Бондаренко Роман
Бондаренко Роман | |
---|---|
белорус. Раман Ігаравіч Бандарэнка | |
![]() | |
Бакъ цӀе | белорус. Раман Ігаравіч Бандарэнка |
ГӀуллакхан тайпа | Исбаьхьалча |
Вина терахь | 1989 шеран 1 август |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 2020 шеран 12 ноябрь (31 шо) |
Кхелхина меттиг | |
![]() |
Бондаренко Роман Игоревич (белорусийн маттахь Раман Ігаравіч Бандарэнка) – белорусийн менеджер а, жигархо а. Вина Минскехь 1989-чу шеран хьаьттан-беттан (августан) 1-чу дийнахь. 2020-чу шарахь Белорусехь президентан харжамашна дуьхьал хиллачу протесташца йоьзна йу цуьнан Ӏожалла. Массийн хаамийн гӀирсаш дийцарехь, нуьцкъаллийн структурийн белхахоша та1зар динчул тӀаьхьа велира иза[1].
Telegram-татол чохь Романан тӀаьххьара смс-хаам «Я выхожу» («Со араволуш ву») бара. Таханлерачу дийнахь и дешнаш цхьаболчу протестийн декъашхоша кхайкхам (лозунг) санна лелош ду[2].
Йукъараллин реакци[нисйе бӀаьра | нисйе]
Лахьанан-беттан (ноябран) 12-чохь, суьйранна, масийтта эзар стаг «хийцамийн майдане» веара. Лахьанан-беттан 15-гӀачу дийнахь Минскехь а, кхийолу шахьаршкахь а «Я выхожу» («Со араволуш ву») цӀе йолу маршаш дӀайаьхьира. Уьш Бандаренко Раманан а, протесташкахь хӀаллакхиллачарна а сийнна хӀоттийна йара[3].
2020-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 20-чу дийнахь Роман Къилбаседан (Северное) кешнашкахь дӀавоьллира. Масийтта эзар стаг веара цуьнан тезете. Наха «Жыве Беларусь! » («Декъала хуьлда Беларусь!») а, «Дицлур дац, къинтӀера довлар дац!» а, «Рома, хьо турпалхо ву» а, «Со араволуш ву» дешдакъошца мохь беттара[4].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Орлова, Ольга (2020-11-20). «Вышел и не вернулся» (ru). Брестская газета (47 (936)): 8. Теллина 2020-11-21.
- ↑ Боль и скорбь. Что происходит в стране 13 ноября (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). TUT.BY (2020, 13 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 17 ноябрехь. Теллина 2020 шеран 18 ноябрехь.
- ↑ «Все в шоке, понимаете?» Как тысячи минчан несли цветы во «двор перемен» в память об умершем соседе (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). TUT.BY (2020, 13 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 17 ноябрехь. Теллина 2020 шеран 18 ноябрехь.
- ↑ Служба информации «БГ» (2020-11-20). «В Бресте задерживали на улице, в Барановичах — в аптеке» (ru). Брестская газета (47 (936)): 3. Теллина 2020-11-24.
Кхечу Википедехь кхин йуьззина агӀо йу Бондаренко, Роман Игоревич(оьр.) |