Импери
Импери ( лат. imperium — бакъо) — иза историн пачхьалкхан кеп йу. Стивен Хау цle йолчу историко ма-бохху импери билгалйолу шен йукъца а, шена кleлдитина долчу латтанашца а; дукхахьолахь и латтанаш тlамаца дlaлаьцна а хуьлу[1]. Фредерик Купера а , Джейн Бербанка а гойту империйн leдал дуй урхаллин бакъонан тайп-тайпаналла хилар цуьнан чудогlyш долу латтанаш тleхь[2]. Ламастан кхетамехь шуренна куьйгалла деш ву паччахь: Далин дошамо билгалйоккхур шуре «доза доцу, лаккхарачу даржехь волу паччахьан керахь йолу пачхьалкх»[3]; Йоккха Кхеташонан Энциклопедис «йеккъа паччахьан керахь йолу монархин пачхьалкхаш» йагар а йеш (Республикан дожар хиллачул тlaьхь Рум, Руман империн болера дакъа — Византи (1453 шо кхаччалц лаьттина), Сийлахь Карлин пачхьалкх (768—814), девтойн Сийлахь Руман шуре (962—1806), Оьрсийн шуре (1721—1917), Наполеонин I а , Наполеонин III а Галойчоь (1-гla а , 2-гla шуре) а , Остройн шуре (1804—1918, 1868 шо доладаларца — Острой-Мажаройн)) , «Къаьстина буржуазин пачхьалкхан колонин олаллин организаци»-ех а шуре алар билгалоккху , кху маьlнаца дийца мега Галойн шуренах , иза догlyш ду Галойчоьнехь пачхьалкхан дlaxloттам республикан амал йолучу муьрна а [4].
- ↑ Howe, Stephen. Empire: A Very Short Introduction. — Oxford University Press, 2002. — P. 30.
- ↑ Burbank, Jane; Cooper, Frederick. Empires in World History: Power and the Politics of Difference. — Princeton University Press, 2010. — P. 8.
- ↑ Даль В. И. Толковый словарь живого великорусского языка. — СПб.–М.: Товарищество М. О. Вольф, 1907. — Т. 3. — С. 96.
- ↑ Большая Советская Энциклопедия. — 2-е. — М.: Гос. изд-во Большая Советская Энциклопедия, 1952. — Т. 17. — С. 590.