Иодис, Алексей Дмитриевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Иодис тӀера хьажжина кхуза)
Алексей Дмитриевич Иодис
Вина терахь 1923 шеран 18 октябрь({{padleft:1923|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1994 шеран 20 октябрь({{padleft:1994|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (71 шо)
Кхелхина меттиг:
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Отечественной войны I степени

Алексей Дмитриевич Иодис (1923 шеран 18 октябрь, Соьлжа-ГӀала1994 шеран 20 октябрь, Соьлжа-ГӀала) — сержант, гӀашсалти, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Алексей Иодис вина 1923 шеран 18 октябрехь Соьлжа-ГӀалахь белхалон доьзаллехь. Иза оьрси вара. Йуьхьанцара школа чекхйаьккхича цо «ЦӀе варзб» заводехь токарь болх бира[1].

1942 шеран март дуьйна иза ЦӀен Эскарехь вара. 1942 шеран август дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронтехь вара. 1944 шо дуьйна иза КПСС декъашхо вара. Иза хӀоттийра 4-гӀа Украинин фронтан Приморски армин 414-гӀа Анапски кхиссархойн дивизин 1375-гӀа кхиссархойн полкан отделенин куьйгалхо[1].

1944 шеран 7 майхь цуьнан отделени йара Безымяный цӀе йолу юрт мастагӀера схьайаккхаран тӀом беш. Ротас йодуш летташшехь дӀалецира чӀогӀа ларйаш йолу немцойн траншейш. Оцу тӀамехь Иодисас ша хӀаллаквира 19 мостагӀийн салти а, эпсар а. Цул тӀаьхьа ротас мукъайаьккхира «Большевик» колхоз а, № 10 йолу совхоз а. Иодисас цӀен байракх дӀахӀоттийра юртахь уггара лекха цӀено тӀехь[1].

1944 шеран 9 майхь Иодисан отделени хьалхарчарна йукъахь чуеара Севастополе. Иодисас ша хӀаллаквира 45 немцойн салти а, ворхӀ пулемёт а, кхо миномёт а, 11 немцойн салти схьа а лецира[1].

1945 шеран 24 мартехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца сержантан Алексей Иодисан йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

1945 шеран январь дуьйна иза деша волавелира 2-гӀа Орджоникидзен гӀашсалтийн училищехь. Амма могушалла дика ца хилар бахьнехь цуьнан иза йита йизира. 1946 шеран мартехь цо ЦӀен Эскарехь болх битира[1].

1946 шарахь иза цӀа вирзира. Иза Соьлжа-ГӀалах Ӏаш вара. Цо «ЦӀен варзаб» заводехь мастер болх бира. Иза велира 1994 шеран 20 октябрехь. Иза дӀавоьллина Соьлжа-ГӀалан Октябрьски кешнашкахь[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои боёв за Крым. — Симферополь: Таврия, 1972.
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]