Чулацаман тӀегӀо

Википеди:Дикачу ойланца лелор

ХӀара агӀо Википеди чуьра йу — маьрша энциклопеди
Хьажон йоца-дIасахьажорг ВП:ДПЭ

Чудалор

[нисйан]

Википедин коьрта Ӏалашо даггара пайда эцаран дакъехь — массара а муьлахачу лелорагаш тӀехь а пайда эца мегаш маьрша чулацам кхолларан а, дӀасаяржаяран а идея ларъяр. Оцу Ӏалашона тӀекхача мега массо а маьрша йоцу файлаш лелаяр дихкича. Амма тӀаккха дика энциклопеди ялур яц. Цундела магийта деза цхьайолу маьрша йоцу файлаш уьш ца хилча йиш йоцу метташкахь. Амма уьш лелош кхочуш ян еза цхьадолу некъаш. И некъаш тӀедогӀуш ду «даггара пайда эцаран» кхетам тӀе. Иштта оцу кепаш тидаме лоцу маьрша энциклопеди кхолларан Ӏалашой а, цаоьшу бакъонашан тӀаьхьенашах къахкар а.

Некаъш

[нисйан]

Иштта, муьлха а маьрша йоцу файл лелая лаахь, кхочуш дан деза массо а лахахь дагардина некъаш:

  1. Маьрша хийцам бац. Маьрша йоцу файл лело йиш ю маьрша, энциклопедин чохь йогӀуш йолу хийцам бацахь а, кестта хир бу аьлла меттиг а яцахь (масала, цхьана баттахь). Нагахь санна маьрша йоцу файлах маьрша файл ян йиш елахь, и дан деза. Маьрша йоцу файлан метте даимна лело еза цул маьрша ериг, нагахь санна иштаниг гучуялахь а, цуьна тоалла дикалла елахь а (энциклопедин Ӏалашо кхочуш ян тоьуш дикалла). И хаттар сиха талла шега хатта деза: «Йиш юй те оцу файлан метта мьарша файл хӀотта ян изза хиламашка кхача?». Нагахь санна жоп «хӀаъ» делахь, маьрша йоцу файл лелая йиш яц. Иштта файл энциклопедин чуяккха мегир дац.
  2. Коммерцин мах ларъяр. Маьрша йоцу файл лелаярас, цуьнан дикаллас а, йоккхаллас а дӀайолалун произведенин мах лахбан ца беза, цуьнан метта лелаян йиш хила а ца еза.
  3. Уггар кӀезиг лелаяр. Маьрша йоцу файлаш цхьана статьяхь ма хуьллу кезиг хила еза. Статьян оьшуш цхьаъ бен файл яцахь, уьш кхин сов хила ца еза. Нагахь санна маьрша файлаш тоьуш елехь, маьрша файлаш лело оьшуш дац.
  4. Талларалла. Маьрша йоцу файл хила еза бакъо йолуш хьалха лелайина.
  5. ТӀедожор юкъара дӀадеккхина.
  6. ТӀедожор юкъара дӀадеккхина.
  7. ТӀедожор вовшахтоьхна 9-гӀа пунктца.
  8. Лараме хилар. Файл хила еза оцу статьян лараман барамца йогӀуш — цуьна коьрта объект гайта я цхьадолу статьян дакъош гайта. Маьрша йоцу файлаш куцан лелаян йиш яц. Маьрша йоцу файлаш спискашна а, суьртан галереяшна а, интерфейсан дакъошна а юкъахь лелаяр куцан лелаяр санна лоруш ду.
  9. Доза тоьхна лелаяр. Маьрша йоцу файлаш лахахь ягарйина меттанашкахь бен лелаян йиш яц:
    • Статьяш
    • Инкубатор (цигахь уьш цхьана баттахь бен йита йиш яц. Нагахь санна и хан чекхъялча статья арахецна яцахь, иштта файлаш оцу статьян юкъара дӀаяха еза. И файлаш цул тӀехьа лелош ца хилахь уьш сиха дӀаяхаран кховдо еза Ф4 барамца).
  10. Маьрша йоцу файлаш лелаян йиш яц декъашхойн агӀонашкахь а, кепашкахь а, категорешкахь а. Маьрша йоцу файлаш лелош хила еза цхьаьна агӀона тӀехь мукъана. Маьрша йоцу файлашна хьажорагаш хитто йиш ю (амма юкъа ягӀийта йиш яц) дийцарашан чура.
  11. Кхачам болуш сурт хӀоттор. Маьрша йоцу файлан сурт хӀотторан агӀонан тӀехь хила деза тешалла хилабеза барамаш лахахь багарбина некъашца:
    • Юззина ягарйина мьрша йоцу файлан сурт хӀотторан кеп (къаьстина оьшуш ю нийса хьостан хьажораг а, авторан а, бакъо йолчунна а цӀераш уьш цхьаъ яцахь).
    • Юззина ягарйина даггара пайда эцаран бухан кеп хӀора маьрша йоцу файл лелаяш йолу агӀонан.

Бакъонашна тӀетохараш

[нисйан]

ХӀокху бакъонашна тайп-тайпана дӀатадараш юкъадовла тарло. И дӀатадараш массо а декъашхош тӀелаца деза вукху проектан бакъонашца цхьабосса. Амма и тадараш хӀокху документаца догӀуш дацахь, лелош хила деза хӀокху документан тӀедожораш (цхьана ца догӀу пункташан дозанашкахь).

Лелаш долу тӀетохараш

[нисйан]

Википеди: Анимех а, мангех а лаьцна агӀонашкахь даггара пайда эцаран барамаш Википеди: Кхоьллина дуьнений персонажашан суьрташ даггара пайда эцаран барамаш Википеди: Азана дакъонашахь даггара пайда эцаран барамаш

Дагардина кепашца догӀуш ца хилар

[нисйан]
  1. Дагардина кепашца догӀуш доцу маьрша йоцу файлаш дӀаяха еза уьш чуяккхина декъашхон и дӀахьадинчул тӀехь 7 де далале. И дӀахьхинарчун тӀехь ду тешош гайта юззина сурт хӀотторан кепаш а, даггара пайда эцаран бухаш а кхочуш ца хилар а, кхи долу дийцаран хенахь гучадйола аргументаш а. Файл бакъо йоцуш лелош долу маьрша доцу файлаш леладаран масаллашна юкъадахар тоьуш тешалла ду и дӀадакха дезаш хиларан. Амма иштта файлах пайда эца йиш ю къаьстина дийцарехь ша-тайпа бух гайтича и лело бакъо хиларан.
  2. Цхьанна агӀонехь лелош йоцу маьрша йоцу файлаш сиха дӀаяха еза {{subst:ofud}} кеп хӀоттиначулла тӀехь 7 динахь дӀаяккха еза чехка дӀаяккхаран барамца «Ф4: Лелош йоцу маьрша йоцу файл».
  3. Бакъо йолуш Интернетехь лелош йолу маьрша йоцу файлашна хьажорагаш хитто йиш ю {{Арахьара медиафайлаш}} кепаца. Иштта хилча дика хир ду (амма тӀедожош дац) цкъа хьалха талла и файл кхоно дӀайоккхур ца хиларан.
  4. Юкъараллас билгал яккхира цхьайолу хилларш, маьрша йоцу файланехь даггар пайда эцар ца могуьйтуш хилар цхьацца масаллаш далош. Оцу масаллаш сацам беш кхоайо хан, амма и сацам таьххьара ца хила тарло. Бехкаман къела йоду файл иза юкъарадаккхаран ца ягӀанехь лело йиш яц къаьстина дийцарехь и лелаяран ша-тайпа бух гайтинчула тӀехь. Билггал файл дӀаяккхаран сацам къийса йиш ю ВП:ВУС мегардолу агӀонехь. Къийсамехь гайта деза и файл лелаяр ВП:КДИ барамашца догӀуш хилар. Тидам бан деза цхьадолу масаллашна юкъаралло тӀе ца тайра. И бохург ду юкъараллон ца тайна барамашца лелош йолуш йолу файлашехь даггара пайда эцаран бакъо къаьстина дицарехь къасто езаш хилар.

Бакъонаш юкъара дӀадаккхар

[нисйан]

ХӀокху бакъонаш юкъара дӀадаккхар ян йиш хила тарло хӀора хилларг ша-ша къастийча а, юкъаралло реза хилча а. Юкъараллос бакъдан деза и файл лелаяр коьрта Ӏалашоца догӀуш хилар — маьрша энциклопеди кхоллар. Масалан, юкъара дӀадаккхар хила тарло хийца файлаш лохуш юкъаралегара гӀо оьшуш йолу маьрша йоцу файлаш юкъахь йолу категори.

Билгалдахарш

[нисйан]
  1. Маьрша йоцу материал — маьрша культурин произведенин къастаманца ца йогӀу материал.
  2. Википедин цхьадолу меттан декъашкахь маьрша йоцу файлаш цхьанне а агӀор магийна яц. Ма-дарра хьажа обзорехь No free content on Wikimedia projects.
  3. Даггара пайда эцаран концепцина Россиехь юкъайогӀуш яц арахецаз йолу а, бакъо йоцуш арахецна а материалаш.
  4. Список олуш хенахь дагахь ю хӀора файлан кеззига кхеторан текст йолуш файлан гулам.
  5. Галерея олуш дагахь ю юккъера маьӀан долуш галерея иза мухха а кхоьллина елахь (<gallery> тэгца а, таблицица а, я муьлхха кхоьчу некъаца).
  6. Маьрша йоцу файлаш юкъайоду категорехь хоттош хила еза тэг .