Жеребцова, Елена Анатольевна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Елена Анатольевна Жеребцова
Йина терахь 1951 шеран 16 май({{padleft:1951|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (68 шо)
Йина меттиг Дон-тӀера-Ростов, РСФСР, СССР
Корматалла поэтесса
Гражданалла РоссиFlag of Russia.svg Росси

Елена Анатольевна Жеребцо́ва (1951 шеран 16 май, Дон-тӀера-Ростов, РСФСР, СССР) — грозненски поэтесса ю[1].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Елена Жеребцова йина,16-чу майхь 1951-чу шарахь, Дон-тӀера-Ростов цӀе йолчу гӀалахь — иза грозненски поэтесса ю. Иза чӀогӀа хала зама яра, дукха хан яцара Дуьненаюкъара шолгӀа тӀом чекхбаьлла. Церан доьзалехь мехала дара книгаш ешар, ларам бара историца, даггара къобал дора Ӏилманна тӀегӀертар а. Еленас марзонца ешара повесташ, романаш а, леррина ладегӀара гергарчара тӀамах лаьцна, цигахь халкъо гайтинчу хьуьнарх лаьцна дуьйцучунна, иштта хӀоранна стеган дахар мел мехала хилар билгалдоккхуш дуьйцучуьнга[2].

Шен пхийтта шо кхаьчначу хенахь Елена, шен да-нана дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа, журналист волчу шен деца кхелханаеара Нохча-ГӀалгӀайн АССР-н, Грозный гӀала (Соьлжа-гӀала). Кхузахь чекхдаьккхира цо школера дешар а. Цуьнан нана Галина-сурташдахкархо (художница), ша йинчу гӀалахь ехаш йисира.

Елена Жеребцовна чӀогӀа безабелира, кхузара, дуккха къамнаш цхьаьна дехаш долу хаза мохк. Дагна там хуьлура, кхузахь цхьа ша-тайпана вовшашца гергарло долуш, машаре бертахь дехаш долчу тайп-тайпанчу къамнийн дахарах тидам бича. Уьш бара: оьрсий, нохчий, гӀалгӀай, украинцаш, лезгинаш, гӀуьнкий, эрмалой, иштта дуккха кхиберш а.

Шен школера дешар чекхъдаьлча, Елена, юха а, Ростов-на Дону гӀала яхара. Цуьнан Ӏалашо яра цигарчу университета журналистин факультете деша яха. Конкурс йоккха хиларна цуьнан лаам кхочуш цахилира. Цул тӀаьхьа цо Хьехархойн институт чекхъяккхина, берийн садикехь болх, иштта кхечахьа а белхаш бира.

Корматалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дуьххьарлера Еленин маре, бохамца хеназа хедира: цӀеххьана, къона майра кхалхаро, хадийра дахар кхуьнан хьомечу адама, кхаьршина дахаран ирс а. Цул тӀаьха иза юха Грозный схьаеара. ТӀаккха цо болх бира уггаре йоккхачу Грозный гӀалара «ЦӀе варзап» (Красный молот) цӀарах йолчу заводан отдел снабженехь.

Бераллехь дуйна Еленин безам бара литературни кхоллараллица: цо даима язйора байташ, уьш йоьшуш самукъадалара, цул сов, Хьехархойн ЦӀенон халкъан театран декъахо а яра. Цу хенахь,Елена Жеребцова, иштта жигара декъашхо яра «Пхьармат» (Прометей) цӀе йолчу литературни цхьанакхетараллин а. Цуьнан куьйгалхо вара гӀараваьлла гӀалгӀай поэт, яздархо волу — СаӀид Чахкиев. Ша язъечу байташна а, кхечийн произведенешна критика еш йолчу статьяш бухахь а, цо, даима санна, псевдоним «Лейла» лелайора[3].

1981-чу шарахь дуйна, цуьнан байташ зорбанехь сих-сиха арахецара хӀокху изданешкахь: «За кадры», «Комсомольское племя» (Комсомолан тӀаьхье), «Заветы Ильича» (Ильичан весеташ) иштта дӀа кхи а. Ткъа таханлерчу хенахь цуьнан байташ зорбанехь ю «Зарубежные задворки» олучу журналан агӀонаш тӀехь[4]. Критикаш яздо, цуьнан байташ кӀорггера кхетам, маьӀна долуш ю бохуш. Царна чохь цо кхоччуш гайтина олу цара, шен дахарехь мел хилла эшамаш, иштта, дикачу хӀумнах хӀораммо мел эцна пайда а.

ШолгӀачу марехь дуьненчу елира йоӀ Полина. Иза а ше цхьанна кхиодизира цуьна. Жималлехь дуйна йоӀан дагчу безам кхоллира цо литературе. Доьзалехь бергге а бара искусствана, поэзина, историна, журналистикана, живописьна тӀех ойла йолуш. Кхеран шайн цӀахь а яра инзаре йоккха библиотека. Елена Жеребцова нана ю — Нохчичуьра берий дневникин автор йолчу Полина Жеребцован.

Москвахь, 2015 шарахь, зорбанехь араелира Елени Жеребцован «Суна дуккха а гина» (Я многое видела) цӀе йолу байтин сборник[5].

ТӀаьхьо Еленас яздора: «Сан да — Жеребцов Анатолий Павлович — чӀога езаш вара Кавказ, нохчий а. Церан мотт Ӏаморал сов, цо шен чохь, нохчийн, гӀалгӀайн а, дукхах долу гӀиллакхаш тӀе а лаьцнера, леладайтара. Суна жима йолуш дуйна хаара, масала: нагахь чу стаг веача (къаьсттина божарех) халагӀатта езий, ткъа цо чай молчу ханчохь, сихха цуьнан мачаш йила езий а. И эхь долуш дацара, иза ша тайпана ларам бара хьешаца.»

Елени дахар аттачех дацара: кхелхира нана, дуьххьара Нохчийчох баьллачу тӀамехь, оьрсийн бомбанашна кӀеллахь, кхелхира кхуьна де-нана, шолгӀачу Дуьненаюккъера тӀеман декъахо хилла волу кхуьнан да, Анатолий а.

Юха а, 1999 шарахь, болабелира шолгӀа тӀом — иза гуттар къиза бара. Дукха инзаре халонаш еара цу тӀамо: юьхьанца кхунна, йоӀанна хиллачу чевнаша, лайначу мацалло, шелоно, йохийнчу хӀусамаша, вайначу деган доттагӀ а бахьанехь, цул тӀаьхьа, хьомечу махках яла дезаро — ирсечу машаран дахаре йолу догдохийла а хадийра[6].

Карарчу хенахь, Елена Жеребцова пенсехь ю, Нохчийчуьра дӀаяханачул тӀаьхьа, къилбаседан Россехь цхьана жимчу юьртах, ша цхьаъ хан токхуш ю.

Цо, хӀинца а, язйо шен байташ. Церан кӀорггерачу чулацамо гойту: цуьнан адамалла, сирла ойланаш, кхетам, цуьнан дагчура сингаттам, лазам, сатийсар а — шен дуьненахь хиллачу ирсечу Ялсамане[7].

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нана — Фёдорова Галина Николаевна (1924—1991), — сурташдахкархо, ростовски театран белхало.

Да — Жеребцов Анатолий Павлович (1922—1994) — гочдархо, журналист, кинодокументалист.

ЙоӀ — Жеребцова Полина Викторовна (1985) — журналист, яздархо.

Библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • «Суна дуккха а гина» (Я многое видела) — Москва, издательство «Волшебный фонарь», 2015 шо[8].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]