Британин музей

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Британин музей
Логотип
Логотип
British Museum from NE 2 (cropped).JPG
Кхоьллина терахь 1753
Директор Гартвиг Фишерceen
Сайт britishmuseum.org
Commons-logo.svg Британин музей Викилармехь

Британин музей (инг. the British Museum) — Британин империн (хӀинца — Йоккха Британин) коьрта историкан-археологин музей, дуьненан яккхийчу музейх цхьаъ, исбаьхьаллин музейшна юкъахь хьовсархойн барамца шолгӀа музей, Луврал тӀаьхьа[1]. Лаьтта Лондонан Блумсбери кӀоштахь,.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Британин музей кхоьллина 1753 шарахь кхаа коллекцийн бух тӀехь — гӀараваьлла британин лоьран а, натуралистан а Слоун Хэнсан коллекцеш[2], граф Харли Робертан коллекцеш, ткъа иштта антиквар Коттон Робертан библиотекех, цунах бух бира Британин библиотеко. Музей кхоллар чӀагӀдира Британин парламентан акто.

Юьхьанца музей яра Монтегю-хаусеceen — лондонан Блумсбери кIоштарчу аристократийн цIа чохь. Из адIайиллира хьовсархошна 1759 шарахь. Гайтам шорбелира Гамильтон Уильямера (1772) тIеэцна антикан кхабанаш бахьнехь. Царех олура Гревилан (1810) минералийн коллекцера Таунлин мармараш (1804, 1814). 1814—1815 шерашкахь парламенто схьаийцира лорд Эльджинера Афинан Парфенонера мах боцу исбаьхьаллаш. Дукхаха йолу музейно эцнарш (масала, Розеттан тIулг) кхечира Ингалсе шеконан хьолашца. Греци а, Мисар а, шайна чуьра араяьхна шира иэсаш, юха ерзаяр доьхуш ю, хIинца а.

Британин музейн керт, гуо бина Н. Фостеран бойн пардонца

XIX бIешарахь Британин музей чIогIа баккхий кхиаран мур бара. Гулам бийкъира дакъошка, царна юкъахь нумизматикан, цунна чохь дара тайп-тайпанчу мехкийн а, муьрийн а нахараш, мидалш, шайна юкъахь ширагрекийн, шираруман, гIажарийн, ткъа иштта паччахьан Георг IV-гIачун коллекци а. Зоологин, ботаникан, геологин, минералогин дакъош дара паччахь-аьзни Виктори йолуш къастийна башха IаламIаморан музейн, уьш 1845 шарахь дехьадехира Къилба Кенсингтоне. Монтегю-хаусан меттехь 1823—1847 шерашкахь йира классицизман хотIехь хIинца йолу музейн гIишло (архитектор Роберт Смёрк).

XX бIешеран хьалхарчу декъехь Британин музейно шорбира шайн гергарчу малхбузан исбаьхьаллин гуламаш британин археологаш Месопотамехь дукха ахкарш дар бахьнехь. Ширамалхбузан исбаьхьаллин дакъано, уггаре а шен мехала гулам бахьнехь, баркалла ала деза А. Стейнан а, П. Дэвидан а. 1926 шарахь дуьйна Британин музейно арахоьцу хIоракварталан журнал «British Museum Quarterly». XX бIешо чекхдолуш хийцира чоьхьара планировка Фостер Норманан проектца.

Н. Накоряковн дагалецамашца, Ленина олура Британин музейх «Ингалсо колонийн мехкашкара лачкъийна боккха бахаман гулам»[3].

Библиотека[нисъе | нисъе чухулара]

Юьхьанца дуьйна а коьрта музейн хазна цуьнан библиотека яра, Йоккха Британехь уггаре йоккханиг. Британин музейн дешаран зал яра 1850-гIа шерашкахь дуьйна ша лаьттачу гIишло-ротонди чохь, цигахь болх бина Карл Маркса а, В. И. Ленина а. XX бIешарахь библиотеке кхечира чIогIа шира зорбанан жайнаш а, буддийн тептарш а Дуньхуанера, Синайн кодекс Пиетарбухера, юьззина гебраистикан текстийн коллекци. 1972 ш. Британин парламенто сацам бира библиотека музейх дIакъасто, ша лаьттачу гIишло чу а йоккхуш. Иштта дуьнен тIеелира Британин библиотека.

Исбаьхьаллин говзаллаш[нисъе | нисъе чухулара]

Музей юьхьанца Шира Грецин а, Шира Руман шираллаш гулъян йиллинера. Археологин карийначаьрца а, говзаллин хIуманашца а цхьаьна, ткъа уьш яхьара Лондоне массо а маьIIера Британин империн колонин агенташа, музей юзура массо а муьрийн суьртех, гравюрех, мидалех, нахартех, жайнех.

Сурт Дакъа Гуламан жовхарш
Розеттан тIулг Шира Мисар а, Нуби а
Оксусан хІазнера вордан модель Шира Малхбале

Іиракъал арахьара Месопотамин уггаре ширачу хІуманийн гулам:

Пасхан г\айренан иэс Малхбален а, Къилбан а Ази, Африка, Месоамерика, Океани
Нереидан монументан туойина фасад Шира Греци а, Шира Рум а
Льюис г\айрен т\иера шахматаш Йоккха Британи а, Континентан Европа а

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Рейтинг посещаемости музеев и выставок // The Art Newspaper Russia № 4 (23). — 2014. — май.
  2. Британский музей // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  3. Усыскин, Г. С. Ленин, годы Великого пролога, 1905—1907. — Изд-во полит. лит-ры, 1984. — С. 343.