Керлагвинейн хӀорд

3°53′10″ къ. ш. 148°42′39″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Керлагвинейн хӀорд
инг. Bismarck Sea
Амалш
Майда310 эз. км²
Дуккха кӀоргалла2665 м
Лаьтта меттиг
3°53′10″ къ. ш. 148°42′39″ м. д.HGЯO
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Керлагвине́йн хӀорд я Бисмаркан хӀорд (инг. Bismarck Sea) — Тийна океанан малхбузера гӀайренаш йукъара хӀорд, къилбаседехь а, малхбалехь а, къилбехь а доза тоьхна Бисмаркан архипелаго, малхбузехьа — Керла Гвиней гӀайренца; зӀе ю Витязь хидоькъечухула Соломонан хӀордаца. ХӀордан Йуккъера кӀоргалла ю 1700 м, максимум кӀоргалла — 2665 м. Керлагвинейн хӀордан майда — 310 эз. км² гергга.

ХӀордан бух шортта кегийра гунаш а, ТӀапломан гӀайренаш а долуш аккумулятиван акъари ю. ХӀордан акваторехь хуьлу лакхара сейсможигаралла, сих-сиха хуьлу хин бухара мохкбегор.

Бердаш нийса ду. Дукха маржанийн рифаш ду. Керла Гвиней гӀайренан уллохула сихаллийца 0,5—0,75 м/с чекхдолуш ду Керлагвинейн хилелар. ГӀайренаш юкъахула хаало хӀорд чӀогӀа тӀекхетар.

Хин тӀехулара температуран юккъера барам 28 °С. Дуралла 34, океанан юккъерчу барамал лахара ю, алссама атмосферан йочанаш хилар бахьнехь. ХӀорд чу кхета даккхий хиш Сепик а, Раму а (ший а Керла Гвинейн къилбаседа-малхбален бердаца).

Коьрта порташ: Маданг Астроляби айман Керла Гвиней гӀайренан берд тӀехь, Рабаул Керла Британи гӀайрен тӀехь.

Керлагвинейн хӀордан акваторехь долу дерриг бердаш а, гӀайренаш а, хӀинца ду Папуа — Керла Гвинейн.

Керлагвинейн хӀордан географи толлуш боккха болх бина оьрсийн хӀордан экспедицеш (масала, «Витязь» корвет-кеманахь), уьш боьзна бу Н. Н. Миклухо-Маклайн белхашца, цуьнан сийнна цӀе тиллина Керлагвинейн хӀордан бердайистан — Миклухо-Маклайн берд.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1910 шарахь дуьйна ингалсан картографехь цӀе йелла Бисмаркан хӀорд, хийцина германхойн Пруссийн арахьара гӀуллакхийн министран Бисмарк Оттон сий деш.

Хаза факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

1943 шеран 2—4 мартехь хӀорда чохь хилла америкин-австралийн а, японан а эскаршна юкъахь боккха тӀом. Японан канон тӀелетта бартхойн авиацис 1943 шеран 3—4 мартехь бухадахийтира бархӀ эскаран транспорт а, диъ эсминец а.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Тийна океанан хӀордаш