Берцахилар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Берцахилар — шайн бераш доцучу стеган йа зудчун-майрачун хьал[1][2]. Берцахиларан долара, социалан йа политикин маьӀна ду.

Берцахилар хила тарло ша шен лаамехь бина харжам а, кхин а адамех ца дозу хьелаш а. Цу тӀе къастадо шен лаамца берцахилар (чайлдфри) а, антинатализм, цуьнца берцахилар дика лору.

Берцахиларан бахьнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шен лаамца[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаамаза[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гинекологин баланаш, царна йукъахь хьалхара пхьораллехь хилла физикин чевнаш а.
  • Социалан, оьздангаллин, бакъонийн нормий Ӏаткъам:
  • стечунна боьрша накъост йа боьршачунна стен накъост ца хилар
  • бер дола доккхуш хуьлу социалан-бакъонийн дуьхьалонаш, масала, шеш Ӏаш болчарна бер дола ца даккхийтар.
  • Экономикин йа социалан Ӏаткъам, йуьхьанца карьерин ламин тӀехула билгала тӀегӀане а кхаьчна, тӀаккха бер дийр ду аьлла агӀор сацар, цуо бердаран хенера баха таро алсама йоккху.
  • Бер дан йа кхио таро хир йац аьлла шеконе даьккхина, финансий йа кхин бахамийн резерваш ца тоар:
  • Доьзалера а, йукъараллера а гӀо доцуш финансийн резерваш ца тоар.
  • Медицинин гӀоьне кхача гена хилар (дукха хьолехь цхьаьна догӀу финансаш ца тоарца).
  • Белхан график йа медицинин гайтамашца бахамехь оьшу гӀо ца хилар.
  • Накъостанна, иза дерриг а долуш, пхьор дан йа бераш кхио ца лаар (цунна йукъахь бер дало ца лаар а).

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]