Каролина Монакон
Каролина Ганноверан | ||||
---|---|---|---|---|
фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi | ||||
![]() | ||||
![]() | ||||
|
||||
|
||||
Дин | Католицизм | |||
Йина терахь | 1957 шеран 23 январь (66 шо) | |||
Йина меттиг | Элин гӀала, Монако | |||
Тайпа | Гримальди | |||
Йича тиллина цӀе | фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi | |||
Да | Ренье III | |||
Нана | Келли Грейс | |||
Майра |
1) Филипп Жюно 2) Стефано Казираги 3) Эрнст Август V |
|||
Бераш |
1-ра марех: дац 2-гӀа марех: Андреа, Шарлотта, Пьер 3-гӀа марех: Александра |
|||
Дешар | ||||
Динлелор | Католицизм | |||
Монограмма |
![]() |
|||
СовгӀаташ | ||||
Болхбаран меттиг | ||||
![]() |
Каролина, Монакон а, Ганноверан а принцесса (Каролина Луиза Маргарита Гримальди, фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi; йина 1957 шеран 23 январехь, Монакохь) — Монакон элин Ренье III-гӀачун а, голливудан киноседин Келли Грейсан а йоккхаха йолу йоӀ. 1999 шарахь дуьйна — Ганноверан принцесса (майрачун агӀора). 2005 шарахь да веллачул тӀаьхьа, цуьнан вешин эла Альбер II-гӀачун законехь долу бераш хиллалц[2], йара монакон Ӏаршан когаметтаерг.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Монакон принцесса Каролина йина Монакохь. Бераллехь цуо дукха хан йоккхура шен дененан а, деден а цӀахь Филадельфехь. КхоалгӀачу марехь Эрнст Август V-гӀачуьнгахь, Ганноверан принцехь. ПаргӀата буьйцу французийн, ингалсан, италихойн меттанаш, Ӏамийра немцойн а, испанхойн а меттанаш.
Принцессин хазахета говрийн спорт а, лижаш тӀехь хехкайалар а. 1985 шарахь дакъалецира «Париж-Дакар» ралли-рейдехь раллин экипажан декъахо йолуш спортан киранан Astraceen автомобиль тӀехь, пилот вара цуьнан майра Казираги Стефано[3][4]. Хелхарш Ӏамийра «l’Ecole de Danse de Marika Besobrasova» Монте-карлохь. Кхиамашца локху фортепиано а, шедаг а.
Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Принцесса Каролина дуьххьара маре йахара 1978 шеран 28 июнехь (гражданийн церемони), 29 июнехь (динан церемони) Монакохь Жюно Филиппега (19.04.1940), парижан банкире. ДӀасакъаьстира 1980 шеран 9 октябрехь. 1992 шарахь Руман-католикин килсо официалан бохийра и мах.
Каролина ша шолгӀа маре йахале цхьаьна хенахь гуора Робертино Росселиница, Роберто Росселинин а, Ингрид Бергманан а кӀентаца.
Цуьнан шолгӀа майра хилира Казираги Стефано (08.09.1960 — 03.10.1990), спортхо а, хьалдолчу италин промышленникан когаметтаверг а. Иза маре йахара Монакохь 1983 шеран 29 декабрехь. Церан кхо бер хилира:
- Казираги Андреа (08.06.1984)
- Казираги Шарлотта (03.08.1986)
- Казираги Пьер (05.09.1987)
Жимаха долу шина беран цӀераш йелира церан ненадененан а, ненадеден цӀарах — Монакон принцессин Шарлоттин а, принцан Пьеран а. Воккхахаверг, Андреа, цуьнан ден жимхаллехь хилла доттагӀчун цӀарах тиллинера. Стефано Казираги кхелхира аварехь хин-кема хохкучу хенахь.
Каролинин кхоалгӀа, хӀинца а волу майра ву принц Эрнст Август V Ганноверан (26.02.1954), Ганноверан цӀийнан некъийн корта, тӀаьххьарчу урхаллин герцоган Брауншвейг-Люнебурган кӀентакӀентакӀант Эрнст Август II-гӀа, Камберлендан герцог, Йоккха Британин паччахьан Георг III-гӀачун кӀентакӀентакӀант. 1772 шеран британин Паччахьийн зудайалоран актаца, и мах бан официалан пурба паччахь-аьзнис Елизавета II-гӀачо а, Йоккха Британин Къайлаха кхеташоно а.
Каролина Эрнст Августе йахара Монакохь 1999 шеран 23 январехь. Цуо йитинера шен хьалхара зуда Шанталь Хохули 1997 шеран сентябрехь.
Каролинин а, Эрнст Августан а йоӀ хилира:
- Александра Ганноверан (20.07.1999, Фёклабрукк, Австри)
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Йуьртабахаман гӀуллакхаш дарна орденан командор (Франци, 2014 шеран 3 июль)
- Исбаьхьаллин а, литературин а орденан командор (Франци, 2016 шеран 21 январь)
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ https://www.palais.mc/en/biography-1-8.html
- ↑ Пресс-служба Князя Монако Сообщение о рождении наследников на официальной страничке Князя Альбера II (09.12.2014).
- ↑ Dakar-1985. ASTRA BM 309 №630 (fr), dakardantan.com. Хьаьжна 10 мартехь 2020.
- ↑ В.Данильчев Ралли, которое стало шоу. За рулём, №6, 1985 (1985, июнь). Теллина 2020 шеран 5 январехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- S.A.R. La Princesse de Hanovre (Франц.). Palais Princier de Monaco. Теллина 2014 шеран 27 декабрехь.
- Бинарш 23 январехь
- Бинарш 1957 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Монакохь
- Политикин талламийн институтехь дешнарш
- Сийлахь Карлан орденан Йоккха жӀаран кавалераш
- Оьздангаллин гӀуллакх дарна орденан командораш
- Исбаьхьаллин а, литературин а французийн орденан командораш
- Монакон элийн цӀийнан декъахой
- Ганноверан некъий
- Брауншвейг-Люнебурган герцог-аьзнеш
- «Дакар» раллин автохахкархой
- Францин раллихой