, куьйгаллехь Гурьев Леонид волу, кегийрхойн биатлонан гулйина командан декъан юкъаяхана аьлла.
Аьхкенан биатлонан Российн чемпионатехь Ларисас толам баьккхира шенна хахкарехь а, эстафетехь а.
2012/2013 шарахь «Ижевн топ» турнирехь туьйлира шенна хахкарехь.
Дакъалецира 2012/2013 шеран IBU кедехь, дебютан муьрехь Идрехь яьккхира уьссалгӀа меттиг спринтехь, ткъа шолгӀачу муьрехь Бейтостоленехь совгӀатан меттигаш ехира — кхоалгӀа шеннан хахкарехь, шолгӀа — спринтехь. 2012/13 шеран юкъарчу чоьтехь яьккхира ворхӀалгӀа меттиг. Кхин а дакъалецира 2013/14 а, 2014/15 а шерашкара IBU кедан къовсамехь, 2013/14 шарахь Валь-Мартеллора муьран пасьютехь юха а гайтира шен уггаре дика жамӀ — шолгӀа меттиг.
2013 шарахь даьккхира Универсиадан борзанан совгӀаташ ийначу эстафетехь. 2017 шарахь хилира Универсиадан борзанан совгӀатхо тӀаьхьахахкаран къовсамехь.
Дакъалецира 2016 шеран аьхкенан биатлонан дуьненан чемпионатехь Отепяхь, бархӀалгӀа меттиг яьккхира спринтехт, иссалгӀа — тӀаьхьахахкаран къовсамехь.
Дуьненан кад[нисъе бӀаьра | нисъе]
Дебют хилира Российна толаман болу зударийн эстафетехь Оберхофехь 2019 шеран 13 январехь Дуьненан кедан доьлгӀа муьрехь. Шенна хахкарехь дуьххьара дакъалецира тӀаьхьарчу муьрехь — спринтехь Рупольдингехь 2019 шеран 17 январехь (48-гӀа меттиг). Дуьххьара очкеш ца яьхна кӀира даьллачул тӀаьхьа бен, 26 январехь, тӀаьхьахахкаран къовсамехь Антхольцехь.
2019 шеран 5 декабрехь карьерехь дуьххьара 2019/2020 шеран биатлонан дуьненан кедехь юкъаяхара уггаре дика 10 биатлохошна шенна хахкарехь, пхьоьлгӀа меттиг яьккхина (шозза тӀе ца кхийтира) в шенна хахкаран къовсамехь Эстерсундехь. Российн биатлонхошна юкъахь, Лариса яра уггаре диканиг.
Дуьненан кедера къийсамийн статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]
Къийсамийн жамӀаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Дуьненан кедера къийсамийн жамӀаш | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Таблицехь гайтина спортхоша биатлонан шарахь даьхна меттигаш. Шен — шенна хахкар |
СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Российн Федерацин Президентан Баркалла (2013 шеран 24 декабрехь) — 2013 шеран XXVI Дерригдуьненан Ӏаьнан Универсиадехь, Трентино гӀалахь (Итали), лакхара спортан кхиамаш бахарна[1]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Распоряжение Президента Российской Федерации от 24 декабря 2013 года № 482-рп «О поощрении» Архивацийина 31 декабрехь 2013 шеран.