Ков:Телевизион/Хаьржина йаззам

ХӀара агӀо Википеди чуьра йу — маьрша энциклопеди
Сериалан логотип
Сериалан логотип

«Даллас» (инг. Dallas) — америкин телевизионан «мыльни опера», гойтуш яра CBS канало прайм-таймехь 1978 шеран 2 апрелера 1991 шеран 3 май кхаччалц. Сериало дуьйцу хьалдолчу техасан доьзалех Юингех лаьцна, уьш бизнес лелош бу юьтабахамехь а, мехкдаьттадаккхарехь а. «Далласа» йолийна телевизионан клиффхэнгерийн модан юьхьиг, ткъа цуьнан рекламан лозунго Who shot J. R.?(ингалс.) экранашка балийна рекордан барамехь 83 млн хьовсархой.

«Далласа» гойту дерриг кхойтта шарахь, сутара а, йамарта а мехкдаьттан магнатан Дж. Р. Юинга коьрта роль ловзийра актёра Хэгмэн Ларри. Сериал кховдийна «Эмми» совгӀате ткъеиттазза сов, даьккхина диъ совгӀат; масала, категорехь «Драман телесериалех уггаре дика зударийн роль ловзорна» билгалъяккхира Бел Геддес Барбара Мисс Эллин роль ловзорна.

кхин дӀа…