Декъашхо:Sasan700/ДегIаста

ХӀара агӀо Википеди чуьра йу — маьрша энциклопеди

Дег1аста Дег1аста азаллехь дуьйна хьо х1аллакьян г1ертачу къизачу ницкъана юьхьдуьхьал лаьтташ баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нийсдеш турпала баьхначу хьан к1ентийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста эвхьанна безарийн б1аьра ца хьовсалуш шовданийн б1аьра уьш хьийсарна ц1анлуш кийра ц1ийх бузучохь са сирла латто хьуна ницкъ беллачу йо1арийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста доллучу дахарехь оьзда юкъ йихкина набаран кхоьлах а хьуна сагатдеш доьзалийн вонехь а сада1ар доцуш хьуна хехь лаьттинчу къонахийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста нуьцкъала хьох даьхна дуьненчохь даржийна хьан лаьттахь коша барз хиллачех хьоьгуш бартхаттар дицделла хьо Деле йоьхуш эхарта дирзинчу хьан берийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста азаллехь Дала ша вайн дуьне кхоьллича стигланаш латтанаш х1иттийна ваьлча дуьненан 1аламаш нийсдина латто диначу лекхачу хьан лаьмнийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста маьршачу буьйсана ламанан тарханаш шовданийн мукъамехь ойлане техкош экхано шен к1орни йохъечу хенахь хьан г1енаш хьоьстучу тийналлин дуьхьа

Дег1аста Дег1аста Делан шен пурбанца малхо де доладеш адамийн акхаройн г1ан-набарш хадош хьан лаьмнийн бердашкахь шахьаршкахь бижина бода д1атоттучу серлонан дуьхьа

Дег1аста Дег1аста зингатан дахар а мехала лерина экханан бакъо а тидаме эцна маршонца нийсдина нийсонца дустуш тхан дайша кхоьллинчу г1иллакхийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста Дела ша резаво 1амалаш лелаеш да-нана резадо доьзалаш кхиош хьаша-да резаво ц1е кхерчахь латтош хьан беркат лардинчу х1усамийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста мостаг1чо кху лаьттахь даха ца дитича мархашлахь даьхна а са маьрша латто т1улгаш т1ехь даьхна а дог кура латто йиначу лекхачу хьан б1аьвнийн дуьхьа

Дег1аста Дег1аста Дела цхьаъ виначийн ламазаш дебадан Элча бакъ виначийн ойланаш кхаба хьан лаьмнаш сирлачу жам1ате кхайкха диначу дуьххьарчу маьждиган дуьхьа

Дег1аста Дег1аста Дела бен вала да воцуш хьо хьийзачу тхан наной хьан къина боьлхучу дийнахь г1азотехь дуьненан боданаш багош хьан к1ентий оьгучу доккхачу дийнахь Дала ларйойла хьо тхан Нана-Дег1аста


х1усаман 1алашо йоцуш и т1улгаш т1ек1ела дихкинарг г1иртина шен цхьаллех кхета

со иза хууш ву сайн дайша йиначу х1ора а б1евнах

со иза хууш ву Нохчийчохь гиначу дуьххьарчу б1аьвнан х1ора а кора т1ехь х1ора а не1ара т1ехь харцахьа баьккхина го гичахьана ширачу сан дедас зайлаца т1улга т1ехь бинаберг Цкъа Шемахь бийцинчу шен седа-жайнанан маттахь ваалар а валар а вахаран гонан цхьа ц1онга ду аьлла т1адамах кхоьллинарг т1адаме воьрзур ву аьлла го иза цхьалла ю цхьалла и маршо ю аьлла шен гонах кхеттаверг дуьненан къайленех кхетар ву аьлла ч1уг карчарх кхеттаверг хазаллин къайленех кхетар ву аьлла

х1усаман 1алашо йоцуш

и т1улгаш т1ек1ела дихкинарг г1иртина шен цхьаллех кхета

ткъа гидо-м боху уьш ю алха цхьа декорацеш

нагахь и бакъ делахь даима Моцартах цецвийлла волу со х1унда 1ехаво кху сарахь эчиган цаьпцалго цкъа сайна дуьххьара евзича санна угаре а хаза олхазарш

х1ораза 1уьйренан ламазан хенахь декаран къайле