Кельвин
Ке́львин (билгало: K) — СИ системехь температура юсту барам, СИ системехь коьрта барамех цхьаъ. Юкъаяккхина 1848 шарахь. Цхьаъ кельвин ю 1/273,16 дакъа термодинамикан температура[1]. Шкала йолаялар (0 К) абсолютный нольца нислуш ю. 1968 шо кхаччалц оцу барамах олура Кельвинан градус.
Кельвинан температура Цельсийн градусашка яккхар: °С = K−273,15 (кхолха хин тӀедан температура — 0,01 °C).
И барам юкъабеххина Уильям Томсон цӀе йолу ингалсан физикс. Томсонан сий деш цунна Айрширар лорд Кельвин Ларгский цӀе йолу титул а елла, цо юкъабекххина барамна Кельвин аьлла цӀе а тиллина (Кельвин Глазго университетан лаьттахула чекхдолуш хин цӀе ю).
Уильям Томсонс шен балхахь «Об абсолютной термометрической шкале» («On an Absolute Thermometric Scale») яздира керла температура юста шкала оьшу аьлла. Оцуьна шкалахь ноль хила еза уггара чӀогӀа шелонца йогӀуш хила еза (абсолютный ноль), цхьана сизан мах цхьаъ Цельсийн градус хила беза[2]. И абсолютный шкала тахана евзуш ю термодинамикан Кельвинан шкала аьлла.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ ГОСТ 8.417-2002. Государственная система обеспечения единства измерений. Единицы величин. Архивйина 2012-11-10 — Wayback Machine
- ↑ Thomson, William (October 1848). «On an Absolute Thermometric Scale». Philosophical Magazine. Теллина 2013-01-01.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Определение Кельвина Архивйина 2012-07-16 — Wayback Machine в BIPM (ингалс.)