Дуладаларан терахь

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Атоман хӀоьънан дуладаларан терахь (синонимаш: Химиийн элементан атоман лоьмар, атоман терахь, рогӀан лоьмар) — атоман хӀоьънера протонийн барам бу. Дуладаларан терахь цхьабосса ду хӀоьънан булабаларца, барам бусту Элементаран электрийн булабалар терахьца, цуьнца цхьаьна кхин а цхьабосса ду Менделеевн таблицера рогӀерчу лоьмаран шен-шен хӀоьънан химийн элементан.

«Атоман» я «рогӀан» лоьмар боху термин дукха хьолахь лелайо атоман физикехь а, химехь а, ткъа эквивалентан термин «дуладаларан терахь» — хӀоьънан физикехь. Ионизаци янза йолу атомехь электронан чкъоьран электронийн барам цхьабосса бу дуладаларан терхьаца.

Дуладаларан терахь дукха хьолахь Z элпаца билгалбоккху. Дуладаларан терахь цхьатерра долу, амма тайп-тайпана массийн терахь A (нийса ду протонийн Z а, нейтронийн N а терахьаш цхьанатохарх) долу хӀоьънийн цхьаьна химийн элементан тайп-тайпана изотопаш ду, хӀунда аьлча нийсса хӀоьнан булабаларо билгалдоккху атоман электрийн чкъор а, цигара схьа, цуьнан химийн аматаш а.