Окуев, Шима Хамидович — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
ж Bot: Migrating 2 interwiki links, now provided by Wikidata on d:q4333288 (translate me)
МогӀа 35: МогӀа 35:
Муса Ахмадов. Так течет и Аргун... Журнал «Вайнах», №11, 2007, с. 12-15.
Муса Ахмадов. Так течет и Аргун... Журнал «Вайнах», №11, 2007, с. 12-15.


[[ru:Окуев, Шима Хамидович]]
[[eo:Ŝima Okuev]]
[[Кадегар:Нохчийн яздархой]]
[[Кадегар:Нохчийн яздархой]]

Верси 2013, 8 март, 15:04

Шима Окуев — нохчийн яздархо, Нохч-Г1алг1ай АССРн а, СССРн а яздахойн тобаний декъашхо.

Вахар

Шима вина 1937 шарахь.

Цуьна да Хьамид Нохч-Г1алг1айн обкоман белхало вара. Цо ч1оьг1а дакъа лоцура цу хенахь эдало бешболу хийцамашкахь. 1937 шарахь иза «халкъан мостаг1» ву аьлла чувоьллира. Хьамид 1952 шарахь Алма-Атахь шен доьзулах д1акхеттачулт1ехь кхелхира.

Нохчий ц1ера бохучу хенахь Шима ворх1 шо долуш вара. 1954 шарахь ворх1 класс чекхъеккхинчул техь иза шахте вахара. Цигахь цо ц1а верзалца болх бира. 1957 шарахь иза ц1авирзира. Цу хенахь иза язъя волавелира. Нохч-Г1алг1айн паччалкхан педагогически институтан филологически факультет чекхъеккхира цо. Арми д1авиггалца цо «Ленинхо» аьлла районны газетахь болх бира.

Армера ц1а веанчул техь цо чекхъеккхира Лакхара партийны школехь ойлу советски белхалойн кечбеш йолу курсаш. Цул техь цо болх бира райкомехь, школашкахь, редакцишкахь.

1973 шарахь ч1ог1а цомгаш хилла, болх бита дизира цуьна. Таккха иза литературан балх т1евирзира иза. И болх ша 1986 шарахь валлалц д1акхихьира цо.

Библиографи

  • «Сан Шуьйта» — 1962 шо;
  • «Честь, опозоренная местью» — 1964 шо;
  • байтан сборник «Сан безам» («Моя любовь») — 1968;
  • «Чорин дийцарш» — 1969 шо (г1аскхий маттан яккхина арахаьцна 1971 шарахь);
  • байтан сборник «Лаьмнийн аз» — 1972 шо;
  • роман-дилоги «Лай тIехь цIен зезагаш» — 1978 шо;
  • «Лаьттан дай» — 1981 шо.
  • роман-трилоги:

Т1аьххьара ши роман автор веллачул техь араялла.

Хьажоригаш

Литература

Муса Ахмадов. Так течет и Аргун... Журнал «Вайнах», №11, 2007, с. 12-15.