Зовкхечу Василийн цIарах Килс

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сийлахь меттиг
Зовкхечу Василийн цIарах Килс
Храм Василия Блаженного
Moscow 05-2012 StBasilCathedral.jpg
Пачхьалкх Росси
ГӀала Москох
Уллора станци метро Охотный Ряд
Дин Керста
Епархи Москва-гIалан
Благочиние Центральное 
Дуьххьара хьахор 1554
Йиллина терахь 1561 шо
ГӀишло яр 1555 шеран 2-гIа октябрь- 1561 —
Статус Пачхьалкхо ларйеш ю
Сайт Официалан сайт

Москвахь ЦӀен Майданахь йолу Зовкхе Василийн цӀарах килс (оьрс. Храм Василия Блаженного). Иштта а цунах олу Саьнгар йистехь Сийлахь-Езачу Делан Ненан Бедаран килс (оьрс. Собо́р Покрова́ Пресвято́й Богоро́дицы), Бедаран килс (оьрс. Покро́вский собо́р), Саьнгар йистехь Бедаран Килс (оьрс. Собо́р Покрова́ на Рву).

1555 шарахь доладелла килс яран белхаш. Буьрса Иван вара белхаш дӀадолийнарг. Цо болийна тӀамехь  Казань а, Астрахань а ийшира. Цундела шен толаман сий дархьама йеш яра цо керла килс. Белхаш чекхделира 1561 шарахь.

Килсан юкъа йогӀуш 11-та сий долу нехан цӀарах жима килсаш ю. Юккъера килс Делан Ненан Бедаран цӀарах ю. Цуьнан йистехь лаьтташ ю:

  • Сийлахь Кхолхонан килс;
  • Къудс-гӀала чу Ӏийса варан килс;
  • Никола Великорецкийн цӀарах килс
  • Кхаъ Патриархан: Александран а, Иоаннан а, Керлачу Павлан а килс
  • Эрмалойн Григорийн а, Киприанан а, Иустин килс;
  • Свирски Александран цӀарах килс;
  • Хутынски Варлааман цӀарах килс;
  • Зовкхе Василийн цӀарах cагӀдар;
  • 2018-чу шарахь схьайиллина Зовкхе Иоаннан цӀарах килс;
  • иштта а горгалин бӀов а.