Виктори (Ӏам)
Ӏам | |
Виктори | |
---|---|
инг. Lake Victoria, Victoria Nyanza | |
![]() | |
Морфометри | |
Абсолютан локхалла | 1134[1] м |
Барамаш | 320[1] × 275[1] км |
Майда | 68 000[1] км² |
Чухоам | 2760[2] км³ |
Ӏоман йиста | сов 7000[1] км |
Уггаре доккха кӀоргалла | 80[1] м |
Юккъера кӀоргалла | 40[3] м |
Гидрологи | |
Дарбане хиларан тайпа | теза[1] |
Дуьралла | 0 ‰ |
Бассейн | |
Ӏомах кхета хи | Кагера |
Ӏам чуьра схьадолу хи | КӀайн Нил |
Лаьтта меттиг | |
1° къ. ш. 33° м. д.HGЯO | |
Пачхьалкхаш | |
Регион | Кагера, Мванза, Мара, Ньянза, Малхбузен провинци, Малхбален область, Юккъера область |
![]() |

Викто́ри (Виктория-Ньянза, Укереве)[1] — Танзанин, Кенин, Угандин мехкашкара Малхбален Африкин Ӏам. Лаьтта Малхбален-Африкин платформин тектоникан чутаӀарехь, 1134 м.[4] хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Майда — 68 эз. км², чухоам — 2760 км³[2]. Иза шен майданан барамца дуьненахь шолгӀа теза Ӏам бу (Лакхара Ӏомал тӀаьхьа). Уггаре дехачохь – 320 км, шшуьйрачехь – 274 км[5]. КӀоргаллин юккъера барам – 40 м (уггаре кӀоргачехь 80 м)[3]. 1954 шарахь Оуэн-Фолс чӀинг йиначул тӀаьхьа Ӏомах хи лоттийла йина[6].
Ӏам тӀехь дукха гӀайренаш ю, уггаре йоккханиг — Укереве. Ӏомах кхета шорта хи долу Кагера эрк, арадолу Виктори-Нил. Ӏам тӀехь даьржина чӀара лацар (100 сов кепара чӀара, дукха эндемикаш), кеманаш лела. Коьрта порташ — Мванза, Букоба (Танзани), Энтеббе, Джинджа (Уганда), Кисуму (Кени). Рубондо гӀайрен тӀехь (Танзани) — къоман парк[5] ю, Мабоко гӀайрен тӀехь (Кени) миоценан ӀаӀаршкахь карийна викториапитек тайпана мартышкан маймалан даьӀахкаш.
Ӏам кара а бина, цунна Паччахь-аьзни Викторин сийнна, цӀе тиллина британин новкъахочо Спик Джон Хеннинга 1858 шарахь.
ЦӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]
Меттигерачу бахархоша Ӏомах олу Ньянза (гочдича Ӏам бохург ду). Дж. Спика тӀетоьхна меттигерачу цӀеран паччахь-аьзнин Викторин цӀе, Ӏомах 1920-гӀа шераш кхачалц олура Виктори-Ньянза. ХӀинца Виктори бу кхаа пачхьалкхан, хӀоранна чохь а, Ӏаьмнашца деха къаьмнийн этнонимех кхоллаелла, шайн масех цӀе ю. 1960-гӀа шерашкахь оцу мехкаша айира оцу Ӏоман юкъара цӀе харжар. Кховдийра, кхаа пачхьалкхехь лело, суахилин меттера цӀе: Ухуру, — маршо; Ширикишо — барт, цхьаьнакхетар; Умоджа — цхьаалла, амма сацам ца бира.[7]
Кхоллабалар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ӏомо дӀалоцу Малхбален-Африкин чӀапломан къилбаседен декъан легӀана тектоникан чутаӀар, къилбаседехьара къевлина лаван Ӏовраша. Кхоллабелла антропогенан муьран юккъехь, Малхбален-Африкин кагъелла меттигийн зонан юккъерачу генна чохь Альберт а, Эдуард а Ӏаьмнийн кӀаьгнаш кхоллалучу хенахь, цуо дохийра хьалха Конгон кӀаг чу оьхуш хилла хин охьаоьхийла. Охьаэхаран керла система йирзира малхбалехьа, чӀапла тӀийра чутаӀаре, цигахь кхоллабелира боккха Ӏам, цуьнан майда башха йоккха яра плювиалан муьрехь. Шира Ӏомачура хи охьадаха доладелира малхбузехьа, Альберт Ӏам чу, кхин дӀа Нилан системи чу Виктори-Нил чухула, Мёрчисон чахчари кхоллалучехь. Виктори а, цунна къилбаседехьа лаьтта Кьога Ӏам а — ширачу Ӏоман реликташ бу[3].
Европахоша Ӏам беллар[нисъе бӀаьра | нисъе]
1858 шеран 30 июлехь ингалсан новкъахо а, талламхо а волчу Спик Джон Хеннинга схьабиллина европахошна Ньянза Ӏам, цунна тиллина паччахь-аьзнин Викторин цӀе. Цуо новкъахь яздина тептарш дисина, цуо меттигерачу бахархойн хаамийн бух тӀехь, тардолуьйту Ӏам Нилан хьост хилар[8]. Лондоне юхавирзича, цуо кхайкхийра Паччахьан географин юкъараллехь Нилан хьост карорах. 1860 шарахь Спик Виктори Ӏам тӀейоьду кхин цхьаьна экспедицин коьрте хӀоьттира, оцу экспедицехь дӀадиллира Ӏам чукхета Кагера эрк а, кхин а цунна чуьра арадолу Виктори-Нил эрк а, КӀайн Нил Айсина Нилах кхетий Нил кхоллало. КӀайн Нил чухула охьавеина, юха изза некъ бира латтан тӀехула, иштта цуо гайтина шен Нилан хьост карор[9]. ТӀаккха а Европера къийсамаш лаьттира «New York Herald Tribune» газетан корреспондент а, гӀараваьлла новкъахо а волу Стэнли Генрин экспедици юхаерзалца. Цуо кхоъ экспедици йира Африке, цхьаьна экспедицехь Виктори Ӏам тӀе а вахана, бакъ дира Спика дуьйцург[10].
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 Викто́рия // Географический энциклопедический словарь: географические названия / Под ред. А. Ф. Трёшникова. — 2-е изд., доп. — М.: Советская энциклопедия, 1989. — С. 103. — 210 000 экз. — ISBN 5-85270-057-6
- ↑ 1 2 Holtzman J., Lehman J. T. Role of apatite weathering in the eutrophication of Lake Victoria //Environmental Change and Response in East African Lakes. — Springer Netherlands, 1998. — С. 89-98.
- ↑ 1 2 3 Виктория (озеро в Африке) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Виктория // Большой энциклопедический словарь.
- ↑ 1 2 Виктория / Под общей редакцией акад. В. М. Котлякова. — Словарь современных географических названий. Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
- ↑ Горкин А. П. Виктория // Краткий энциклопедический словарь. — Большая Российская энциклопедия, 2000. — Т. 1.
- ↑ Поспелов Е. М. Виктория // Географические названия мира: Топонимический словарь. — М.: АСТ, 2001.
- ↑ BgВести.com — В этот день было открыто озеро Виктория в Африке(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 19 сентябрехь. Теллина 2013 шеран 17 майхь.
- ↑ BBC, Historic Figures — John Hanning Speke (1827—1864)
- ↑ Генри Стэнли 1841-1904- Секция География
ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref>
«Britannica» цӀарца, кху <references>
юкъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан юкъахь яц.
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Ананичева М. Д., Эдельштейн К. К. ВИКТОРИЯ // Большая российская энциклопедия. Электронная версия (2016); Дата обращения: 11.04.2020
- Odada, E.O., Olago, D.O. and Ochola, W., Eds. Environment for Development: An Ecosystems Assessment of Lake Victoria Basin Environmental and Socio-Economic Status, Trends and Human Vulnerabilities. — UNEP/PASS, 2006.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
Виктори (Ӏам) Викиларма чохь |
---|
- Озеро Виктория
- Odada, E.O., Olago, D.O. and Ochola, W., Eds. Виктория // Environment for Development: An Ecosystems Assessment of Lake Victoria Basin. — UNEP/PASS, 2006.
ХӀара яззам табарна Географин бакъхьа ду?:
|